Мусхаф., агӏо 34

  1. كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ وَهُوَ كُرْهٌ لَكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَنْ تَكْرَهُوا شَيْئًا وَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَنْ تُحِبُّوا شَيْئًا وَهُوَ شَرٌّ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хIума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа хIума, и шуна вон а долуш. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац

    2:216
  2. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الشَّهْرِ الْحَرَامِ قِتَالٍ فِيهِ ۖ قُلْ قِتَالٌ فِيهِ كَبِيرٌ ۖ وَصَدٌّ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَكُفْرٌ بِهِ وَالْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَإِخْرَاجُ أَهْلِهِ مِنْهُ أَكْبَرُ عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَالْفِتْنَةُ أَكْبَرُ مِنَ الْقَتْلِ ۗ وَلَا يَزَالُونَ يُقَاتِلُونَكُمْ حَتَّىٰ يَرُدُّوكُمْ عَنْ دِينِكُمْ إِنِ اسْتَطَاعُوا ۚ وَمَنْ يَرْتَدِدْ مِنْكُمْ عَنْ دِينِهِ فَيَمُتْ وَهُوَ كَافِرٌ فَأُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ وَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна‚ цу чохь тIом барх. Ахь āла: 'Цу чохь тIом бар – доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах цатешар а‚ Деза Маьждигах /нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду Далла гергахь'. Питана доккха ду тIом барал а. Уьш (керстанаш) совцур бац тIом бечуьра шу шайн динах дIадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дIавирзина керста хьолехь велларг – уьш бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а. Уьш бу жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу

    2:217
  3. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ يَرْجُونَ رَحْمَتَ اللَّهِ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ хIижар динарш а‚ Делан новкъахь къийсам латтийнарш а – уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    2:218
  4. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ ۖ قُلْ فِيهِمَا إِثْمٌ كَبِيرٌ وَمَنَافِعُ لِلنَّاسِ وَإِثْمُهُمَا أَكْبَرُ مِنْ نَفْعِهِمَا ۗ وَيَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنْفِقُونَ قُلِ الْعَفْوَ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ

    Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирх а лаьцна‚ ахь āла: 'Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду царна чохь болчу пайданал'. Юха а хоьтту цара хьоьга: 'ХIун доккхур ду шаьш сагIина?' Ахь āла: 'Совдаьлларг'. Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш

    2:219

Гочдар: Магомед Магомедов