Мусхаф., агӏо 89
-
وَلَوْ أَنَّا كَتَبْنَا عَلَيْهِمْ أَنِ اقْتُلُوا أَنْفُسَكُمْ أَوِ اخْرُجُوا مِنْ دِيَارِكُمْ مَا فَعَلُوهُ إِلَّا قَلِيلٌ مِنْهُمْ ۖ وَلَوْ أَنَّهُمْ فَعَلُوا مَا يُوعَظُونَ بِهِ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ وَأَشَدَّ تَثْبِيتًا
Оха царна тIедиллина хиллехьара, шаьш дайа аьлла я арадовла шайн цIеношкара аьлла‚ царах кIеззиг болчара бен и дийр ма дацара. Шайна хьоьхуш дерг цара дахьара – и дика а‚ делилца чIогIа а ма дара
4:66 -
وَإِذًا لَآتَيْنَاهُمْ مِنْ لَدُنَّا أَجْرًا عَظِيمًا
ТIаккха Тхайна гергара сийлахь-йоккха ял лур ма яра царна Оха
4:67 -
وَلَهَدَيْنَاهُمْ صِرَاطًا مُسْتَقِيمًا
Нийсачу новкъа бихкина хир ма бара Оха уьш
4:68 -
وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَالرَّسُولَ فَأُولَٰئِكَ مَعَ الَّذِينَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مِنَ النَّبِيِّينَ وَالصِّدِّيقِينَ وَالشُّهَدَاءِ وَالصَّالِحِينَ ۚ وَحَسُنَ أُولَٰئِكَ رَفِيقًا
Далла а‚ элчанна а муьтIахь берш – уьш хир бу Дала шайна ниIмат деллачаьрца цхьана: пайхамаршца‚ уггар бакълуьйчаьрца‚ гIазотехь беллачаьрца, дикачаьрца. Ма хаза хили уьш шайна накъост хиларца!
4:69 -
ذَٰلِكَ الْفَضْلُ مِنَ اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ عَلِيمًا
И дозалла Делера ду‚ кхачо хилла Дела хууш верг хилар
4:70 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا خُذُوا حِذْرَكُمْ فَانْفِرُوا ثُبَاتٍ أَوِ انْفِرُوا جَمِيعًا
ХIай ийман диллинарш! Ларлуш хилалаш‚ гIазотана арадовлалаш тобанашца а‚ я дерриге а
4:71 -
وَإِنَّ مِنْكُمْ لَمَنْ لَيُبَطِّئَنَّ فَإِنْ أَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةٌ قَالَ قَدْ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيَّ إِذْ لَمْ أَكُنْ مَعَهُمْ شَهِيدًا
Баккъалла а, шух ма ву ша /гIазотана/ тIаьхьавуьсуш верг. Шуна цхьа бохам хилча, олу цо: 'Ма ниIмат делла суна Дала со царна юккъехь (гIазотехь) цахиларна' (хиллехьара, со лазийна я велла хир вара)
4:72 -
وَلَئِنْ أَصَابَكُمْ فَضْلٌ مِنَ اللَّهِ لَيَقُولَنَّ كَأَنْ لَمْ تَكُنْ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُ مَوَدَّةٌ يَا لَيْتَنِي كُنْتُ مَعَهُمْ فَأَفُوزَ فَوْزًا عَظِيمًا
Шуна Делера сийлалла хилча‚ билггала олу цо‚ шуна а, шена а юккъехь безам боцуш санна: 'Ма декъаза хили-кх со‚ цаьрца хила ца мегара со – беза - боккха толам ас а боккхур ма барий тIаккха'
4:73 -
فَلْيُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ الَّذِينَ يَشْرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا بِالْآخِرَةِ ۚ وَمَنْ يُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَيُقْتَلْ أَوْ يَغْلِبْ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا
Делан новкъахь тIом бойла шаьш эхартах гергара (дуьненан) дахар духкучара. Делан новкъахь тIом бина велларг а‚ я толам баьккхинарг а – тIаккха лур ю Оха цунна сийлахь-йоккха ял
4:74
Гочдар: Магомед Магомедов