Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал)
-
وَإِذْ غَدَوْتَ مِنْ أَهْلِكَ تُبَوِّئُ الْمُؤْمِنِينَ مَقَاعِدَ لِلْقِتَالِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
/Ахь дагадайта, хй Мухьаммад/: хьо ьйрана ара ма велира хьайн доьзал болчура /тман кечамна/, муъмина нах тIамна дIанисбеш, ткъа Дела хезаш верг а, хууш верг а ма ву
3:121 -
إِذْ هَمَّتْ طَائِفَتَانِ مِنْكُمْ أَنْ تَفْشَلَا وَاللَّهُ وَلِيُّهُمَا ۗ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Шух шина тобанна дагчу еара осалалла (кхерабевлла тIамах юхабовла ойла хилира церан), лиира дIасадаржа. И Дела ма ву церан гIоьнча. Далла тIетевжийла муъмина нах
3:122 -
وَلَقَدْ نَصَرَكُمُ اللَّهُ بِبَدْرٍ وَأَنْتُمْ أَذِلَّةٌ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Дала гIо ма дира шуна Бадрехь, шу ледара долуш. Делах кхера‚ шу хила мегара шукур деш
3:123 -
إِذْ تَقُولُ لِلْمُؤْمِنِينَ أَلَنْ يَكْفِيَكُمْ أَنْ يُمِدَّكُمْ رَبُّكُمْ بِثَلَاثَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُنْزَلِينَ
Ахь олура муъмина нахе: 'Шуна тоам ца хуьлу шун Кхиош-кхобучо шаьш чIагIдича охьадоссийначу кхаа эзар маликаца?'
3:124 -
بَلَىٰ ۚ إِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا وَيَأْتُوكُمْ مِنْ فَوْرِهِمْ هَٰذَا يُمْدِدْكُمْ رَبُّكُمْ بِخَمْسَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُسَوِّمِينَ
ХIан-хIа! Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тIе сихонца уьш (мостагIий) летача, шун Кхиош-кхобучо чIагIдийр ду шу пхеа эзар маликаца‚ Iаламаташ долчу
3:125 -
وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ لَكُمْ وَلِتَطْمَئِنَّ قُلُوبُكُمْ بِهِ ۗ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш ийманца чIагIдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукам нийса деш волчу Делан гергара бен
3:126 -
لِيَقْطَعَ طَرَفًا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَوْ يَكْبِتَهُمْ فَيَنْقَلِبُوا خَائِبِينَ
/И дина Дала/ ца тешаш болчеран цхьа агIо хадорхьама я уьш сийсазбархьама – дог диллина бухбевр бу уьш
3:127 -
لَيْسَ لَكَ مِنَ الْأَمْرِ شَيْءٌ أَوْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ أَوْ يُعَذِّبَهُمْ فَإِنَّهُمْ ظَالِمُونَ
/Оцу/ гIуллакхах хIумма дац хьуна: я гечдер Цо царна‚ я Iазап дер – уьш зуламхой бу
3:128 -
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ يَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚ Шена луучунна гечдо Цо‚ шена луучунна Iазап до. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву
3:129 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَأْكُلُوا الرِّبَا أَضْعَافًا مُضَاعَفَةً ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХIай ийман диллинарш! Ма даа риба тх алсамдаккхарца. Делах кхера – шу даккхийде тарло
3:130 -
وَاتَّقُوا النَّارَ الَّتِي أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ
Шу кхера цIерах‚ цатешачарна кечйина йолчу
3:131 -
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
Шу муьтIахь хила Далла а‚ элчанна а- шух къинхетам бан тарло
3:132 -
وَسَارِعُوا إِلَىٰ مَغْفِرَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ أُعِدَّتْ لِلْمُتَّقِينَ
Шу сихло шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ /Делах/ кхоьруш болчарна ша кечйина йолчу
3:133 -
الَّذِينَ يُنْفِقُونَ فِي السَّرَّاءِ وَالضَّرَّاءِ وَالْكَاظِمِينَ الْغَيْظَ وَالْعَافِينَ عَنِ النَّاسِ ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Ишттанаш бу уьш‚ шаьш сагIа доккхуш аьттонехь а‚ халонехь а‚ оьгIазло юхатухуш‚ нахана къинтIерабовлуш. Цу Далла беза дика берш
3:134 -
وَالَّذِينَ إِذَا فَعَلُوا فَاحِشَةً أَوْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ ذَكَرُوا اللَّهَ فَاسْتَغْفَرُوا لِذُنُوبِهِمْ وَمَنْ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إِلَّا اللَّهُ وَلَمْ يُصِرُّوا عَلَىٰ مَا فَعَلُوا وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Ишттанаш а бу уьш‚ шаьш цхьа вон къа дича я шаьш шайна зулам дича, Дела дагавогIуш‚ шайн къиношна гечдар доьхуш. Мила ву ткъа гечдийр долуш къинош ша Дела воцург? Шаьш динчунна (къина) тIе юха ца боьрзу уьш хаа а хууш
3:135 -
أُولَٰئِكَ جَزَاؤُهُمْ مَغْفِرَةٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَجَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَنِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ
Уьш бу шайн бекхам шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдар а‚ бошмаш а берш‚ шайн бухахь хиш оьхуш йолчу‚ царна чохь уьш гуттар а хир болуш. Ма хаза ял ю и Iамал ечарна!
3:136 -
قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِكُمْ سُنَنٌ فَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ
Шул хьалха а дIадахна /шуна тхьттуш дерш санна долу/ хилларш. Шу лела лаьттахула‚ хьовса, муха хилла /дин/ харцдинчеран чаккхе
3:137 -
هَٰذَا بَيَانٌ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةٌ لِلْمُتَّقِينَ
ХIара хаам бу нахана‚ нийса некъ а бу‚ хьехам а бу /Делах/ кхоьручарна
3:138 -
وَلَا تَهِنُوا وَلَا تَحْزَنُوا وَأَنْتُمُ الْأَعْلَوْنَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Шу ледара ма довла /гIазот дан/‚ шу сингаттаме ма хила /Ухьудехь эшарна/ – шу лакхахь хир ду /керстанашна тIехь толам баккхарца/, шу /баккъалла а, /муъмина нах хиллехь
3:139 -
إِنْ يَمْسَسْكُمْ قَرْحٌ فَقَدْ مَسَّ الْقَوْمَ قَرْحٌ مِثْلُهُ ۚ وَتِلْكَ الْأَيَّامُ نُدَاوِلُهَا بَيْنَ النَّاسِ وَلِيَعْلَمَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَيَتَّخِذَ مِنْكُمْ شُهَدَاءَ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ
Шуна чов хилча – нахана а хилла чов, цунах терра. И денош Оха хьийзадо нахана юккъехь‚ Далла бовзархьама (нахана гучубохуш) ийман диллинарш‚ шун юккъера гIазотан ял ерш хилийтархьама а. Цу Далла ца беза зуламхой
3:140
Гочдар: Магомед Магомедов