Мусхаф., агӏо 65

  1. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَنْ تُغْنِيَ عَنْهُمْ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۖ وَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۚ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а, церан доьзалша а царах хIумма а духатухур дац Делера. Уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай, уьш цу чохь даима лаьттар бу

    3:116
  2. مَثَلُ مَا يُنْفِقُونَ فِي هَٰذِهِ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا كَمَثَلِ رِيحٍ فِيهَا صِرٌّ أَصَابَتْ حَرْثَ قَوْمٍ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ فَأَهْلَكَتْهُ ۚ وَمَا ظَلَمَهُمُ اللَّهُ وَلَٰكِنْ أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Гергарчу /дуьненан/ дахарехь цара (керстанаша) йина харж тера ю шеца чIогIа шело йолчу махах, шайна зулам динчу нехан ялтина хьекхна болчу - цо и хIаллакдина. Дала зулам ца дина царна, мухха делахь а, шаьш зулам деш бу уьш шайна

    3:117
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا بِطَانَةً مِنْ دُونِكُمْ لَا يَأْلُونَكُمْ خَبَالًا وَدُّوا مَا عَنِتُّمْ قَدْ بَدَتِ الْبَغْضَاءُ مِنْ أَفْوَاهِهِمْ وَمَا تُخْفِي صُدُورُهُمْ أَكْبَرُ ۚ قَدْ بَيَّنَّا لَكُمُ الْآيَاتِ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْقِلُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца шайн /даггара/ доттагIий, шаьш доцурш. Шун гIуллакхаш дохо жигара хуьлу уьш, шуна халонаш хуьлийла лаьа царна. ОьгIазалла гучуяьлла церан багахула, церан дегнаша хьулдинарг кхин а доккха ду. Аяташ билгалдаьхна Оха шуна, шу хьекъале хиллехь

    3:118
  4. هَا أَنْتُمْ أُولَاءِ تُحِبُّونَهُمْ وَلَا يُحِبُّونَكُمْ وَتُؤْمِنُونَ بِالْكِتَابِ كُلِّهِ وَإِذَا لَقُوكُمْ قَالُوا آمَنَّا وَإِذَا خَلَوْا عَضُّوا عَلَيْكُمُ الْأَنَامِلَ مِنَ الْغَيْظِ ۚ قُلْ مُوتُوا بِغَيْظِكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    ХIай шу! Уьш безаш ду шу, царна шу ца деза. Шу теша массо а жайнах. Шуна дуьхьалкхетча‚ цара олу: 'Тхо ийман диллина ду '. /Шаьш шух/ дIатилча, шайн пIелгех цергаш юьхку цара оьгIазлонца. Ахь āла: 'Са дала шу шайн оьгIазаллица. И Дела хууш ма ву дегнашкахь дерг'

    3:119
  5. إِنْ تَمْسَسْكُمْ حَسَنَةٌ تَسُؤْهُمْ وَإِنْ تُصِبْكُمْ سَيِّئَةٌ يَفْرَحُوا بِهَا ۖ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لَا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا ۗ إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ

    Шух диканиг кхетча, цо вон до царна, шуна вон хилча, цунах баккхийбе уьш. Аш собар дахь, шу Делах кхерахь, церан мекарлоно хIумма а зен дийр дац шуна. И Дела цара деш дерг дерриге а чулоцуш ма ву

    3:120
  6. وَإِذْ غَدَوْتَ مِنْ أَهْلِكَ تُبَوِّئُ الْمُؤْمِنِينَ مَقَاعِدَ لِلْقِتَالِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    /Ахь дагадайта, хй Мухьаммад/: хьо ьйрана ара ма велира хьайн доьзал болчура /тман кечамна/, муъмина нах тIамна дIанисбеш, ткъа Дела хезаш верг а, хууш верг а ма ву

    3:121

Гочдар: Магомед Магомедов