Мусхаф., агӏо 30
-
وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ وَأَخْرِجُوهُمْ مِنْ حَيْثُ أَخْرَجُوكُمْ ۚ وَالْفِتْنَةُ أَشَدُّ مِنَ الْقَتْلِ ۚ وَلَا تُقَاتِلُوهُمْ عِنْدَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ حَتَّىٰ يُقَاتِلُوكُمْ فِيهِ ۖ فَإِنْ قَاتَلُوكُمْ فَاقْتُلُوهُمْ ۗ كَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْكَافِرِينَ
Байа уьш шайна карабаьхккинчохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. Питана чIогIа ду стаг вēрал а. ТIом ма бе цаьрца Деза Маьждигана уллохь‚ цара шайца тм ца бахь. Цара шайца бахь /тIом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам
2:191 -
فَإِنِ انْتَهَوْا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Уьш совцахь – Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву
2:192 -
وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ لِلَّهِ ۖ فَإِنِ انْتَهَوْا فَلَا عُدْوَانَ إِلَّا عَلَى الظَّالِمِينَ
ТIом бе цаьрца питана саццалц‚ дин / деш долу бадат деккъа цхьана Далла хиллалц/. Уьш совцахь/тм бечуьра/ – тIелатар ма де зулам дечарна бен
2:193 -
الشَّهْرُ الْحَرَامُ بِالشَّهْرِ الْحَرَامِ وَالْحُرُمَاتُ قِصَاصٌ ۚ فَمَنِ اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ فَاعْتَدُوا عَلَيْهِ بِمِثْلِ مَا اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ
Лераме бутт – лераме баттаца‚ хьурматаш а – чр эца дезаш ду. Шайна цхьаъ тIелатахь – шу а тIелата цунна‚ и шайна тIе ма летта. Делах кхера, шуна хаа и Дела Шех кхоьручаьрца вуйла
2:194 -
وَأَنْفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا تُلْقُوا بِأَيْدِيكُمْ إِلَى التَّهْلُكَةِ ۛ وَأَحْسِنُوا ۛ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Харжаш е Делан новкъахь. Шайн куьйгашца шаьш хIаллак ма де. Диканиг де. Далла дукхабеза диканиг деш берш
2:195 -
وَأَتِمُّوا الْحَجَّ وَالْعُمْرَةَ لِلَّهِ ۚ فَإِنْ أُحْصِرْتُمْ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۖ وَلَا تَحْلِقُوا رُءُوسَكُمْ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْهَدْيُ مَحِلَّهُ ۚ فَمَنْ كَانَ مِنْكُمْ مَرِيضًا أَوْ بِهِ أَذًى مِنْ رَأْسِهِ فَفِدْيَةٌ مِنْ صِيَامٍ أَوْ صَدَقَةٍ أَوْ نُسُكٍ ۚ فَإِذَا أَمِنْتُمْ فَمَنْ تَمَتَّعَ بِالْعُمْرَةِ إِلَى الْحَجِّ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۚ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَاثَةِ أَيَّامٍ فِي الْحَجِّ وَسَبْعَةٍ إِذَا رَجَعْتُمْ ۗ تِلْكَ عَشَرَةٌ كَامِلَةٌ ۗ ذَٰلِكَ لِمَنْ لَمْ يَكُنْ أَهْلُهُ حَاضِرِي الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Кхочушде хьаьждехкар а‚ Iумрат а Дела дуьхьа. Шун аьтто боьхнехь /цхьана хмано новкъарло йина/, шайн ницкъ кхочу бежана де сагIийна. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц. Шух цхьаъ цомгуш велахь я коьртан цамгар йолуш велахь – /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха кхобур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьанна ах сахь луш/‚ я уьстагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIатдевлача‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаьждехкарал – шена ницкъ кхочу болу бежанна урс хьакха сагIийна. И ца карадахь – марха кхобур ду кхаа дийнахь хьаьждоьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь – цIа юхавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Деза Маьждигана гонахь боцчарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела таIзар дарехь чIогIа вуйла
2:196
Гочдар: Магомед Магомедов