Мусхаф., агӏо 96
-
وَاسْتَغْفِرِ اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا
Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела хилла гечдеш верг а, къинхетаме верг а
4:106 -
وَلَا تُجَادِلْ عَنِ الَّذِينَ يَخْتَانُونَ أَنْفُسَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ مَنْ كَانَ خَوَّانًا أَثِيمًا
Ахь ма къийсалахь шаьш ямартло еш болчеран дуьхьа. Баккъалла а, Далла ца веза къинош дарца ямартло еш верг
4:107 -
يَسْتَخْفُونَ مِنَ النَّاسِ وَلَا يَسْتَخْفُونَ مِنَ اللَّهِ وَهُوَ مَعَهُمْ إِذْ يُبَيِّتُونَ مَا لَا يَرْضَىٰ مِنَ الْقَوْلِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطًا
Уьш дIахьуллуш бу нахах, дIахьуллуш бац Делах, ткъа Иза уьш гуш ву, цара буса И реза воцу дешнаш дуьйцуш. Дела хилла цара динчунна го лоцуш верг
4:108 -
هَا أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ جَادَلْتُمْ عَنْهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَمَنْ يُجَادِلُ اللَّهَ عَنْهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَمْ مَنْ يَكُونُ عَلَيْهِمْ وَكِيلًا
ХIай, шу ма ду церан дуьхьа дуьненан дахарехь къуьйсуш. Хьан къуьйсур ду Делаца церан духьа къематдийнахь? Я мила хир ву царна тIехь векал /церан гролхо/?
4:109 -
وَمَنْ يَعْمَلْ سُوءًا أَوْ يَظْلِمْ نَفْسَهُ ثُمَّ يَسْتَغْفِرِ اللَّهَ يَجِدِ اللَّهَ غَفُورًا رَحِيمًا
Милла велахь а вониг деш, я шена зулам деш, тIаккха цо Деле гечдар дехча‚ цунна и Дела карор ма ву гечдеш а, къинхетаме а
4:110 -
وَمَنْ يَكْسِبْ إِثْمًا فَإِنَّمَا يَكْسِبُهُ عَلَىٰ نَفْسِهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
Милла велахь а къа деш – и деш ду цо шена. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам/нийса/ деш верг а
4:111 -
وَمَنْ يَكْسِبْ خَطِيئَةً أَوْ إِثْمًا ثُمَّ يَرْمِ بِهِ بَرِيئًا فَقَدِ احْتَمَلَ بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُبِينًا
Милла велахь а гIалат я къа деш, тIаккха и цIена волчунна тIетоьттуш – и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тIелоцуш
4:112 -
وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكَ وَرَحْمَتُهُ لَهَمَّتْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ أَنْ يُضِلُّوكَ وَمَا يُضِلُّونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ ۖ وَمَا يَضُرُّونَكَ مِنْ شَيْءٍ ۚ وَأَنْزَلَ اللَّهُ عَلَيْكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَكَ مَا لَمْ تَكُنْ تَعْلَمُ ۚ وَكَانَ فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكَ عَظِيمًا
Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а хьуна ца хиллехьара – царах цхьа тоба ма яра хьо тило лууш. Цара-м тилор бацара шаьш бен. Цхьа хIумма а цара зен дийр дац хьуна. Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъалалла а‚ Цо Iамийра хьуна хьуна ца хууш хилларг. Йоккха хилла хьуна тхь Делан комаьршалла
4:113
Гочдар: Магомед Магомедов