Сурат 38 Сад
-
قَالُوا رَبَّنَا مَنْ قَدَّمَ لَنَا هَٰذَا فَزِدْهُ عَذَابًا ضِعْفًا فِي النَّارِ
Цара элира: 'Везан Дела‚ хIара тхуна хьалхадаьккхинчунна тIетохалахь Iазап шозза цIаргахь'
38:61 -
وَقَالُوا مَا لَنَا لَا نَرَىٰ رِجَالًا كُنَّا نَعُدُّهُمْ مِنَ الْأَشْرَارِ
Цара элира: 'Вайна хIун хилла ца ган божарий‚ вай шаьш вочарах лоруш хилла болу /дуьненахь/?
38:62 -
أَتَّخَذْنَاهُمْ سِخْرِيًّا أَمْ زَاغَتْ عَنْهُمُ الْأَبْصَارُ
Вай ца дешаш дара царах‚ я /вайн/ бIаьрг царах дIатили?'
38:63 -
إِنَّ ذَٰلِكَ لَحَقٌّ تَخَاصُمُ أَهْلِ النَّارِ
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду жоьжахатин дайша вовшашца къийсар
38:64 -
قُلْ إِنَّمَا أَنَا مُنْذِرٌ ۖ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
Ахь āла: 'Баккъалла а, со кхерамча ву. Ма вац цхьа а дела Ша веккъа Цхьаъ волу‚ тх нуьцкъала волу АллахI бен
38:65 -
رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الْعَزِيزُ الْغَفَّارُ
Ша стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша веза волу‚ тх гечдеш волу'
38:66 -
قُلْ هُوَ نَبَأٌ عَظِيمٌ
Ахь āла: 'Иза сийлахь доккха хабар ду
38:67 -
أَنْتُمْ عَنْهُ مُعْرِضُونَ
Шу цунах дIадоьрзуш ду
38:68 -
مَا كَانَ لِيَ مِنْ عِلْمٍ بِالْمَلَإِ الْأَعْلَىٰ إِذْ يَخْتَصِمُونَ
Суна ца хили лаккхарчу элих (Далла гергахь долу маликех) лаьцна хаар, уьш къуьйсуш болуш./Āдаман хьокъехь/
38:69 -
إِنْ يُوحَىٰ إِلَيَّ إِلَّا أَنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Суна вехьеца хаийтина со билгала кхерамча вуйла'
38:70 -
إِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي خَالِقٌ بَشَرًا مِنْ طِينٍ
Дагадаийта! Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: 'Баккъалла а, Со кхолла воллу адам поппарх
38:71 -
فَإِذَا سَوَّيْتُهُ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِنْ رُوحِي فَقَعُوا لَهُ سَاجِدِينَ
Ас иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича, цунна /сий деш/ суждане гIолаш'
38:72 -
فَسَجَدَ الْمَلَائِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ
Сужуд дира маликаша массара а
38:73 -
إِلَّا إِبْلِيسَ اسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ الْكَافِرِينَ
/Цхьа/Иблис юкъарадолуш цо куралла йира‚ и хилира керстанех
38:74 -
قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا مَنَعَكَ أَنْ تَسْجُدَ لِمَا خَلَقْتُ بِيَدَيَّ ۖ أَسْتَكْبَرْتَ أَمْ كُنْتَ مِنَ الْعَالِينَ
Цо (Дала) элира: 'ХIай иблис‚ стено дуьхьало йина хьуна сужуд дан Ас кхоьллинчунна Сан куьйгашца? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла хьаладала гIертачарах'
38:75 -
قَالَ أَنَا خَيْرٌ مِنْهُ ۖ خَلَقْتَنِي مِنْ نَارٍ وَخَلَقْتَهُ مِنْ طِينٍ
Цо элира: 'Со цул (Āдамал) дика ду. Со кхоьллина Ахь цIарах‚ и кхоьллина Ахь топпарх'
38:76 -
قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ
Цо (Дала) элира: 'Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо неIалт аьлла /массо а диканах/ хадийнарг ду
38:77 -
وَإِنَّ عَلَيْكَ لَعْنَتِي إِلَىٰ يَوْمِ الدِّينِ
Баккъалла а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де далц'
38:78 -
قَالَ رَبِّ فَأَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ
Цо (иблисо) элира: 'Везан Дела‚ хан яхъехь сан уьш (адамаш) юхаденбен де ткхаччалц'. ('Къематде далц ца долуьйтуш дитахь со')
38:79 -
قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ
Цо элира: 'Баккъалла а, хан яхъйиначарах ду-кх хьо!
38:80
Гочдар: Магомед Магомедов