Мусхаф., агӏо 64

  1. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Делан долахь ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш

    3:109
  2. كُنْتُمْ خَيْرَ أُمَّةٍ أُخْرِجَتْ لِلنَّاسِ تَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَتَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَتُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ ۗ وَلَوْ آمَنَ أَهْلُ الْكِتَابِ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ ۚ مِنْهُمُ الْمُؤْمِنُونَ وَأَكْثَرُهُمُ الْفَاسِقُونَ

    Шу хилла нахана юкъадаьллачех уггар дика уммат: диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш‚ Делах тешаш. Жайнан охIла тешна хиллехьара‚ царна дика хир дара. Царах тешарш а бу‚ царах дукхахберш фасикъаш ма бу

    3:110
  3. لَنْ يَضُرُّوكُمْ إِلَّا أَذًى ۖ وَإِنْ يُقَاتِلُوكُمْ يُوَلُّوكُمُ الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يُنْصَرُونَ

    Цара шуна данне а зен дийр дац‚ цатам бахь бен. Шух латахь а – шайн баккъаш берзор бу цара шуна (эшна бухабевр бу уьш)‚ тIаккха царна гIо дийр дац

    3:111
  4. ضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ الذِّلَّةُ أَيْنَ مَا ثُقِفُوا إِلَّا بِحَبْلٍ مِنَ اللَّهِ وَحَبْلٍ مِنَ النَّاسِ وَبَاءُوا بِغَضَبٍ مِنَ اللَّهِ وَضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ الْمَسْكَنَةُ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانُوا يَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَيَقْتُلُونَ الْأَنْبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ ۚ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَوْا وَكَانُوا يَعْتَدُونَ

    Царна тIекхоьссина сийсазалла‚ уьш миччахьа хиллехь а‚ Делера ваийца а‚ нахера ваийца а уьш бацахь. Делера оьгIазаллина тIекхиира уьш‚ тIекхоьссира царна мискалалла. Иза – уьш хилла хиларна Делан аятех ца тешаш‚ байа хьакъ боцуш‚ пайхамарш бойуш. Иза – цара Iесалла ярна а‚ уьш дозанех бевлла хиларна а ду

    3:112
  5. لَيْسُوا سَوَاءً ۗ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ أُمَّةٌ قَائِمَةٌ يَتْلُونَ آيَاتِ اللَّهِ آنَاءَ اللَّيْلِ وَهُمْ يَسْجُدُونَ

    Цхьатерра бац уьш. Жайнан охIланах ю цхьа /нийса/ хIоьттина йолу тоба: цара Делан аяташ доьшу буьсанан заманчохь, цара сужуд до /Далла/

    3:113
  6. يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَيَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَيُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَأُولَٰئِكَ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Уьш тешаш бу Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ диканиг хьоьхуш бу‚ вочух /нах/ духатухуш бу‚ сихлуш бу уьш дика хIуманаш дан – уьш бу дикачарех

    3:114
  7. وَمَا يَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَلَنْ يُكْفَرُوهُ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالْمُتَّقِينَ

    Цара дина диканиг – керстадийр дац и царна (къобал ца деш дуьтур дац), и Дела ма ву бевзаш /Шех/ кхоьруш берш

    3:115

Гочдар: Магомед Магомедов