Мусхаф., агӏо 61
-
قُلْ آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ عَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَالنَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Ахь āла: 'Тешна ду тхо Делах а‚ тхоьга доссийнчух а‚ ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ Яъубе а‚ цуьнан берашка доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а, /кхечу/ пайхамаршка а шайн Кхиош-кхобучуьнгара деллачух а. Царах цхьа а къаста ца во оха‚ тхо Цунна (Далла) муьтIахь ду'
3:84 -
وَمَنْ يَبْتَغِ غَيْرَ الْإِسْلَامِ دِينًا فَلَنْ يُقْبَلَ مِنْهُ وَهُوَ فِي الْآخِرَةِ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Ислам доцург /кхин/ дин дезаш верг – къобалдийр дац иза цуьнгара‚ эхартахь иза эшначарех ма ву
3:85 -
كَيْفَ يَهْدِي اللَّهُ قَوْمًا كَفَرُوا بَعْدَ إِيمَانِهِمْ وَشَهِدُوا أَنَّ الرَّسُولَ حَقٌّ وَجَاءَهُمُ الْبَيِّنَاتُ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Муха нисдийр ду Дала шаьш ийман диллинчул тIаьхьа а, /Мухьаммад/ элча бакъхиларан тешаллаш гинчул тьхьа а, шайга билгалонаш еъначул тьхьа а керстаналла дина долу къам? Цу Дала нис ма ца до зуламе къам
3:86 -
أُولَٰئِكَ جَزَاؤُهُمْ أَنَّ عَلَيْهِمْ لَعْنَةَ اللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ
Уьш бу шайна бекхам Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неIалт дерш
3:87 -
خَالِدِينَ فِيهَا لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ
Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу /нелта/ чохь. Ойур дац царна тIера Iазап‚ тIаьхьа а тоттур бац уьш‚ –
3:88 -
إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Цул тIаьхьа тōба динарш а, тIаккха дика Iамалш йинарш а бен. Баккъалла а‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ма ву
3:89 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بَعْدَ إِيمَانِهِمْ ثُمَّ ازْدَادُوا كُفْرًا لَنْ تُقْبَلَ تَوْبَتُهُمْ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الضَّالُّونَ
Баккъалла а, шаьш ийман диллинчул тIаьхьа ца тешаш хилларш‚ тIаккха цатешарца совбуьйлуш берш – церан тōба къобалдийр ма дац. Уьш ма бу тилбелларш
3:90 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَمَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ فَلَنْ يُقْبَلَ مِنْ أَحَدِهِمْ مِلْءُ الْأَرْضِ ذَهَبًا وَلَوِ افْتَدَىٰ بِهِ ۗ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
Баккъалла а, /Мухьаммад элча хиларна/ инкарло йинарш‚ /тккха оцу/ керстаналлина тхь белларш – царах цхьаьнгара а доьцур ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Iазап ма ду. Ма бац царна гIоьнчий
3:91
Гочдар: Магомед Магомедов