Мусхаф., агӏо 69
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تُطِيعُوا الَّذِينَ كَفَرُوا يَرُدُّوكُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ فَتَنْقَلِبُوا خَاسِرِينَ
ХIай ийман диллинарш! Цатешачарна шу муьтIахь хилахь‚ цара шу юхадерзор ду /шайн дине/ – тIаккха шу дIадоьрзур ду /ийманах/ эшна
3:149 -
بَلِ اللَّهُ مَوْلَاكُمْ ۖ وَهُوَ خَيْرُ النَّاصِرِينَ
ХIаъ! Дела ву шун гIодоккхург. И ву гдоккхучарах уггаре а диканиг
3:150 -
سَنُلْقِي فِي قُلُوبِ الَّذِينَ كَفَرُوا الرُّعْبَ بِمَا أَشْرَكُوا بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا ۖ وَمَأْوَاهُمُ النَّارُ ۚ وَبِئْسَ مَثْوَى الظَّالِمِينَ
Оха кхуьссур ма бу цатешачеран дегнашка кхерам‚ цара шайга йоссийна /цхьа а/ бакъо йоцуш, Делаца накъост лацарна. Церан хIусам – /жоьжахатин/ цIе ма ю. Ма вон ю-кх зуламхойн чугIойла!
3:151 -
وَلَقَدْ صَدَقَكُمُ اللَّهُ وَعْدَهُ إِذْ تَحُسُّونَهُمْ بِإِذْنِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا فَشِلْتُمْ وَتَنَازَعْتُمْ فِي الْأَمْرِ وَعَصَيْتُمْ مِنْ بَعْدِ مَا أَرَاكُمْ مَا تُحِبُّونَ ۚ مِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الدُّنْيَا وَمِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الْآخِرَةَ ۚ ثُمَّ صَرَفَكُمْ عَنْهُمْ لِيَبْتَلِيَكُمْ ۖ وَلَقَدْ عَفَا عَنْكُمْ ۗ وَاللَّهُ ذُو فَضْلٍ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ
Дала бакъйина шуна Шен ваIда‚ аш и /цатешарш/ бойуш Цуьнан пурбанца‚ шу ледара довллалц‚ гIуллакхехь вовшашца къийссалц‚ шу Iеса хиллалц‚ шуна дезаш хилларг (толам) Цо шуьга гайтинчул тIаьхьа. Шух дуьне дезаш верг а ву‚ шух эхарт дезаш верг а ву. ТIаккха шу дIатеттира Цо царах‚ шу зерхьама. Шуна къинтIеравелира Иза. И Дела Шен комаьршалла йолуш ма ву муъмин нахана тхь
3:152 -
إِذْ تُصْعِدُونَ وَلَا تَلْوُونَ عَلَىٰ أَحَدٍ وَالرَّسُولُ يَدْعُوكُمْ فِي أُخْرَاكُمْ فَأَثَابَكُمْ غَمًّا بِغَمٍّ لِكَيْلَا تَحْزَنُوا عَلَىٰ مَا فَاتَكُمْ وَلَا مَا أَصَابَكُمْ ۗ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
Шу хьала девдира цхьаьнге а юха ца хьовсуш‚ кхечарна юккъехь элча шуьга кхойкхуш волуш. Сингаттамна т а сингаттам белира Цо шуна‚ шу гйгне ца хилийтархьама шайна ца хиллачунна (хIонсана) а, шуна /нах байарца а, эшарца а/ хиллачу бохамна а. И Дела сов дика хууш ву аш дийриг
3:153
Гочдар: Магомед Магомедов