Мусхаф., агӏо 88
-
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يَزْعُمُونَ أَنَّهُمْ آمَنُوا بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ يُرِيدُونَ أَنْ يَتَحَاكَمُوا إِلَى الطَّاغُوتِ وَقَدْ أُمِرُوا أَنْ يَكْفُرُوا بِهِ وَيُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَنْ يُضِلَّهُمْ ضَلَالًا بَعِيدًا
Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукам дойла тIагIута. Цаьрга омра ма дина цунах (тIагIутах) ма теша, аьлла. ШайтIа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца
4:60 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا إِلَىٰ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ رَأَيْتَ الْمُنَافِقِينَ يَصُدُّونَ عَنْكَ صُدُودًا
Цаьрга аьлча: 'ТIедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчанна а (схьадуьйла‚ хьукам дойту вай Къуръане а‚ элчане а)'‚ хьуна ма го и мунепикъаш дIабоьрзуш хьо волчура /сихачу/ берзарца
4:61 -
فَكَيْفَ إِذَا أَصَابَتْهُمْ مُصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ثُمَّ جَاءُوكَ يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ إِنْ أَرَدْنَا إِلَّا إِحْسَانًا وَتَوْفِيقًا
Муха хир ду царна тIе цхьа бāла беъча‚ шайн куьйгаша кечбина болу‚ тккха уьш хьуна тIе баьхкича‚ шаьш Делаца дуйнаш бууш: 'Тхо ма дацара лууш диканиг а‚ кхиам хилар а бен'‚ – олуш?
4:62 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يَعْلَمُ اللَّهُ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَعِظْهُمْ وَقُلْ لَهُمْ فِي أَنْفُسِهِمْ قَوْلًا بَلِيغًا
Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царах‚ хьехам бе царна‚ āла цаьрга /уьш/ кргга кхетош долу дош
4:63 -
وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ رَسُولٍ إِلَّا لِيُطَاعَ بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَلَوْ أَنَّهُمْ إِذْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ جَاءُوكَ فَاسْتَغْفَرُوا اللَّهَ وَاسْتَغْفَرَ لَهُمُ الرَّسُولُ لَوَجَدُوا اللَّهَ تَوَّابًا رَحِيمًا
Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна /нах/ муьтIахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича, хьуна тIе богIуш, тккха Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайн тōба къобалдийриг а, къинхетаме верг а
4:64 -
فَلَا وَرَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ حَتَّىٰ يُحَكِّمُوكَ فِيمَا شَجَرَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ لَا يَجِدُوا فِي أَنْفُسِهِمْ حَرَجًا مِمَّا قَضَيْتَ وَيُسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
Хьан Кхиош-кхобуш волчу (Делора) ма бац уьш /Делах/ тешаш шайна юкъадоьжначунна тIера хьукам хьоьга дойтуш бацахь‚ тIаккха а ахь йинчу кхиэлана шайгахь хIумма новкъарло ца карош‚ шаьш цунна муьтIахь хуьлуш бацахь
4:65
Гочдар: Магомед Магомедов