Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий)

  1. أَمْوَاتٌ غَيْرُ أَحْيَاءٍ ۖ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ

    Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ маца денбийр бу уьш (шайна бадат деш хилларш)

    16:21
  2. إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۚ فَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ قُلُوبُهُمْ مُنْكِرَةٌ وَهُمْ مُسْتَكْبِرُونَ

    Шун дела Ша цхьаъ волу Дела ву (Шена бадат дан массо а хьакъ волу). Шаьш эхартах ца тешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла а бу уьш (бакъдерг т ца лоцуш)

    16:22
  3. لَا جَرَمَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْتَكْبِرِينَ

    Шеко йоццуш, Далла ма хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цунна ца беза курабевларш

    16:23
  4. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ مَاذَا أَنْزَلَ رَبُّكُمْ ۙ قَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ

    Цаьрга (мушрикашка) аьлча: 'ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?'‚ цара олу: 'Хьалхалерачийн (хьалха баьхначу нехан) туьйранаш '

    16:24
  5. لِيَحْمِلُوا أَوْزَارَهُمْ كَامِلَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۙ وَمِنْ أَوْزَارِ الَّذِينَ يُضِلُّونَهُمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ أَلَا سَاءَ مَا يَزِرُونَ

    Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийначеран мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!? /Хили!/

    16:25
  6. قَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَأَتَى اللَّهُ بُنْيَانَهُمْ مِنَ الْقَوَاعِدِ فَخَرَّ عَلَيْهِمُ السَّقْفُ مِنْ فَوْقِهِمْ وَأَتَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ

    Царал хьалха хиллачара а мекарло йира – дIаяьккхира Дала церан гIишло (церан мекарло) баххашкара дуьйна‚ тхов тIебуьйжира царна тIехула. Цо Iазап даийтира царна шайна ца хаалучухула

    16:26
  7. ثُمَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يُخْزِيهِمْ وَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنْتُمْ تُشَاقُّونَ فِيهِمْ ۚ قَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ إِنَّ الْخِزْيَ الْيَوْمَ وَالسُّوءَ عَلَى الْكَافِرِينَ

    ТIаккха къематдийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр а ду (цаьрга): 'Мичахь бу Сан 'накъостий' (аш Соьца нисбеш хилла болу харц деланаш)‚ шаьш бахьанехь аш /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?' Шайна Iилма деллачара эр: 'Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚

    16:27
  8. الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ ظَالِمِي أَنْفُسِهِمْ ۖ فَأَلْقَوُا السَّلَمَ مَا كُنَّا نَعْمَلُ مِنْ سُوءٍ ۚ بَلَىٰ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Маликаша болуьйтуш (шайн синош схьаоьцуш) болу шаьш шайна зулам дечу хьолехь'. ТIаккха /шайн синош схьаоьцучу хенахь/ муьтIахь хилира уьш: 'Тхо дацара вониг деш'. ХIаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аш деш хилларг

    16:28
  9. فَادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ فَلَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ

    'Жоьжахати чу гIуо неIаршкахула‚ даима а цу чохь дуьсуш. Ма вон ю-кх курабевллачеран чугIойла'

    16:29
  10. وَقِيلَ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا مَاذَا أَنْزَلَ رَبُّكُمْ ۚ قَالُوا خَيْرًا ۗ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ ۚ وَلَدَارُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ ۚ وَلَنِعْمَ دَارُ الْمُتَّقِينَ

    /Делах/ кхийринчаьрга элира: 'ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?'‚ цара элира: 'Диканиг'. Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан хсам тоьлуш ю. Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран хсам!

    16:30
  11. جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْزِي اللَّهُ الْمُتَّقِينَ

    Шайна бухахула хиш оьхуш йолу Iаднан бошмаш – царна чу гIур бу уьш. Царна цу чохь шайна (мел) езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна

    16:31
  12. الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ طَيِّبِينَ ۙ يَقُولُونَ سَلَامٌ عَلَيْكُمُ ادْخُلُوا الْجَنَّةَ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шаьш маликаша (синош оьцуш), (къинойх) цIена а болуш, болуьйтуш болчу (Делах кхоьруш хилачу муъмин нахе), олу: 'Маршалла ду шуьга! Чу гIуо ялсаманина шаьш /дика/ Iамал еш хиларна'

    16:32
  13. هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا أَنْ تَأْتِيَهُمُ الْمَلَائِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ أَمْرُ رَبِّكَ ۚ كَذَٰلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ وَمَا ظَلَمَهُمُ اللَّهُ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Уьш (керстанаш) хьовсуш бу-те шайга (синош иэца) маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-Кхобучун (шайна зап дан) омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а, шаьш шайна зулам деш хилира уьш

    16:33
  14. فَأَصَابَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُوا وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Шаьш дина вонаш (бекхам хилла) шайх дахара царах‚ шаьш ца дēшаш хилларг шайх дахара царах

    16:34
  15. وَقَالَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا عَبَدْنَا مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ نَحْنُ وَلَا آبَاؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ كَذَٰلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ فَهَلْ عَلَى الرُّسُلِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ

    /Делаца/ накъост лаьцначара элира: 'Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха'. Иштта /хьукма/ дора царал хьалха хиллачара а. Элчанашна тIехь дуй ткъа (Дала делларг нахе) къеггина дIакхачор бен?

    16:35
  16. وَلَقَدْ بَعَثْنَا فِي كُلِّ أُمَّةٍ رَسُولًا أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاجْتَنِبُوا الطَّاغُوتَ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ هَدَى اللَّهُ وَمِنْهُمْ مَنْ حَقَّتْ عَلَيْهِ الضَّلَالَةُ ۚ فَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ

    ХIор уммате Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ тIагIутах генадовла‚ аьлла. Царах (оцу умматех) Дала нисбинарш а бу‚ царах шайна тIехь (нийсачу некъах) дтилар кхочушхилларш а бу. Лела шу лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла /Делан цIена дин / харцдиначеран чаккхе!

    16:36
  17. إِنْ تَحْرِصْ عَلَىٰ هُدَاهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ يُضِلُّ ۖ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Уьш нисбала хьуна мел чг лиъчи а, Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна (Делан запах клхьарабаха) гIоьнчий ма бац

    16:37
  18. وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ ۙ لَا يَبْعَثُ اللَّهُ مَنْ يَمُوتُ ۚ بَلَىٰ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Делах чIогIа дуйнаш ма биъна цара 'Денвийр вац Дала велларг'‚ бохуш. Мелхо а, иза бакъ хилла йолу ваIда ю-кх Цуьнгара! Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх;

    16:38
  19. لِيُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي يَخْتَلِفُونَ فِيهِ وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّهُمْ كَانُوا كَاذِبِينَ

    Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла

    16:39
  20. إِنَّمَا قَوْلُنَا لِشَيْءٍ إِذَا أَرَدْنَاهُ أَنْ نَقُولَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Баккъалла а, Тхан дош ду цхьана хIумане, Тхуна и /хила/ лиъча, цуьнга 'Хила!' алар. Тккха и хуьлу

    16:40

Гочдар: Магомед Магомедов