Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий)
-
وَإِذَا بَدَّلْنَا آيَةً مَكَانَ آيَةٍ ۙ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُنَزِّلُ قَالُوا إِنَّمَا أَنْتَ مُفْتَرٍ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Оха аят /кхечу/ аятаца хийцича, – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: 'Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву'. ХIаъ‚ царах дуккхахберш хууш бац
16:101 -
قُلْ نَزَّلَهُ رُوحُ الْقُدُسِ مِنْ رَبِّكَ بِالْحَقِّ لِيُثَبِّتَ الَّذِينَ آمَنُوا وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ
Ахь āла: 'И /Къуръанан аят/ доссийна Дезчу сино хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама ийман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусалба нахана'
16:102 -
وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّهُمْ يَقُولُونَ إِنَّمَا يُعَلِّمُهُ بَشَرٌ ۗ لِسَانُ الَّذِي يُلْحِدُونَ إِلَيْهِ أَعْجَمِيٌّ وَهَٰذَا لِسَانٌ عَرَبِيٌّ مُبِينٌ
Тхуна хууш ду‚ цара олу: 'Иза Iамавеш ву адамо'. Уьш шена тIекхийдаш берг Iажам мотт ма бу‚ ткъа хIара билггал Iаьрбийн мотт ма бу
16:103 -
إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ لَا يَهْدِيهِمُ اللَّهُ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – Дала нисбийр бац уьш (нийсачу новкъа)‚ царна лазош долу Iазап хир ду
16:104 -
إِنَّمَا يَفْتَرِي الْكَذِبَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْكَاذِبُونَ
Баккъалла а, /Делан сибаташ тхь/ харцдерг кхуллу Делан аятех ца тешаш болчара - ткъа уьш ма бу харцлуьйш берш
16:105 -
مَنْ كَفَرَ بِاللَّهِ مِنْ بَعْدِ إِيمَانِهِ إِلَّا مَنْ أُكْرِهَ وَقَلْبُهُ مُطْمَئِنٌّ بِالْإِيمَانِ وَلَٰكِنْ مَنْ شَرَحَ بِالْكُفْرِ صَدْرًا فَعَلَيْهِمْ غَضَبٌ مِنَ اللَّهِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Ша ийман диллинчул тIаьхьа Далла керстаналла динарг‚ шен дог ийманца чIагIделла а долуш, шена ницкъ бинарг воцуш‚ керстаналлина шен дог дделлинарг – царна Делера оьгIазло а ю‚ царна деза-доккха Iазап а ду
16:106 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمُ اسْتَحَبُّوا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا عَلَى الْآخِرَةِ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ
Иза (зап) - царна Эхартал дуьненан дахар сов дезарна ду‚ Дала (нийсачу новкъа) нисбеш цахиларна ду керста къам
16:107 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ طَبَعَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ
Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бIаьрсинна а мухIар тоьхнарш - уьш бу шаьш гIопал берш!
16:108 -
لَا جَرَمَ أَنَّهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Шеко яц Эхартахь уьш эшнарш хиларан
16:109 -
ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ هَاجَرُوا مِنْ بَعْدِ مَا فُتِنُوا ثُمَّ جَاهَدُوا وَصَبَرُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург /гечдеш ву/ хIижар диначарна, шаьш питане лаьцначул тIаьхьа къахьегна болчу‚ собар дина болчу, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву
16:110 -
يَوْمَ تَأْتِي كُلُّ نَفْسٍ تُجَادِلُ عَنْ نَفْسِهَا وَتُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَا عَمِلَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Оцу /къемат/дийнахь хр са догIур ду ша къуьйсуш (шен болх балхош)‚ массо а синна /кхоччуш/ лур ду цо ша /дуьненахь/ динарг. Царна зулам дийр дац (царна харцо йийр яц)!
16:111 -
وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا قَرْيَةً كَانَتْ آمِنَةً مُطْمَئِنَّةً يَأْتِيهَا رِزْقُهَا رَغَدًا مِنْ كُلِّ مَكَانٍ فَكَفَرَتْ بِأَنْعُمِ اللَّهِ فَأَذَاقَهَا اللَّهُ لِبَاسَ الْجُوعِ وَالْخَوْفِ بِمَا كَانُوا يَصْنَعُونَ
Дала масаллина ялийна цхьа юрт (Макка). И хилла маьрша а‚ паргIат а: цунна (юьртарчу нахана) шортта шен рицкъ догIура массо а меттигера. ТIаккха цо (Маккин охано) Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар цара деш хилларг бахьанехь
16:112 -
وَلَقَدْ جَاءَهُمْ رَسُولٌ مِنْهُمْ فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ وَهُمْ ظَالِمُونَ
Цаьрга веара элча, царах а волуш – цара иза харцвира. ТIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ шаьш зуламхой а болуш (харцонна тхь а болуш)
16:113 -
فَكُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ حَلَالًا طَيِّبًا وَاشْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
Аш даа Дала шайна деллачу рицкьих хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь
16:114 -
إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالدَّمَ وَلَحْمَ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۖ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIе яьккхинарг а (шена урс хьокхучу хенахь). Ша (яаза) ца ваьлларг /мацалла ца вала/ ‚ къа деш воцуш (и яар магош доцуш), барамал тх ца волуш(вуззалц а ца юуш)‚ – тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву (ца ваьлла и хьарамйина хма йиъначунна)
16:115 -
وَلَا تَقُولُوا لِمَا تَصِفُ أَلْسِنَتُكُمُ الْكَذِبَ هَٰذَا حَلَالٌ وَهَٰذَا حَرَامٌ لِتَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ لَا يُفْلِحُونَ
Аш ма āлалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдерг бахьанехь: 'ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду'‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр болуш бац
16:116 -
مَتَاعٌ قَلِيلٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
КIеззиг зовкх хьегар ду /и царна/ - лазош долу Iазап ду царна /кечдина/
16:117 -
وَعَلَى الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا مَا قَصَصْنَا عَلَيْكَ مِنْ قَبْلُ ۖ وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шаьш шайна зулам деш
16:118 -
ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ عَمِلُوا السُّوءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба деш дика Iамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву
16:119 -
إِنَّ إِبْرَاهِيمَ كَانَ أُمَّةً قَانِتًا لِلَّهِ حَنِيفًا وَلَمْ يَكُ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам‚ цIена дин дерг‚ и ца хилла ширк дечарах
16:120
Гочдар: Магомед Магомедов