Мусхаф., агӏо 66

  1. إِذْ هَمَّتْ طَائِفَتَانِ مِنْكُمْ أَنْ تَفْشَلَا وَاللَّهُ وَلِيُّهُمَا ۗ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ

    Шух шина тобанна дагчу еара осалалла (кхерабевлла тIамах юхабовла ойла хилира церан), лиира дIасадаржа. И Дела ма ву церан гIоьнча. Далла тIетевжийла муъмина нах

    3:122
  2. وَلَقَدْ نَصَرَكُمُ اللَّهُ بِبَدْرٍ وَأَنْتُمْ أَذِلَّةٌ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Дала гIо ма дира шуна Бадрехь, шу ледара долуш. Делах кхера‚ шу хила мегара шукур деш

    3:123
  3. إِذْ تَقُولُ لِلْمُؤْمِنِينَ أَلَنْ يَكْفِيَكُمْ أَنْ يُمِدَّكُمْ رَبُّكُمْ بِثَلَاثَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُنْزَلِينَ

    Ахь олура муъмина нахе: 'Шуна тоам ца хуьлу шун Кхиош-кхобучо шаьш чIагIдича охьадоссийначу кхаа эзар маликаца?'

    3:124
  4. بَلَىٰ ۚ إِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا وَيَأْتُوكُمْ مِنْ فَوْرِهِمْ هَٰذَا يُمْدِدْكُمْ رَبُّكُمْ بِخَمْسَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُسَوِّمِينَ

    ХIан-хIа! Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тIе сихонца уьш (мостагIий) летача, шун Кхиош-кхобучо чIагIдийр ду шу пхеа эзар маликаца‚ Iаламаташ долчу

    3:125
  5. وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ لَكُمْ وَلِتَطْمَئِنَّ قُلُوبُكُمْ بِهِ ۗ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ

    И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш ийманца чIагIдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукам нийса деш волчу Делан гергара бен

    3:126
  6. لِيَقْطَعَ طَرَفًا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَوْ يَكْبِتَهُمْ فَيَنْقَلِبُوا خَائِبِينَ

    /И дина Дала/ ца тешаш болчеран цхьа агIо хадорхьама я уьш сийсазбархьама – дог диллина бухбевр бу уьш

    3:127
  7. لَيْسَ لَكَ مِنَ الْأَمْرِ شَيْءٌ أَوْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ أَوْ يُعَذِّبَهُمْ فَإِنَّهُمْ ظَالِمُونَ

    /Оцу/ гIуллакхах хIумма дац хьуна: я гечдер Цо царна‚ я Iазап дер – уьш зуламхой бу

    3:128
  8. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ يَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚ Шена луучунна гечдо Цо‚ шена луучунна Iазап до. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    3:129
  9. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَأْكُلُوا الرِّبَا أَضْعَافًا مُضَاعَفَةً ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Ма даа риба тх алсамдаккхарца. Делах кхера – шу даккхийде тарло

    3:130
  10. وَاتَّقُوا النَّارَ الَّتِي أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ

    Шу кхера цIерах‚ цатешачарна кечйина йолчу

    3:131
  11. وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Шу муьтIахь хила Далла а‚ элчанна а- шух къинхетам бан тарло

    3:132

Гочдар: Магомед Магомедов