Сурат 38 Сад

  1. وَاذْكُرْ عَبْدَنَا أَيُّوبَ إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الشَّيْطَانُ بِنُصْبٍ وَعَذَابٍ

    Дагавайта Тхан лай Аюб‚ цо кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: 'Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапаца а'

    38:41
  2. ارْكُضْ بِرِجْلِكَ ۖ هَٰذَا مُغْتَسَلٌ بَارِدٌ وَشَرَابٌ

    /Элира цуьнга/: 'Тоха хьан когаца! ХIара шийла лийчар а ду‚ малар а ду'

    38:42
  3. وَوَهَبْنَا لَهُ أَهْلَهُ وَمِثْلَهُمْ مَعَهُمْ رَحْمَةً مِنَّا وَذِكْرَىٰ لِأُولِي الْأَلْبَابِ

    Оха дбелира цунна шен доьзал а‚ кхин царал а цаьрца цхьана Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчарна хьехам а хилла

    38:43
  4. وَخُذْ بِيَدِكَ ضِغْثًا فَاضْرِبْ بِهِ وَلَا تَحْنَثْ ۗ إِنَّا وَجَدْنَاهُ صَابِرًا ۚ نِعْمَ الْعَبْدُ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ

    /Оха элира цуьнга/: 'Схьаэца хьан куьйга цIов‚ цуьнца тоха‚ хьан дуй къера ма хилийта!' Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай ву. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ воьрзуш верг ву

    38:44
  5. وَاذْكُرْ عِبَادَنَا إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ أُولِي الْأَيْدِي وَالْأَبْصَارِ

    Дагабайта Тхан леш ИбрахIим‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ шайгахь ницкъ хилла болу /Далла Iибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин кхочушдарехь/

    38:45
  6. إِنَّا أَخْلَصْنَاهُمْ بِخَالِصَةٍ ذِكْرَى الدَّارِ

    Оха цIанбира уьш цIенчу Iалашонна /эхартан/ цIа дагадайтан

    38:46
  7. وَإِنَّهُمْ عِنْدَنَا لَمِنَ الْمُصْطَفَيْنَ الْأَخْيَارِ

    Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарах‚ дикачарах бу

    38:47
  8. وَاذْكُرْ إِسْمَاعِيلَ وَالْيَسَعَ وَذَا الْكِفْلِ ۖ وَكُلٌّ مِنَ الْأَخْيَارِ

    Дагабайта (хьахабе) ИсмаIил а‚ АльясаI а‚ Зуль-Кифл а берриге а дикачарах бу

    38:48
  9. هَٰذَا ذِكْرٌ ۚ وَإِنَّ لِلْمُتَّقِينَ لَحُسْنَ مَآبٍ

    ХIара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна дика тIевоьрзийла ю

    38:49
  10. جَنَّاتِ عَدْنٍ مُفَتَّحَةً لَهُمُ الْأَبْوَابُ

    Iаднан бошмаш ю царна‚ /шайн/ неIарш дIаеллина йолу

    38:50
  11. مُتَّكِئِينَ فِيهَا يَدْعُونَ فِيهَا بِفَاكِهَةٍ كَثِيرَةٍ وَشَرَابٍ

    Тевжина лаьтташ /хир бу уьш/ цигахь‚ цара схьабоьхуш (царна ткхоьхьуш) цу чохь дуккха стоьмаш а‚ малар а /хир ду/

    38:51
  12. وَعِنْدَهُمْ قَاصِرَاتُ الطَّرْفِ أَتْرَابٌ

    Царна бу бIаьргаш гатта болу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/

    38:52
  13. هَٰذَا مَا تُوعَدُونَ لِيَوْمِ الْحِسَابِ

    ХIара ду-кх шуна /дуьненахь долуш/ хир ду аьлларг хьесапан денна

    38:53
  14. إِنَّ هَٰذَا لَرِزْقُنَا مَا لَهُ مِنْ نَفَادٍ

    Баккъалла а, хIара Тхан рицкъ ду‚ цунна кхачадалар дац

    38:54
  15. هَٰذَا ۚ وَإِنَّ لِلطَّاغِينَ لَشَرَّ مَآبٍ

    ХIара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах бевлинчарна вон тIевоьрзийла ю-кх!

    38:55
  16. جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا فَبِئْسَ الْمِهَادُ

    Жоьжахати цу чохь бегар бу уьш ма вон /дIавуьжу/ мотт бу-кх /иза/

    38:56
  17. هَٰذَا فَلْيَذُوقُوهُ حَمِيمٌ وَغَسَّاقٌ

    ХIара /Iазап/ Iовшийла цара‚ и ду лелина хи а‚ нотIкъа а

    38:57
  18. وَآخَرُ مِنْ شَكْلِهِ أَزْوَاجٌ

    Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Iазапаш хир ду царна/

    38:58
  19. هَٰذَا فَوْجٌ مُقْتَحِمٌ مَعَكُمْ ۖ لَا مَرْحَبًا بِهِمْ ۚ إِنَّهُمْ صَالُو النَّارِ

    ХIара толгIе ю шуьца цхьана /жоьжахатина/ чу йоьдуш. 'Марша догIийла' дац царна. Баккъалла а, уьш цIаргахь бегар бу-кх (баьгга чекх ца бовлуш)

    38:59
  20. قَالُوا بَلْ أَنْتُمْ لَا مَرْحَبًا بِكُمْ ۖ أَنْتُمْ قَدَّمْتُمُوهُ لَنَا ۖ فَبِئْسَ الْقَرَارُ

    Цара элира: 'ХIаъ‚ шуна 'марша догIийла' дац-кх. Аш хьалхадаьккхина тхуна хIара. Ма вон чIагIо ю-кх!'

    38:60

Гочдар: Магомед Магомедов