Мусхаф., агӏо 70

  1. ثُمَّ أَنْزَلَ عَلَيْكُمْ مِنْ بَعْدِ الْغَمِّ أَمَنَةً نُعَاسًا يَغْشَىٰ طَائِفَةً مِنْكُمْ ۖ وَطَائِفَةٌ قَدْ أَهَمَّتْهُمْ أَنْفُسُهُمْ يَظُنُّونَ بِاللَّهِ غَيْرَ الْحَقِّ ظَنَّ الْجَاهِلِيَّةِ ۖ يَقُولُونَ هَلْ لَنَا مِنَ الْأَمْرِ مِنْ شَيْءٍ ۗ قُلْ إِنَّ الْأَمْرَ كُلَّهُ لِلَّهِ ۗ يُخْفُونَ فِي أَنْفُسِهِمْ مَا لَا يُبْدُونَ لَكَ ۖ يَقُولُونَ لَوْ كَانَ لَنَا مِنَ الْأَمْرِ شَيْءٌ مَا قُتِلْنَا هَاهُنَا ۗ قُلْ لَوْ كُنْتُمْ فِي بُيُوتِكُمْ لَبَرَزَ الَّذِينَ كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقَتْلُ إِلَىٰ مَضَاجِعِهِمْ ۖ وَلِيَبْتَلِيَ اللَّهُ مَا فِي صُدُورِكُمْ وَلِيُمَحِّصَ مَا فِي قُلُوبِكُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    ТIаккха Цо йоссийра шуна гIайгIанал тIаьхьа паргIато – наб озор. Шух цхьа /иймана тхь чгелла/ тоба хьулйира цо. Вукху /мунепикъийн/ тобанан синтем байира шайн синоша: царна хетара Делах лаьцна бакъдоцург‚ жехIал замананчохь хеташ хилларг /хетара царна/. Цара олура: 'Оцу гIуллакха тхь хIумма а дуй вайна?' Ахь āла: 'ГIуллакх дерриг Делан ду'. Хьулдеш бу уьш шайгахь хьуна шаьш гучу ца доккхург. Олу цара /шайга/: 'Тхуна хиллехь гIуллакхах /цхьа/ хIума‚ кхузахь дойур дацара тхо'. Ахь āла: 'Шу йна хиллехьара шайн цIенош чохь‚ /шух/ бийшина Iохккучарна /церан Дāла тоьхна жалла ткхаьчнехь/ тIебогIур бара шайна тIом бар яздина берш, Дāла зерхьама шун кийрахь дерг‚ /къинойх/ цIандархьама шун дегнашкахь дерг. И Дела хууш ма ву кийрахь дерг”

    3:154
  2. إِنَّ الَّذِينَ تَوَلَّوْا مِنْكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ إِنَّمَا اسْتَزَلَّهُمُ الشَّيْطَانُ بِبَعْضِ مَا كَسَبُوا ۖ وَلَقَدْ عَفَا اللَّهُ عَنْهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ

    Баккъалла а, шух /Ухьудехь тIамах/ юхабевлларш /бусалбанийн а керстанийн а/ ши тоба дуьхьалкхеттачу дийнахь‚ – шайтIано тилийна уьш цхьадолчу цара динчу /вон/ хIуманца. Дела къинтIеравелира царна. Дела ша гечдеш а‚ /Шена са хиллачунна таар дан сих ца луш/ собаре а ву

    3:155
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ كَفَرُوا وَقَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ إِذَا ضَرَبُوا فِي الْأَرْضِ أَوْ كَانُوا غُزًّى لَوْ كَانُوا عِنْدَنَا مَا مَاتُوا وَمَا قُتِلُوا لِيَجْعَلَ اللَّهُ ذَٰلِكَ حَسْرَةً فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    ХIай ийман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера, шаьш олуш хилла болчу шайн вежаршка, уьш йохк-эцарна я гIазотана арабевлча: 'Тхуна гергахь лаьттинехь лийр а бацара‚ бойур а бацара уьш'. Цунах Дала церан дегнашкахь боккха сингаттам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аш дийриг гуш ма а ву

    3:156
  4. وَلَئِنْ قُتِلْتُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوْ مُتُّمْ لَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرَحْمَةٌ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ

    Шу дайахь Делан новкъахь, я /цигахь кхечу бахьаница/ лахь – Делера гечдар а ‚ къинхетам а беза хир бу цара гулдеш долчул /дуьненан бахамал/

    3:157

Гочдар: Магомед Магомедов