Мусхаф., агӏо 8
-
وَإِذْ نَجَّيْنَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ يُذَبِّحُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ
Дагадайта /хIай Исраилан кIентий/! Оха кIелхьардехира шу ФирIавнан нахах: вон Iазап шуна тIехь хIоттадора цара‚ бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий – цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-кхобучо зер ма ду
2:49 -
وَإِذْ فَرَقْنَا بِكُمُ الْبَحْرَ فَأَنْجَيْنَاكُمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ
Оха шуна хIорд бийкъира – шу клхьарадехира‚ ФирIавнан нах буха бахийтира‚ шу хьоьжуш доллушехь
2:50 -
وَإِذْ وَاعَدْنَا مُوسَىٰ أَرْبَعِينَ لَيْلَةً ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَنْتُمْ ظَالِمُونَ
Оха Мусаца шовзткъа де-буьйса хан билгалъяьккхира (цуьнга Таврат дала)‚ тIаккха цул тьхьа шу эсанна бадат дан дуьйладелира, иштта шух зуламхой хилира
2:51 -
ثُمَّ عَفَوْنَا عَنْكُمْ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
ТIаккха цул тIаьхьа а Оха гечдира шуна‚ шу баркалле хир дацара техьа, аьлла
2:52 -
وَإِذْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَالْفُرْقَانَ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
Дагадаийта! Оха делира Мусага жайна, бакъдерг харцдолчух а, хьанал дерг хьарам долчух а къастош долу‚ шу нислур дацара техьа, аьлла
2:53 -
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنَّكُمْ ظَلَمْتُمْ أَنْفُسَكُمْ بِاتِّخَاذِكُمُ الْعِجْلَ فَتُوبُوا إِلَىٰ بَارِئِكُمْ فَاقْتُلُوا أَنْفُسَكُمْ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ عِنْدَ بَارِئِكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ ۚ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
Мусас аьллера шен къоме: 'ХIай сан къам‚ аш шайна зулам дина‚ шаьш эсанна бадат дарца. Тōбанаш де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тIаккха шаьш-шайн дайа. И дика ду шуна шу Кхоьллинчунна (Далла) гергахь. ТIаккха Цо шун тōбанаш къобалдира. Баккъалла а, И ма ву /ттт/ тōбанаш къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а
2:54 -
وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَىٰ لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ نَرَى اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْكُمُ الصَّاعِقَةُ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ
Аш ма элира: 'ХIай Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь'. ТIаккха шу лецира ткъесо (стелахаьштиго шу дайира) ‚ шу хьоьжуш лаьтташехь
2:55 -
ثُمَّ بَعَثْنَاكُمْ مِنْ بَعْدِ مَوْتِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
ТIаккха Оха дендира шу /цхьана дийнахь-буса/ делла лаьттинчул тIаьхьа – шу баркалле хир дацара техьа аьлла
2:56 -
وَظَلَّلْنَا عَلَيْكُمُ الْغَمَامَ وَأَنْزَلْنَا عَلَيْكُمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَىٰ ۖ كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ ۖ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Оха шуна тIехула марха хIоттийра /шу маьлхан йовхонах лардеш/‚ даийтира шуна манна а‚ салва а. Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цIенадерг (хьаналдерг). Тхуна зулам-м ца дира цара‚ амма уьш хилира шайна зулам деш-м
2:57
Гочдар: Магомед Магомедов