Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий)
-
وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمْ مِمَّا خَلَقَ ظِلَالًا وَجَعَلَ لَكُمْ مِنَ الْجِبَالِ أَكْنَانًا وَجَعَلَ لَكُمْ سَرَابِيلَ تَقِيكُمُ الْحَرَّ وَسَرَابِيلَ تَقِيكُمْ بَأْسَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ يُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْلِمُونَ
Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух IиндагI‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочIкъийла‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах‚ хилийтина духар (тман духар) а шу лардеш вовшийн ницкъах (дераллах). Иштта кхочушдо Дала Шен ниIмат шуна тIехь, шу хилархьама муьтхь хилла
16:81 -
فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
Уьш дIаберзахь – хьуна тIехь билгал дIакхачор ду /Тхан элчалалла/
16:82 -
يَعْرِفُونَ نِعْمَتَ اللَّهِ ثُمَّ يُنْكِرُونَهَا وَأَكْثَرُهُمُ الْكَافِرُونَ
Делан ниIмат девза царна‚ тIаккха а инкарло йо цара цунна‚ царах дукхахберш керстанаш бу
16:83 -
وَيَوْمَ نَبْعَثُ مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا ثُمَّ لَا يُؤْذَنُ لِلَّذِينَ كَفَرُوا وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ
Оцу дийнахь (къематдийнахь) Оха вохуьйтур ву хIор умматах теш‚ тIаккха керстанашна (дохкобовла) пурба лур дац‚ цаьрга бехказлонаш а ялайойтур яц
16:84 -
وَإِذَا رَأَى الَّذِينَ ظَلَمُوا الْعَذَابَ فَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمْ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ
Зуламхошна (Делах цатешначарна) Iазап гича‚ царна и дайдийр а дац‚ тIаьхьатоттур а бац уьш (цунах)
16:85 -
وَإِذَا رَأَى الَّذِينَ أَشْرَكُوا شُرَكَاءَهُمْ قَالُوا رَبَّنَا هَٰؤُلَاءِ شُرَكَاؤُنَا الَّذِينَ كُنَّا نَدْعُو مِنْ دُونِكَ ۖ فَأَلْقَوْا إِلَيْهِمُ الْقَوْلَ إِنَّكُمْ لَكَاذِبُونَ
/Делаца/ накъост лаьцначара шайн 'накъостий' гича‚ эр ду: 'Тхо Кхиош-Кхобург‚ хIорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга, Хьо а витина, кхойкхуш хилла болу'. Цара цаьрга дош кхуссур ду: 'Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх'‚ аьлла
16:86 -
وَأَلْقَوْا إِلَى اللَّهِ يَوْمَئِذٍ السَّلَمَ ۖ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
Деле кховдор ю цара оцу дийнахь мукIарло‚ дIакъаьстар ду царах цара (хапц) кхуллуш хилларг
16:87 -
الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ زِدْنَاهُمْ عَذَابًا فَوْقَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُوا يُفْسِدُونَ
Цатешначарна а‚ Делан некъах /нах/ дтилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапа тIе а Iазап уьш боьханиг деш хиларна
16:88 -
وَيَوْمَ نَبْعَثُ فِي كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا عَلَيْهِمْ مِنْ أَنْفُسِهِمْ ۖ وَجِئْنَا بِكَ شَهِيدًا عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ ۚ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ تِبْيَانًا لِكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ
Оцу дийнахь хIор умматна т Оха вохуьйтур ву (шайгахьа волу а-тешаш хиллачарна) шайна дуьхьал волу а – цатешачарна) теш царах шайх‚ хьо (хй Мухьаммад) валор ву Оха хIокхарна /шайгахьа волу а, шайна /дуьхьал волу а теш хилла. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусалбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу
16:89 -
إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ وَالْإِحْسَانِ وَإِيتَاءِ ذِي الْقُرْبَىٰ وَيَنْهَىٰ عَنِ الْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ وَالْبَغْيِ ۚ يَعِظُكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг /леладе олий/ а‚ гергарчарна /сагIа/ далар а; ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо; хьехам тIелоцур бацара-те аш
16:90 -
وَأَوْفُوا بِعَهْدِ اللَّهِ إِذَا عَاهَدْتُمْ وَلَا تَنْقُضُوا الْأَيْمَانَ بَعْدَ تَوْكِيدِهَا وَقَدْ جَعَلْتُمُ اللَّهَ عَلَيْكُمْ كَفِيلًا ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ
Делаца йина чIагIо кхочушъе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш ма къарбе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аш Дела ма вина шайна тIехь теш. Баккъалла а, Далла хаьа аш дийриг
16:91 -
وَلَا تَكُونُوا كَالَّتِي نَقَضَتْ غَزْلَهَا مِنْ بَعْدِ قُوَّةٍ أَنْكَاثًا تَتَّخِذُونَ أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ أَنْ تَكُونَ أُمَّةٌ هِيَ أَرْبَىٰ مِنْ أُمَّةٍ ۚ إِنَّمَا يَبْلُوكُمُ اللَّهُ بِهِ ۚ وَلَيُبَيِّنَنَّ لَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала бинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшашна юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарал хьал сов долуш хилийтархьама. Дала шу цуьнца (ваа кхочушъе аларца) зуьйш ду. Цо шуна къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг
16:92 -
وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَلَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Далла лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а, Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга /къематдийнахь/ хаттанза дуьтур ма дац аш /дуьненахь/ лелош хиллачух
16:93 -
وَلَا تَتَّخِذُوا أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ فَتَزِلَّ قَدَمٌ بَعْدَ ثُبُوتِهَا وَتَذُوقُوا السُّوءَ بِمَا صَدَدْتُمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلَكُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Шайн дуйнех вовшашна юккъехь харцонаш ма елаш – шайн ког ца шаршийта и чIагIбелла лаьтташ хиллачул тIаьхьа‚ /аш и хманаш дахь/ вониг Iовшур ду аш шаьш Делан некъах /нах/ тилорна‚ шуна деза- доккха Iазап а хир ду
16:94 -
وَلَا تَشْتَرُوا بِعَهْدِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ إِنَّمَا عِنْدَ اللَّهِ هُوَ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Ма эца Делан ваIданах кIеззиг мах! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь
16:95 -
مَا عِنْدَكُمْ يَنْفَدُ ۖ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ بَاقٍ ۗ وَلَنَجْزِيَنَّ الَّذِينَ صَبَرُوا أَجْرَهُمْ بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Далла гергахь дерг бухадуьсур ду. Собаре хиллачарна дIаялаза юьтур ма яц Оха шайн ял цара деш хиллачух уггар хазачуьнца
16:96 -
مَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَنُحْيِيَنَّهُ حَيَاةً طَيِّبَةً ۖ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَجْرَهُمْ بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин болуш – уьш денбийр ма бу Оха хазчу дāхарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачух уггар хазчуьнца
16:97 -
فَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ
Айхьа Къуръан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь, тIулгаш кхуьссуш, эккхочу шайтIанах
16:98 -
إِنَّهُ لَيْسَ لَهُ سُلْطَانٌ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Баккъалла а, цуьнан бакъо яц, ийман а диллина, шайн Кхиош-Кхобучунна тIетовжуш болчарна тIехь
16:99 -
إِنَّمَا سُلْطَانُهُ عَلَى الَّذِينَ يَتَوَلَّوْنَهُ وَالَّذِينَ هُمْ بِهِ مُشْرِكُونَ
Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ верасалла лелочарна тIехь а‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а
16:100
Гочдар: Магомед Магомедов