Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал)
-
وَلِيُمَحِّصَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَيَمْحَقَ الْكَافِرِينَ
Дала /къинойх/ цIанбархьама ийман диллинарш, хIаллакбархьама цатешарш
3:141 -
أَمْ حَسِبْتُمْ أَنْ تَدْخُلُوا الْجَنَّةَ وَلَمَّا يَعْلَمِ اللَّهُ الَّذِينَ جَاهَدُوا مِنْكُمْ وَيَعْلَمَ الصَّابِرِينَ
Шуна моьттира шаьш ялсамане гIур ду Далла бовзале шух къахьегнарш а, Цунна бовзале собар динарш а?
3:142 -
وَلَقَدْ كُنْتُمْ تَمَنَّوْنَ الْمَوْتَ مِنْ قَبْلِ أَنْ تَلْقَوْهُ فَقَدْ رَأَيْتُمُوهُ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ
Шу ма дарий дала лууш /гIазотехь/ цунна (гзотана) дуьхьалкхетале хьалха‚ и /далар/ гира шуна‚ шу хьоьжуш долуш (ткъа хIинца юхадовлу шу?)
3:143 -
وَمَا مُحَمَّدٌ إِلَّا رَسُولٌ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِ الرُّسُلُ ۚ أَفَإِنْ مَاتَ أَوْ قُتِلَ انْقَلَبْتُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ ۚ وَمَنْ يَنْقَلِبْ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ فَلَنْ يَضُرَّ اللَّهَ شَيْئًا ۗ وَسَيَجْزِي اللَّهُ الشَّاكِرِينَ
И Мухьаммад ма вац элча бен. ДIабахана цул хьалха а элчанаш. Иза велча я вийча – шаьш хиллачу /цатешаре/ юхадоьрзур ду шу? Юхавирзинарг милла велахь а‚ цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо. ТIаккха мēла лур бу Дала баркалле болчарна
3:144 -
وَمَا كَانَ لِنَفْسٍ أَنْ تَمُوتَ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ كِتَابًا مُؤَجَّلًا ۗ وَمَنْ يُرِدْ ثَوَابَ الدُّنْيَا نُؤْتِهِ مِنْهَا وَمَنْ يُرِدْ ثَوَابَ الْآخِرَةِ نُؤْتِهِ مِنْهَا ۚ وَسَنَجْزِي الشَّاكِرِينَ
Ца хилла синна далар Делан лаамца бен‚ шен йозанца тоьхна хан йолуш бен. Милла велахь а дуьненан ял езаш – Оха ло цунна цунах‚ милла велахь а эхартан ял езаш – Оха ло цунна цунах. ТIаккха мела лур бу Оха баркалле болчарна
3:145 -
وَكَأَيِّنْ مِنْ نَبِيٍّ قَاتَلَ مَعَهُ رِبِّيُّونَ كَثِيرٌ فَمَا وَهَنُوا لِمَا أَصَابَهُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَمَا ضَعُفُوا وَمَا اسْتَكَانُوا ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الصَّابِرِينَ
Мел дукха пайхамаршца цхьаьна тIемаш бина /Делан новкъахь/ чг Далла тешаме хиллачу муъмин наха. Халчу ца даьккхира цара шайна Делан новкъахь хилла долу цатаме дерг‚ ледара ца бевлира уьш‚ кл ца бисира /мостагIчунна/. Цу Далла беза собаре берш
3:146 -
وَمَا كَانَ قَوْلَهُمْ إِلَّا أَنْ قَالُوا رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَإِسْرَافَنَا فِي أَمْرِنَا وَثَبِّتْ أَقْدَامَنَا وَانْصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ
Церан дош ца хилла деккъа алар бен: 'Тхан Кхиош-кхобург‚тхуна гечделахь тхан къинош‚ тхан гIуллакхехь /тхоьгара яьлла/ тхан тIаламазалла а, чIагIбелахь тхан когаш‚ толам лолахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь' /тхоьца къийсамехь долчу къомана тхь/
3:147 -
فَآتَاهُمُ اللَّهُ ثَوَابَ الدُّنْيَا وَحُسْنَ ثَوَابِ الْآخِرَةِ ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Дала елла царна дуьненан ял‚ ткъа ма хаза ю эхартан ял. Цу Далла беза диканиг деш берш
3:148 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تُطِيعُوا الَّذِينَ كَفَرُوا يَرُدُّوكُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ فَتَنْقَلِبُوا خَاسِرِينَ
ХIай ийман диллинарш! Цатешачарна шу муьтIахь хилахь‚ цара шу юхадерзор ду /шайн дине/ – тIаккха шу дIадоьрзур ду /ийманах/ эшна
3:149 -
بَلِ اللَّهُ مَوْلَاكُمْ ۖ وَهُوَ خَيْرُ النَّاصِرِينَ
ХIаъ! Дела ву шун гIодоккхург. И ву гдоккхучарах уггаре а диканиг
3:150 -
سَنُلْقِي فِي قُلُوبِ الَّذِينَ كَفَرُوا الرُّعْبَ بِمَا أَشْرَكُوا بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا ۖ وَمَأْوَاهُمُ النَّارُ ۚ وَبِئْسَ مَثْوَى الظَّالِمِينَ
Оха кхуьссур ма бу цатешачеран дегнашка кхерам‚ цара шайга йоссийна /цхьа а/ бакъо йоцуш, Делаца накъост лацарна. Церан хIусам – /жоьжахатин/ цIе ма ю. Ма вон ю-кх зуламхойн чугIойла!
3:151 -
وَلَقَدْ صَدَقَكُمُ اللَّهُ وَعْدَهُ إِذْ تَحُسُّونَهُمْ بِإِذْنِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا فَشِلْتُمْ وَتَنَازَعْتُمْ فِي الْأَمْرِ وَعَصَيْتُمْ مِنْ بَعْدِ مَا أَرَاكُمْ مَا تُحِبُّونَ ۚ مِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الدُّنْيَا وَمِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الْآخِرَةَ ۚ ثُمَّ صَرَفَكُمْ عَنْهُمْ لِيَبْتَلِيَكُمْ ۖ وَلَقَدْ عَفَا عَنْكُمْ ۗ وَاللَّهُ ذُو فَضْلٍ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ
Дала бакъйина шуна Шен ваIда‚ аш и /цатешарш/ бойуш Цуьнан пурбанца‚ шу ледара довллалц‚ гIуллакхехь вовшашца къийссалц‚ шу Iеса хиллалц‚ шуна дезаш хилларг (толам) Цо шуьга гайтинчул тIаьхьа. Шух дуьне дезаш верг а ву‚ шух эхарт дезаш верг а ву. ТIаккха шу дIатеттира Цо царах‚ шу зерхьама. Шуна къинтIеравелира Иза. И Дела Шен комаьршалла йолуш ма ву муъмин нахана тхь
3:152 -
إِذْ تُصْعِدُونَ وَلَا تَلْوُونَ عَلَىٰ أَحَدٍ وَالرَّسُولُ يَدْعُوكُمْ فِي أُخْرَاكُمْ فَأَثَابَكُمْ غَمًّا بِغَمٍّ لِكَيْلَا تَحْزَنُوا عَلَىٰ مَا فَاتَكُمْ وَلَا مَا أَصَابَكُمْ ۗ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
Шу хьала девдира цхьаьнге а юха ца хьовсуш‚ кхечарна юккъехь элча шуьга кхойкхуш волуш. Сингаттамна т а сингаттам белира Цо шуна‚ шу гйгне ца хилийтархьама шайна ца хиллачунна (хIонсана) а, шуна /нах байарца а, эшарца а/ хиллачу бохамна а. И Дела сов дика хууш ву аш дийриг
3:153 -
ثُمَّ أَنْزَلَ عَلَيْكُمْ مِنْ بَعْدِ الْغَمِّ أَمَنَةً نُعَاسًا يَغْشَىٰ طَائِفَةً مِنْكُمْ ۖ وَطَائِفَةٌ قَدْ أَهَمَّتْهُمْ أَنْفُسُهُمْ يَظُنُّونَ بِاللَّهِ غَيْرَ الْحَقِّ ظَنَّ الْجَاهِلِيَّةِ ۖ يَقُولُونَ هَلْ لَنَا مِنَ الْأَمْرِ مِنْ شَيْءٍ ۗ قُلْ إِنَّ الْأَمْرَ كُلَّهُ لِلَّهِ ۗ يُخْفُونَ فِي أَنْفُسِهِمْ مَا لَا يُبْدُونَ لَكَ ۖ يَقُولُونَ لَوْ كَانَ لَنَا مِنَ الْأَمْرِ شَيْءٌ مَا قُتِلْنَا هَاهُنَا ۗ قُلْ لَوْ كُنْتُمْ فِي بُيُوتِكُمْ لَبَرَزَ الَّذِينَ كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقَتْلُ إِلَىٰ مَضَاجِعِهِمْ ۖ وَلِيَبْتَلِيَ اللَّهُ مَا فِي صُدُورِكُمْ وَلِيُمَحِّصَ مَا فِي قُلُوبِكُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
ТIаккха Цо йоссийра шуна гIайгIанал тIаьхьа паргIато – наб озор. Шух цхьа /иймана тхь чгелла/ тоба хьулйира цо. Вукху /мунепикъийн/ тобанан синтем байира шайн синоша: царна хетара Делах лаьцна бакъдоцург‚ жехIал замананчохь хеташ хилларг /хетара царна/. Цара олура: 'Оцу гIуллакха тхь хIумма а дуй вайна?' Ахь āла: 'ГIуллакх дерриг Делан ду'. Хьулдеш бу уьш шайгахь хьуна шаьш гучу ца доккхург. Олу цара /шайга/: 'Тхуна хиллехь гIуллакхах /цхьа/ хIума‚ кхузахь дойур дацара тхо'. Ахь āла: 'Шу йна хиллехьара шайн цIенош чохь‚ /шух/ бийшина Iохккучарна /церан Дāла тоьхна жалла ткхаьчнехь/ тIебогIур бара шайна тIом бар яздина берш, Дāла зерхьама шун кийрахь дерг‚ /къинойх/ цIандархьама шун дегнашкахь дерг. И Дела хууш ма ву кийрахь дерг”
3:154 -
إِنَّ الَّذِينَ تَوَلَّوْا مِنْكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ إِنَّمَا اسْتَزَلَّهُمُ الشَّيْطَانُ بِبَعْضِ مَا كَسَبُوا ۖ وَلَقَدْ عَفَا اللَّهُ عَنْهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ
Баккъалла а, шух /Ухьудехь тIамах/ юхабевлларш /бусалбанийн а керстанийн а/ ши тоба дуьхьалкхеттачу дийнахь‚ – шайтIано тилийна уьш цхьадолчу цара динчу /вон/ хIуманца. Дела къинтIеравелира царна. Дела ша гечдеш а‚ /Шена са хиллачунна таар дан сих ца луш/ собаре а ву
3:155 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ كَفَرُوا وَقَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ إِذَا ضَرَبُوا فِي الْأَرْضِ أَوْ كَانُوا غُزًّى لَوْ كَانُوا عِنْدَنَا مَا مَاتُوا وَمَا قُتِلُوا لِيَجْعَلَ اللَّهُ ذَٰلِكَ حَسْرَةً فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
ХIай ийман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера, шаьш олуш хилла болчу шайн вежаршка, уьш йохк-эцарна я гIазотана арабевлча: 'Тхуна гергахь лаьттинехь лийр а бацара‚ бойур а бацара уьш'. Цунах Дала церан дегнашкахь боккха сингаттам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аш дийриг гуш ма а ву
3:156 -
وَلَئِنْ قُتِلْتُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوْ مُتُّمْ لَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرَحْمَةٌ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ
Шу дайахь Делан новкъахь, я /цигахь кхечу бахьаница/ лахь – Делера гечдар а ‚ къинхетам а беза хир бу цара гулдеш долчул /дуьненан бахамал/
3:157 -
وَلَئِنْ مُتُّمْ أَوْ قُتِلْتُمْ لَإِلَى اللَّهِ تُحْشَرُونَ
Шу лахь а‚ я дайахь а – Далла тIе гулдийр долуш ду шу
3:158 -
فَبِمَا رَحْمَةٍ مِنَ اللَّهِ لِنْتَ لَهُمْ ۖ وَلَوْ كُنْتَ فَظًّا غَلِيظَ الْقَلْبِ لَانْفَضُّوا مِنْ حَوْلِكَ ۖ فَاعْفُ عَنْهُمْ وَاسْتَغْفِرْ لَهُمْ وَشَاوِرْهُمْ فِي الْأَمْرِ ۖ فَإِذَا عَزَمْتَ فَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَوَكِّلِينَ
Делера къинхетамца хилира хьо /хй Мухьаммад/ цаьрца кIеда. Хьо кIоршаме‚ дог дера хиллехьара‚ хьуна гонахьара дIасабаьржира бара уьш /хьан накъостий/. КъинтIеравала царна‚ гечдар а деха царна, дагавала царах гIуллакхехь. Ахь айхьа сацам бича, Далла тIетовжа. Далла беза /Шена/ тIетевжинарш
3:159 -
إِنْ يَنْصُرْكُمُ اللَّهُ فَلَا غَالِبَ لَكُمْ ۖ وَإِنْ يَخْذُلْكُمْ فَمَنْ ذَا الَّذِي يَنْصُرُكُمْ مِنْ بَعْدِهِ ۗ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Дала шуна гIо дахь – шуна тIехь толамхо вац. Цо шу гIо ца деш дитахь – мила ву Цул тIаьхьа шуна гIо дийр дерг? Далла тIетовжийла муъмина нах!
3:160
Гочдар: Магомед Магомедов