Мусхаф., агӏо 592
-
بَلْ تُؤْثِرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
ХIаъ! Аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/!
87:16 -
وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ
Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара!
87:17 -
إِنَّ هَٰذَا لَفِي الصُّحُفِ الْأُولَىٰ
Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь дерг а‚
87:18 -
صُحُفِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ
ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а
87:19 -
هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ الْغَاشِيَةِ
Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ дIалоцучун хабар?
88:1 -
وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ خَاشِعَةٌ
Цхьа яххьаш оцу дийнахь сийсаза хир ю‚
88:2 -
عَامِلَةٌ نَاصِبَةٌ
Къахьоьгуш‚ кIадъелла‚
88:3 -
تَصْلَىٰ نَارًا حَامِيَةً
Евхачу цIергахь егаш‚
88:4 -
تُسْقَىٰ مِنْ عَيْنٍ آنِيَةٍ
Шайна цIийдинчу хьостера хи малош
88:5 -
لَيْسَ لَهُمْ طَعَامٌ إِلَّا مِنْ ضَرِيعٍ
Даар хир дац царна кIохцалах бен
88:6 -
لَا يُسْمِنُ وَلَا يُغْنِي مِنْ جُوعٍ
Цо барстор бац /уьш/‚ мацаллах хьалхабохур а бац
88:7 -
وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَاعِمَةٌ
Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь ниIмат хьоьгуш
88:8 -
لِسَعْيِهَا رَاضِيَةٌ
Шаьш /дуьненахь йолуш Далла гIуллакхдарехь/ къахьегарна реза йолуш
88:9 -
فِي جَنَّةٍ عَالِيَةٍ
Лекхачу бешахь /ялсаманехь хир ю уьш/
88:10 -
لَا تَسْمَعُ فِيهَا لَاغِيَةً
Царна хозур дац цу чохь даьсса хабарш
88:11 -
فِيهَا عَيْنٌ جَارِيَةٌ
Цу чохь оьхуш шовда хир ду
88:12 -
فِيهَا سُرُرٌ مَرْفُوعَةٌ
Цу чохь айдина маьнганаш хир ду
88:13 -
وَأَكْوَابٌ مَوْضُوعَةٌ
Охьадихкина кедаш хир ду
88:14 -
وَنَمَارِقُ مَصْفُوفَةٌ
МогIица дихкина гIайбанаш хир ду
88:15 -
وَزَرَابِيُّ مَبْثُوثَةٌ
Даржина кузаш а хир ду
88:16 -
أَفَلَا يَنْظُرُونَ إِلَى الْإِبِلِ كَيْفَ خُلِقَتْ
Уьш ца хьовсу эмкале‚ иза муха кхоьллина ю?
88:17 -
وَإِلَى السَّمَاءِ كَيْفَ رُفِعَتْ
Стигале‚ иза муха аййина ю?
88:18 -
وَإِلَى الْجِبَالِ كَيْفَ نُصِبَتْ
Лаьмнашка‚ уьш муха доьгIна ду?
88:19 -
وَإِلَى الْأَرْضِ كَيْفَ سُطِحَتْ
Лаьтте‚ иза муха даржина ду /тодина нахана пайда эца/?
88:20 -
فَذَكِّرْ إِنَّمَا أَنْتَ مُذَكِّرٌ
Хьехам бе /хIай Мухьаммад/! Хьо, баккъалла а, хьехамча ма вуй!
88:21 -
لَسْتَ عَلَيْهِمْ بِمُصَيْطِرٍ
Хьо царна тIе хIоттийна хьаькам ма вац
88:22 -
إِلَّا مَنْ تَوَلَّىٰ وَكَفَرَ
Ша дIавирзинарг /хьехамах/‚ керстаналла динарг а воцучунна /хьехам бе/
88:23 -
فَيُعَذِّبُهُ اللَّهُ الْعَذَابَ الْأَكْبَرَ
Цунна Дала Iазап дийр ду вуно доккхачу Iазапаца
88:24 -
إِنَّ إِلَيْنَا إِيَابَهُمْ
Баккъалла а, Тхуна тIе церан дIадерзар ду
88:25 -
ثُمَّ إِنَّ عَلَيْنَا حِسَابَهُمْ
ТIаккха баккъалла а, Тхуна тIехь церан хьесап ду
88:26
Гочдар: Магомед Магомедов