Мусхаф., агӏо 7
-
قُلْنَا اهْبِطُوا مِنْهَا جَمِيعًا ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ مِنِّي هُدًى فَمَنْ تَبِعَ هُدَايَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Оха (Дала) элира: 'Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна тьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан гллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх дтилна дисина гллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш)
2:38 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина берш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттаренна а буьсур ма бу'
2:39 -
يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَوْفُوا بِعَهْدِي أُوفِ بِعَهْدِكُمْ وَإِيَّايَ فَارْهَبُونِ
ХIай‚ Исраилан кIентий‚ Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шайна делла хилла долу‚ аш кхочушъе Соьца /шаьш Суна а бен бадат дийр дац, аьлла/ хилла ваIда‚ Ас кхочушйийр ю шуьца /Айса шуна хаза мела лур бу, аьлла/ хилла ваIда‚ Сох цхьаннах кхералаш
2:40 -
وَآمِنُوا بِمَا أَنْزَلْتُ مُصَدِّقًا لِمَا مَعَكُمْ وَلَا تَكُونُوا أَوَّلَ كَافِرٍ بِهِ ۖ وَلَا تَشْتَرُوا بِآيَاتِي ثَمَنًا قَلِيلًا وَإِيَّايَ فَاتَّقُونِ
Шу тешалаш Ас охьадоссийначух (Къуръанах)‚ шуьгахь долчуьнца (Тавратаца) нийса догIуш а долчу‚ – шу ма хила цунах хьалхара цатешарш. Сан аятех кIеззиг болу мах ма эца‚ Сох кхералаш
2:41 -
وَلَا تَلْبِسُوا الْحَقَّ بِالْبَاطِلِ وَتَكْتُمُوا الْحَقَّ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Ма иэде аш бакъдерг харц долчуьнца‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь (Таврата чохь долу Мухьаммадан сибат)
2:42 -
وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَارْكَعُوا مَعَ الرَّاكِعِينَ
Ламаз хIоттаде‚ ло закат‚ сужудане гIо сужуд дечаьрца
2:43 -
أَتَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبِرِّ وَتَنْسَوْنَ أَنْفُسَكُمْ وَأَنْتُمْ تَتْلُونَ الْكِتَابَ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Аш хьоьху нахана диканиг? Ткъа дицдеш ма ду шайн догаш! Шу ма ду жайна (Таврат) доьшуш – шу хьекъале ца хуьлу?
2:44 -
وَاسْتَعِينُوا بِالصَّبْرِ وَالصَّلَاةِ ۚ وَإِنَّهَا لَكَبِيرَةٌ إِلَّا عَلَى الْخَاشِعِينَ
Аш гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, иза деза (хала) ма ду/Делах/чг кхоьруш берш боцучарна. (Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтIахь болчаьрга бен)
2:45 -
الَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُمْ مُلَاقُو رَبِّهِمْ وَأَنَّهُمْ إِلَيْهِ رَاجِعُونَ
Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобуш волчунна дуьхьалкхетарг хиларх а‚ шаьш Цунна тIе дIадоьрзург хиларх а тешаш
2:46 -
يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّي فَضَّلْتُكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
ХIай Исраилан кIентий! Аш /Суна шукур дарца/ дагадаийта Сан ниIмат, Ас шуна делла хилла долу, – Ас шу даздина хилар Iаламал (шух элчанаш бахкийтарца, жайнаш диссорца)
2:47 -
وَاتَّقُوا يَوْمًا لَا تَجْزِي نَفْسٌ عَنْ نَفْسٍ شَيْئًا وَلَا يُقْبَلُ مِنْهَا شَفَاعَةٌ وَلَا يُؤْخَذُ مِنْهَا عَدْلٌ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ
Шу кхера дийнах‚ сино синна пайда бийр боцчу, цуьнгара гIо къобалдийр доцчу, цуьнгара мах оьцур боцчу, шайна /Делан Iазапах/ гIо хир доцчу
2:48
Гочдар: Магомед Магомедов