Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 62
-
إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَإِذَا كَانُوا مَعَهُ عَلَىٰ أَمْرٍ جَامِعٍ لَمْ يَذْهَبُوا حَتَّىٰ يَسْتَأْذِنُوهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَسْتَأْذِنُونَكَ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ۚ فَإِذَا اسْتَأْذَنُوكَ لِبَعْضِ شَأْنِهِمْ فَأْذَنْ لِمَنْ شِئْتَ مِنْهُمْ وَاسْتَغْفِرْ لَهُمُ اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Баккъалла а, муъмин нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца (Делан элчанца) долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьга пурба доьхурш – уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царах хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву
24:62
Гочдар: Магомед Магомедов