Мусхаф., агӏо 62

  1. لَنْ تَنَالُوا الْبِرَّ حَتَّىٰ تُنْفِقُوا مِمَّا تُحِبُّونَ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ شَيْءٍ فَإِنَّ اللَّهَ بِهِ عَلِيمٌ

    Цкъа а мела кхочур бац шуна, аш сагIина луш йолу хма шайна езачух елча а бен. Аш сагIина луш йолу хIума – баккъалла а, Дела и хууш ма ву

    3:92
  2. كُلُّ الطَّعَامِ كَانَ حِلًّا لِبَنِي إِسْرَائِيلَ إِلَّا مَا حَرَّمَ إِسْرَائِيلُ عَلَىٰ نَفْسِهِ مِنْ قَبْلِ أَنْ تُنَزَّلَ التَّوْرَاةُ ۗ قُلْ فَأْتُوا بِالتَّوْرَاةِ فَاتْلُوهَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Массо а кхача хьанал хилла Исраилан кIенташна‚ Исраила шен дегIана ша хьарам бина боцург‚ Таврат доссале хьалха. Ахь āла: 'Таврат дохьуш дуьйла‚ деша и, шаьш бакълуьйш делахь'

    3:93
  3. فَمَنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    Цул тIаьхьа Далла тIехь харцдерг кхоьллинарш – уьш бу зуламхой

    3:94
  4. قُلْ صَدَقَ اللَّهُ ۗ فَاتَّبِعُوا مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ахь āла: 'Бакълийна Дела‚ шу тIаьхьахIитта ИбрахIиман миллатана‚ ша бакъ-цIена тешаш хилла волчу. Ца хилла и /Делаца/ накъост лоьцучарех'

    3:95
  5. إِنَّ أَوَّلَ بَيْتٍ وُضِعَ لِلنَّاسِ لَلَّذِي بِبَكَّةَ مُبَارَكًا وَهُدًى لِلْعَالَمِينَ

    Баккъалла а, нахана /бадат дан/ хIоттийна хилла долу дуьххьарлера цIа- ду Баккатехь дерг: беркате а‚ нийса некъ а ларалуш массо а Iаламашна

    3:96
  6. فِيهِ آيَاتٌ بَيِّنَاتٌ مَقَامُ إِبْرَاهِيمَ ۖ وَمَنْ دَخَلَهُ كَانَ آمِنًا ۗ وَلِلَّهِ عَلَى النَّاسِ حِجُّ الْبَيْتِ مَنِ اسْتَطَاعَ إِلَيْهِ سَبِيلًا ۚ وَمَنْ كَفَرَ فَإِنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ عَنِ الْعَالَمِينَ

    Цу чохь билггала аяташ ду: ИбрахIиман меттиг. Цунна чоьхьа ваьлларг маьрша хилла. Нах Далла декхар бу хьаьжалла дихка‚ шайн некъаца ницкъ кхачахь. Милла а тешаш вацахь – и Дела цхьа а лам ца хилча а волу

    3:97
  7. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَاللَّهُ شَهِيدٌ عَلَىٰ مَا تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: 'ХIай жайнан охIла‚ шу хIунда ца теша Делан аятех‚ и Дела теш ма ву аш деш долчунна тIехь?'

    3:98
  8. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ مَنْ آمَنَ تَبْغُونَهَا عِوَجًا وَأَنْتُمْ شُهَدَاءُ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: 'ХIай жайнан охIла‚ аш хIунда дIатоьтту Делан некъа тIера ийман диллинарг? Шу ду лууш и гамбан‚ шу шаьш ма дуй /цунна тIехь/ тешаш'. Ма вац и Дела тергал ца деш аш деш дерг

    3:99
  9. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تُطِيعُوا فَرِيقًا مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ يَرُدُّوكُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ كَافِرِينَ

    ХIай ийман диллинарш‚ шу шайга жайна деллачеран /цхьана/ тобанна муьтIахь хилахь‚ цара ддерзор ду шу керстаналлина тIе, аш ийман диллинчул тIаьхьа

    3:100

Гочдар: Магомед Магомедов