Мусхаф., агӏо 97
-
لَا خَيْرَ فِي كَثِيرٍ مِنْ نَجْوَاهُمْ إِلَّا مَنْ أَمَرَ بِصَدَقَةٍ أَوْ مَعْرُوفٍ أَوْ إِصْلَاحٍ بَيْنَ النَّاسِ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا
Дукхадолчу церан къайлахчу къамелех пайда бац, нагахь санна сагца, диканиг дарца, нахана юккъехь барт барца омра деш уьш бацахь. И деш верг милла а велахь а, Дела реза хиларе дог а дохуш, тIаккха Оха цунна лур ма ю сийлахь- йоккха ял
4:114 -
وَمَنْ يُشَاقِقِ الرَّسُولَ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُ الْهُدَىٰ وَيَتَّبِعْ غَيْرَ سَبِيلِ الْمُؤْمِنِينَ نُوَلِّهِ مَا تَوَلَّىٰ وَنُصْلِهِ جَهَنَّمَ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا
Милла велахь а, элчанна дуьхьалваьлларг, шена нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа, муъмин боцу нехан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и вуьтур ву Оха ша хаьржинчу новкъахь, вохуьйтур ву жоьжахати чу. Ма вон хилла и цуьнан кхоллам!
4:115 -
إِنَّ اللَّهَ لَا يَغْفِرُ أَنْ يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَٰلِكَ لِمَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا بَعِيدًا
Баккъалла а, Дала гечдеш дац Шеца накъост лацар, гечдийр ду и доцург /кхин къинош/ Шена луучунна. Милла велахь а Делаца накъост лоцуш – тилавелла и генарчу тилаваларца
4:116 -
إِنْ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ إِلَّا إِنَاثًا وَإِنْ يَدْعُونَ إِلَّا شَيْطَانًا مَرِيدًا
Иза а витина, уьш кхойкхуш ма бу стечу хIуманашка, уьш кхойкхуш ма бу дуьхьалдаьллачу шайтIане
4:117 -
لَعَنَهُ اللَّهُ ۘ وَقَالَ لَأَتَّخِذَنَّ مِنْ عِبَادِكَ نَصِيبًا مَفْرُوضًا
Дала неIалт аьлла цунна. Цо (иблисо Деле) аьллера: 'Хьан лех цхьа билггала дāкъа сайгахьа доккхур ду ас
4:118 -
وَلَأُضِلَّنَّهُمْ وَلَأُمَنِّيَنَّهُمْ وَلَآمُرَنَّهُمْ فَلَيُبَتِّكُنَّ آذَانَ الْأَنْعَامِ وَلَآمُرَنَّهُمْ فَلَيُغَيِّرُنَّ خَلْقَ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يَتَّخِذِ الشَّيْطَانَ وَلِيًّا مِنْ دُونِ اللَّهِ فَقَدْ خَسِرَ خُسْرَانًا مُبِينًا
Тилланне а тилор бу ас уьш, хазанне – ойбур бу ас церан /харц/ лаамаш, омра дийр ма ду ас царна – бежнийн лергаш хедор ма ду цара, омра дийр ма ду ас царна – хуьйцур ма ду цара Делан дин' (кхоллар). Дела а витина, и шайтIа шена доттагI лаьцнарг – эшна и къаьстинчу эшамца
4:119 -
يَعِدُهُمْ وَيُمَنِّيهِمْ ۖ وَمَا يَعِدُهُمُ الشَّيْطَانُ إِلَّا غُرُورًا
ВаIда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтIано царна ваIда еш ма яц харцдерг бен
4:120 -
أُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَلَا يَجِدُونَ عَنْهَا مَحِيصًا
Уьш бу шайна чугIойла жоьжахати хир ерш‚ карор дац царна цунах кIелхьардовлар
4:121
Гочдар: Магомед Магомедов