Мусхаф., агӏо 599

  1. جَزَاؤُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَشِيَ رَبَّهُ

    Церан бекхам шаьш Кхиош-кхобучун гергахь Iадн цIе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайн бухахула оьхуш хиш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш а хили Цунна реза. Иза ду ша Кхиош-кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг

    98:8
  2. إِذَا زُلْزِلَتِ الْأَرْضُ زِلْزَالَهَا

    Латта ластича, ласторца /къематдийнахь/‚

    99:1
  3. وَأَخْرَجَتِ الْأَرْضُ أَثْقَالَهَا

    Латто /шена тIера/ йозаллаш (шена тIехь мел йолу хIума адам а‚ бежна а‚ дитт а…) аракхоьссича‚

    99:2
  4. وَقَالَ الْإِنْسَانُ مَا لَهَا

    Адамо элира: 'Цунна хIун хилла?'

    99:3
  5. يَوْمَئِذٍ تُحَدِّثُ أَخْبَارَهَا

    Оцу дийнахь цо шен хабар дуьйцур ма ду,

    99:4
  6. بِأَنَّ رَبَّكَ أَوْحَىٰ لَهَا

    Хьан Кхиош-кхобучо шена хьехна ма-дду

    99:5
  7. يَوْمَئِذٍ يَصْدُرُ النَّاسُ أَشْتَاتًا لِيُرَوْا أَعْمَالَهُمْ

    Оцу дийнахь нах тобанашца дIаоьхур ма бу шайн Iамалш шайга дгайта

    99:6
  8. فَمَنْ يَعْمَلْ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ خَيْرًا يَرَهُ

    Мискъалан зарратал диканиг диначунна иза гур ма ду

    99:7
  9. وَمَنْ يَعْمَلْ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ شَرًّا يَرَهُ

    Мискъалан зарратал вониг диначунна иза а гур ма ду

    99:8
  10. وَالْعَادِيَاتِ ضَبْحًا

    /Шайн багара/ аз долуш тIехьаьдда йогIучу /говрех/ дуй боу Ас‚

    100:1
  11. فَالْمُورِيَاتِ قَدْحًا

    /Шайн бергашца лаьттах/ суйнаш кхуьссучу /говрех/ дуй боу Ас,

    100:2
  12. فَالْمُغِيرَاتِ صُبْحًا

    Iуьйрана тIелетачу /говрех/ дуй боу Ас,

    100:3
  13. فَأَثَرْنَ بِهِ نَقْعًا

    Цара аййира цигахь чан,

    100:4
  14. فَوَسَطْنَ بِهِ جَمْعًا

    Цара гобира цигахь /мостагIийн/ тобанна:

    100:5
  15. إِنَّ الْإِنْسَانَ لِرَبِّهِ لَكَنُودٌ

    Баккъалла а, адам ша Кхиош-кхобуш волчун /ниIматашна/ керста ма ду

    100:6
  16. وَإِنَّهُ عَلَىٰ ذَٰلِكَ لَشَهِيدٌ

    Баккъалла а, иза цу тIехь /ша а/ теш ма ду

    100:7
  17. وَإِنَّهُ لِحُبِّ الْخَيْرِ لَشَدِيدٌ

    Баккъалла а, иза /дуьненан/ хьал дезарехь чIогIа ма ду

    100:8
  18. أَفَلَا يَعْلَمُ إِذَا بُعْثِرَ مَا فِي الْقُبُورِ

    Цунна ца хаьа: кешний чохь мел дерг аракхоьссича‚

    100:9

Гочдар: Магомед Магомедов