Мусхаф., агӏо 60

  1. وَإِنَّ مِنْهُمْ لَفَرِيقًا يَلْوُونَ أَلْسِنَتَهُمْ بِالْكِتَابِ لِتَحْسَبُوهُ مِنَ الْكِتَابِ وَمَا هُوَ مِنَ الْكِتَابِ وَيَقُولُونَ هُوَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ وَمَا هُوَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ وَيَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُمْ يَعْلَمُونَ

    Баккъалла а, царах ма ю цхьа тоба шайн меттанашца хуьйцуш /Делан/ жайна‚ иза шуна /Делан/ жайнах ду моттийта. Ма дац и /Делан/ жайнах. Цара олу: 'И Делера ду', ма дац и Делера. Уьш олуш бу-кх Далла тхь харцдерг‚ шайна хуъушехь

    3:78
  2. مَا كَانَ لِبَشَرٍ أَنْ يُؤْتِيَهُ اللَّهُ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ ثُمَّ يَقُولَ لِلنَّاسِ كُونُوا عِبَادًا لِي مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَٰكِنْ كُونُوا رَبَّانِيِّينَ بِمَا كُنْتُمْ تُعَلِّمُونَ الْكِتَابَ وَبِمَا كُنْتُمْ تَدْرُسُونَ

    Адамна там бац Дала шега жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а делча‚ āла нахе: 'Шу хила сан леш‚ Дела а витий'. Мухха делахь а‚ там бу цара āла: 'Шу хила шаьш жайна /нахана/ Iамош хиларца‚ шаьш иза /шайна/ мадеш хиларца кIорггера Iеламнах'

    3:79
  3. وَلَا يَأْمُرَكُمْ أَنْ تَتَّخِذُوا الْمَلَائِكَةَ وَالنَّبِيِّينَ أَرْبَابًا ۗ أَيَأْمُرُكُمْ بِالْكُفْرِ بَعْدَ إِذْ أَنْتُمْ مُسْلِمُونَ

    Цо шуьга омра дан там бац маликех а‚ пайхамарех а деланаш леца‚ аьлла. Ткъа цо шуьга омра дийр ду, ма теша, аьлла‚ шу муьтIахь хиллачул тIаьхьа?

    3:80
  4. وَإِذْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ النَّبِيِّينَ لَمَا آتَيْتُكُمْ مِنْ كِتَابٍ وَحِكْمَةٍ ثُمَّ جَاءَكُمْ رَسُولٌ مُصَدِّقٌ لِمَا مَعَكُمْ لَتُؤْمِنُنَّ بِهِ وَلَتَنْصُرُنَّهُ ۚ قَالَ أَأَقْرَرْتُمْ وَأَخَذْتُمْ عَلَىٰ ذَٰلِكُمْ إِصْرِي ۖ قَالُوا أَقْرَرْنَا ۚ قَالَ فَاشْهَدُوا وَأَنَا مَعَكُمْ مِنَ الشَّاهِدِينَ

    Дала барт бира пайхамаршца: 'ХIара Ас шуьга делларг ду жайнах а‚ хьекъалаллах а. ТIаккха вогIур ву шуьга элча‚ шуьгахь дерг бакъдеш волу. Шу билггала тешар ду цунах‚ аш цунна гIо а дийр ду'. /Дала/ элира: 'Аш чIагIдирий‚ ийцирий аш цунна тIехь Сан ваIда?' Цара элира: 'ЧIагIдина оха'. Элира /Дала/: 'Тешалла де‚ Со а ву шуьца тешалла деш болчарех'

    3:81
  5. فَمَنْ تَوَلَّىٰ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Цул тIаьхьа юхабевлларш – уьш ма бу фасикъаш

    3:82
  6. أَفَغَيْرَ دِينِ اللَّهِ يَبْغُونَ وَلَهُ أَسْلَمَ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ طَوْعًا وَكَرْهًا وَإِلَيْهِ يُرْجَعُونَ

    Ткъа Делан дин /Ислам/ дуьтий, кхин дин лоьху цара (жайнан охано)? Цунна (Далла) муьтIахь ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, шена лууш а‚ ца лууш а‚ Цуьнга уьш дIаберзор болуш а ма бу

    3:83

Гочдар: Магомед Магомедов