Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш)

  1. وَيُنَجِّي اللَّهُ الَّذِينَ اتَّقَوْا بِمَفَازَتِهِمْ لَا يَمَسُّهُمُ السُّوءُ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Дала кIелхьарбохур бу /Делах/ кхоьруш хилларш /шаьш лоьху ялсамани шайна хуьлуш/ шайна толам хиларца. Царах хьакхалур дац боьха хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац

    39:61
  2. اللَّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ

    Дела ву массо а хIуманан кхоллархо. Иза массо а хIуманан векал а ву

    39:62
  3. لَهُ مَقَالِيدُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а дōгIанаш. Делан аятех цатешнарш уьш бу эшнарш

    39:63
  4. قُلْ أَفَغَيْرَ اللَّهِ تَأْمُرُونِّي أَعْبُدُ أَيُّهَا الْجَاهِلُونَ

    Ахь āла: 'Дела воцчунна омра до аш соьга Iибадат де, олий‚ хIай‚ жехIал нах?!'

    39:64
  5. وَلَقَدْ أُوحِيَ إِلَيْكَ وَإِلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكَ لَئِنْ أَشْرَكْتَ لَيَحْبَطَنَّ عَمَلُكَ وَلَتَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Хьоьга вехьеца хаийтина‚ хьол хьалхалерчаьрга а: 'Ахь накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Iамал йоьйур ю хьуна‚ хьо эшначарах хир ву хьуна'

    39:65
  6. بَلِ اللَّهَ فَاعْبُدْ وَكُنْ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    ХIаъ‚ Далла Iибадат де ахь‚ хьо хила /Далла/ шукур дечарах

    39:66
  7. وَمَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ وَالْأَرْضُ جَمِيعًا قَبْضَتُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَالسَّمَاوَاتُ مَطْوِيَّاتٌ بِيَمِينِهِ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Мах ца хадийра цара Делан хадо ма безза‚ латта дерриг Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. /Массо а кхачамбацарех/ цIена ву Иза‚ лакхавели цара /Шеца/ накъост лацарх

    39:67
  8. وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَصَعِقَ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ إِلَّا مَنْ شَاءَ اللَّهُ ۖ ثُمَّ نُفِخَ فِيهِ أُخْرَىٰ فَإِذَا هُمْ قِيَامٌ يَنْظُرُونَ

    Сур лекхира тентакваьлира стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха а лекхира /сур/ кхин цкъа уьш /кешнашкара/ гIевтина бисира, хьоьжуш

    39:68
  9. وَأَشْرَقَتِ الْأَرْضُ بِنُورِ رَبِّهَا وَوُضِعَ الْكِتَابُ وَجِيءَ بِالنَّبِيِّينَ وَالشُّهَدَاءِ وَقُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْحَقِّ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    Къегира латта шен Кхиош-кхобучун нураца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац

    39:69
  10. وَوُفِّيَتْ كُلُّ نَفْسٍ مَا عَمِلَتْ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَا يَفْعَلُونَ

    ДIаделира /механа/ хIора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг

    39:70
  11. وَسِيقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَىٰ جَهَنَّمَ زُمَرًا ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوهَا فُتِحَتْ أَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌ مِنْكُمْ يَتْلُونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِ رَبِّكُمْ وَيُنْذِرُونَكُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا ۚ قَالُوا بَلَىٰ وَلَٰكِنْ حَقَّتْ كَلِمَةُ الْعَذَابِ عَلَى الْكَافِرِينَ

    ДIабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: 'Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юккъера‚ шаьш шуна шун Кхиош-кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дIахьедош шун хIокху денна дуьхьалкхетар?' Цара элира: 'ХIаъ‚ делахь а, бакъхили керстанашна Iазап хир ду аьлла дош'

    39:71
  12. قِيلَ ادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ فَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ

    Элира: 'ЧугIо жоьжахатина неIаршкахула, лаьтташ цу чохь гуттарена а'. Ма вон ю-кх курабевллачеран чохь Iен меттиг

    39:72
  13. وَسِيقَ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ إِلَى الْجَنَّةِ زُمَرًا ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوهَا وَفُتِحَتْ أَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا سَلَامٌ عَلَيْكُمْ طِبْتُمْ فَادْخُلُوهَا خَالِدِينَ

    ДIабигира шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: 'Салам-маршалла ду шуьга. Декъала хили шу. ЧугIо цунна гуттарена а'

    39:73
  14. وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي صَدَقَنَا وَعْدَهُ وَأَوْرَثَنَا الْأَرْضَ نَتَبَوَّأُ مِنَ الْجَنَّةِ حَيْثُ نَشَاءُ ۖ فَنِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ

    Цара элира: 'Хастам бу Далла‚ Ша тхуна бакъхилийтина Шен ваIда‚ Цо ирсана делира тхуна /ялсаманин/ латта‚ охьаховшур ду тхо ялсаманехь тхайна луучохь'. Iамал ечеран ма хаза ял ю-кх /иза/!

    39:74
  15. وَتَرَى الْمَلَائِكَةَ حَافِّينَ مِنْ حَوْلِ الْعَرْشِ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ ۖ وَقُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْحَقِّ وَقِيلَ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Хьуна гур ду маликаш хьийзаш Iаршана гонахула‚ тасбахь деш шайн Кхиош-кхобучунна, И хасторца. Кхиэл йина царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ элира: 'Хастам бу Далла Iаламийн Дена'

    39:75

Гочдар: Магомед Магомедов