Мусхаф., агӏо 71
-
وَلَئِنْ مُتُّمْ أَوْ قُتِلْتُمْ لَإِلَى اللَّهِ تُحْشَرُونَ
Шу лахь а‚ я дайахь а – Далла тIе гулдийр долуш ду шу
3:158 -
فَبِمَا رَحْمَةٍ مِنَ اللَّهِ لِنْتَ لَهُمْ ۖ وَلَوْ كُنْتَ فَظًّا غَلِيظَ الْقَلْبِ لَانْفَضُّوا مِنْ حَوْلِكَ ۖ فَاعْفُ عَنْهُمْ وَاسْتَغْفِرْ لَهُمْ وَشَاوِرْهُمْ فِي الْأَمْرِ ۖ فَإِذَا عَزَمْتَ فَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَوَكِّلِينَ
Делера къинхетамца хилира хьо /хй Мухьаммад/ цаьрца кIеда. Хьо кIоршаме‚ дог дера хиллехьара‚ хьуна гонахьара дIасабаьржира бара уьш /хьан накъостий/. КъинтIеравала царна‚ гечдар а деха царна, дагавала царах гIуллакхехь. Ахь айхьа сацам бича, Далла тIетовжа. Далла беза /Шена/ тIетевжинарш
3:159 -
إِنْ يَنْصُرْكُمُ اللَّهُ فَلَا غَالِبَ لَكُمْ ۖ وَإِنْ يَخْذُلْكُمْ فَمَنْ ذَا الَّذِي يَنْصُرُكُمْ مِنْ بَعْدِهِ ۗ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Дала шуна гIо дахь – шуна тIехь толамхо вац. Цо шу гIо ца деш дитахь – мила ву Цул тIаьхьа шуна гIо дийр дерг? Далла тIетовжийла муъмина нах!
3:160 -
وَمَا كَانَ لِنَبِيٍّ أَنْ يَغُلَّ ۚ وَمَنْ يَغْلُلْ يَأْتِ بِمَا غَلَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ ثُمَّ تُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Ца хилла пайхамар хIонс къайлайоккхур йолуш. И къайлаяьккхинарг ша къайлаяьккхинчуьнца вогIур ву къематдийнахь. ТIаккха хIор синна шена карадеъначуьнца бекхам бийр бу – царна зулам дийр дац
3:161 -
أَفَمَنِ اتَّبَعَ رِضْوَانَ اللَّهِ كَمَنْ بَاءَ بِسَخَطٍ مِنَ اللَّهِ وَمَأْوَاهُ جَهَنَّمُ ۚ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Дела резахиларна тIаьхьахIваьзнарг тера вуй техьа Делан оьгIазаллина клнисвеллачух, шен дверзар жоьжахати хир йолчу?! Ма ирча ю и кхочу йолу меттиг!
3:162 -
هُمْ دَرَجَاتٌ عِنْدَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
Уьш тайп-тайпана бу Далла гергахь /ялсамане гIур берш а, жоьжахате гIур берш а/. И Дела гуш ву цара деш дерг
3:163 -
لَقَدْ مَنَّ اللَّهُ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ إِذْ بَعَثَ فِيهِمْ رَسُولًا مِنْ أَنْفُسِهِمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِهِ وَيُزَكِّيهِمْ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَإِنْ كَانُوا مِنْ قَبْلُ لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Дала боккха кхинхетам ма би муъминан нахах царалахь шайна юккъера элча а вахийтина‚ цо царна Цуьнан аяташ дуьйцуш‚ уьш цIанбеш‚ жайна а‚ хьекъалалла а царна Iама а деш, хьалха уьш билггалчу тиларчохь хиллехь а
3:164 -
أَوَلَمَّا أَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةٌ قَدْ أَصَبْتُمْ مِثْلَيْهَا قُلْتُمْ أَنَّىٰ هَٰذَا ۖ قُلْ هُوَ مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Я шайна эшам хилча, аш а ма бира эшам /Бадрехь мостагIчунна/ шозза алссам, аш элира: 'ХIара мичара ду?' Ахь āла: 'Иза шуьгара шайгара ду'. Баккъалла а‚ Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву
3:165
Гочдар: Магомед Магомедов