Мусхаф., агӏо 98
-
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللَّهِ قِيلًا
Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а – Оха чубохуьйтур бу уьш /ялсаманин/ бошмашка, шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Цигахь уьш гуттар хир бу – Делан ваIда бакъ хиларца. Ткъа мила ву Делал дош бакъ олуш? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?) - /цхьа а вац/
4:122 -
لَيْسَ بِأَمَانِيِّكُمْ وَلَا أَمَانِيِّ أَهْلِ الْكِتَابِ ۗ مَنْ يَعْمَلْ سُوءًا يُجْزَ بِهِ وَلَا يَجِدْ لَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
Шун лаамашца а‚ жайнан охIланан лаамашца а дац иза. Милла велахь а, вониг деш – цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург верас а, гIоьнча а
4:123 -
وَمَنْ يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ نَقِيرًا
Милла велахь а, дика Iамалш еш, боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а, ша муъмин (ийман диллинарг) волуш – уьш чу гIур бу /ялсаманин/ беша. Цхьа- цуьрриг зулам дийр дац царна
4:124 -
وَمَنْ أَحْسَنُ دِينًا مِمَّنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لِلَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ وَاتَّبَعَ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۗ وَاتَّخَذَ اللَّهُ إِبْرَاهِيمَ خَلِيلًا
Мила ву хаза динца, ша дика мал а еш, шен юьхь Далла муьтхь а йина, ша бакъдолчунна тIетевжина хиллачу ИбрахIиман миллатана тIаьхьа хIоьттина хиллачул сов? Дала доттагI лецира ИбрахIим
4:125 -
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُحِيطًا
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо а хIума чулоцуш /Шен лманца/
4:126 -
وَيَسْتَفْتُونَكَ فِي النِّسَاءِ ۖ قُلِ اللَّهُ يُفْتِيكُمْ فِيهِنَّ وَمَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فِي الْكِتَابِ فِي يَتَامَى النِّسَاءِ اللَّاتِي لَا تُؤْتُونَهُنَّ مَا كُتِبَ لَهُنَّ وَتَرْغَبُونَ أَنْ تَنْكِحُوهُنَّ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الْوِلْدَانِ وَأَنْ تَقُومُوا لِلْيَتَامَىٰ بِالْقِسْطِ ۚ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِهِ عَلِيمًا
Хьоьга хьехам боьхуш бу уьш зударийн хьокъехь. Ахь āла: 'Дала хьехам бийр бу шуна церан хьокъехь а‚ /довзийтур ду шуна/ зударий аш шайна ирсана кхачорах лаьцна, Къуръана чохь доьшуш дерг а, /иштта довзийтур ду шуна/ байлахь дисинчу зудаберех а, шу шайна уьш бāло лууш, царна догIу урдо кхоччуш дала ца лууш болчу, заьIап хилла кIелбисинчийн берийн хьокъехь а /хьехам бийр бу Дала/: аш нийсо латтае боберашкахь. Аш диканиг дахь – и Дела и хууш хилла'
4:127
Гочдар: Магомед Магомедов