Мусхаф., агӏо 90

  1. وَمَا لَكُمْ لَا تُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاءِ وَالْوِلْدَانِ الَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ الظَّالِمِ أَهْلُهَا وَاجْعَلْ لَنَا مِنْ لَدُنْكَ وَلِيًّا وَاجْعَلْ لَنَا مِنْ لَدُنْكَ نَصِيرًا

    Аш хIунда ца бо тм Делан новкъахь а, божарех а‚ зударех а‚ берех а заьIап болчу нехан дуьхьа а? Уьш ма буй олуш: 'Тхан Кхиош-кхобург! Арадаха тхо хIоккху юьртара‚ шена чуьра нах зуламе болчу‚ хьан гергара верас (гIолоцург) ваийтахьа тхуна‚ хьан гергара гIоьнча ваийтахьа тхуна'

    4:75
  2. الَّذِينَ آمَنُوا يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ الطَّاغُوتِ فَقَاتِلُوا أَوْلِيَاءَ الشَّيْطَانِ ۖ إِنَّ كَيْدَ الشَّيْطَانِ كَانَ ضَعِيفًا

    Ийман диллинчара тIом бо Делан новкъахь‚ цатешачара тIом бо тIагIутан (шайтIанан) новкъахь. ШайтIанан верасаш хIаллакбе. Баккъалла а, и шайтIанан мекарло ледара ма хилла

    4:76
  3. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ قِيلَ لَهُمْ كُفُّوا أَيْدِيَكُمْ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ إِذَا فَرِيقٌ مِنْهُمْ يَخْشَوْنَ النَّاسَ كَخَشْيَةِ اللَّهِ أَوْ أَشَدَّ خَشْيَةً ۚ وَقَالُوا رَبَّنَا لِمَ كَتَبْتَ عَلَيْنَا الْقِتَالَ لَوْلَا أَخَّرْتَنَا إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ ۗ قُلْ مَتَاعُ الدُّنْيَا قَلِيلٌ وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ لِمَنِ اتَّقَىٰ وَلَا تُظْلَمُونَ فَتِيلًا

    Хьуна ца го и шайга аьлларш: 'Юхадаха шайн куьйгаш (тIамах: тIом бар ма деха хIинца а – цуьнан хан тIе ца кхаьчна)‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло'‚ шайна тIом бар тIедиллича‚ царах цхьа тоба кхийрира нахах‚ Делах кхерарх санна‚ я кхин а чIогIа. Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ хIунда тIедиллина Ахь тхуна тIом бар. Цхьа гергара замане тIаьхьатаьттина хиллехьара Ахь тхо'. Ахь āла: 'Дуьненан хIума – кIеззиг хIума ю. Эхарт ду дика ша /Делах/ кхоьручунна. Цхьа цуьрриг а зулам дийр ма дац шуна'

    4:77
  4. أَيْنَمَا تَكُونُوا يُدْرِكْكُمُ الْمَوْتُ وَلَوْ كُنْتُمْ فِي بُرُوجٍ مُشَيَّدَةٍ ۗ وَإِنْ تُصِبْهُمْ حَسَنَةٌ يَقُولُوا هَٰذِهِ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ يَقُولُوا هَٰذِهِ مِنْ عِنْدِكَ ۚ قُلْ كُلٌّ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۖ فَمَالِ هَٰؤُلَاءِ الْقَوْمِ لَا يَكَادُونَ يَفْقَهُونَ حَدِيثًا

    Шу миччахьа хилахь а, далар тIекхуьур ду шух‚ чIогIа хIиттийна бIаьвнаш чохь шу хилча а. Шайга диканиг деъча, цара олу: 'ХIара Делера ду'‚ нагахь санна шайга вониг деъча, цара олу: 'ХIара хьоьгара ду / хй пайхамар, ахьа дуьйцу хманаш бахьанехь/'. Ахь āла: 'Массо а ду Делера'. ХIун ду-те цу къомана? – Кхета ца туьгу-кх иза хуьлучух

    4:78
  5. مَا أَصَابَكَ مِنْ حَسَنَةٍ فَمِنَ اللَّهِ ۖ وَمَا أَصَابَكَ مِنْ سَيِّئَةٍ فَمِنْ نَفْسِكَ ۚ وَأَرْسَلْنَاكَ لِلنَّاسِ رَسُولًا ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا

    Хьуна тIедеана долу диканиг – Делера ду хьуна /хIай адам/‚ хьуна тIедеана долу вониг – хьоьгара ду хьуна /ахь деш долу вониг бахьанехь/. Оха ваийтина хьо /хIай Мухьаммад/ нахана тIе элча хилла. Кхачо хилла Делаца теш хилар

    4:79

Гочдар: Магомед Магомедов