Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал)

  1. لَقَدْ سَمِعَ اللَّهُ قَوْلَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ فَقِيرٌ وَنَحْنُ أَغْنِيَاءُ ۘ سَنَكْتُبُ مَا قَالُوا وَقَتْلَهُمُ الْأَنْبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَنَقُولُ ذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ

    Далла хезира олучара аьлла долу дош: 'Дела пекъар ву‚ тхо хьоле ду'. Оха дIаяздийр ду цара аьлларг а‚ цара, хьакъ доцуш, пайхамарш байар а. Оха эр ду: 'Iовша жоьжахатин Iазап'

    3:181
  2. ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيكُمْ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    Шун куьйгаша кечдинарг бахьанехь ду иза /Iазап/. И Дела зулам деш ма вац лешна

    3:182
  3. الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ عَهِدَ إِلَيْنَا أَلَّا نُؤْمِنَ لِرَسُولٍ حَتَّىٰ يَأْتِيَنَا بِقُرْبَانٍ تَأْكُلُهُ النَّارُ ۗ قُلْ قَدْ جَاءَكُمْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِي بِالْبَيِّنَاتِ وَبِالَّذِي قُلْتُمْ فَلِمَ قَتَلْتُمُوهُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Ишттанаш а бу уьш, шаьш аьлла: 'Дала барт бина тхоьца‚ тхо элчанах тешар дац аьлла, цо саг даийтталц, ша дууш цIаро'. Ахь āла: 'Шуьга баьхкира сол хьалха билгалонашца элчанаш‚ аш аьлла долчуьнца а – уьш хIунда байира аш‚ шаьш бакълуьйш делахь?'

    3:183
  4. فَإِنْ كَذَّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ جَاءُوا بِالْبَيِّنَاتِ وَالزُّبُرِ وَالْكِتَابِ الْمُنِيرِ

    Хьуо цара харцвича /и тидаме ма эца/‚ хьол хьалха а элчанаш харцбина. Билгалонашца баьхкина бара уьш: зубуршца а‚ нуьре долчу жайнаца а

    3:184
  5. كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۗ وَإِنَّمَا تُوَفَّوْنَ أُجُورَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۖ فَمَنْ زُحْزِحَ عَنِ النَّارِ وَأُدْخِلَ الْجَنَّةَ فَقَدْ فَازَ ۗ وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا مَتَاعُ الْغُرُورِ

    Массо а сино Iовшур ма ду далар (жалла). Шуна /кхоччуш/ лур ю шун ял къематдийнахь. Тккха жоьжахатина, гена а ваьккхина, ялсамане вахийтинарг – и ву толам баьккхинарг. Дуьненан дахар ма дац Iехаваран хIума бен

    3:185
  6. لَتُبْلَوُنَّ فِي أَمْوَالِكُمْ وَأَنْفُسِكُمْ وَلَتَسْمَعُنَّ مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَمِنَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا أَذًى كَثِيرًا ۚ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ ذَٰلِكَ مِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ

    Шу данне зуьйр ма ду шун бахамехь а‚ шаьшкахь а, шуна хаззане а хезар ма ду шул хьалха шайга жайна деллачаьргара а‚ мушрикунашкара халахетарш. Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь – баккъалла а, и ду-кх чIогIачу гIуллакхех

    3:186
  7. وَإِذْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ لَتُبَيِّنُنَّهُ لِلنَّاسِ وَلَا تَكْتُمُونَهُ فَنَبَذُوهُ وَرَاءَ ظُهُورِهِمْ وَاشْتَرَوْا بِهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۖ فَبِئْسَ مَا يَشْتَرُونَ

    Дала барт бира жайна деллачаьрца: аш билгалдоккхур ду нахана‚ аш хьулдийр дац и аьлла. И дIатесира цара шайна тIехьа‚ цунах кIеззиг мах ийцира цара. Ма вон хIума ю-кх цара оьцург!

    3:187
  8. لَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ يَفْرَحُونَ بِمَا أَتَوْا وَيُحِبُّونَ أَنْ يُحْمَدُوا بِمَا لَمْ يَفْعَلُوا فَلَا تَحْسَبَنَّهُمْ بِمَفَازَةٍ مِنَ الْعَذَابِ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Хьуна ма мотталахь и шаьш деъначуьнца (динчуьнца - Делан некъах нах дтилош) баккхийбеш берш‚ шаьш дина доцучуьнца наха шаьш хесто лууш берш‚ хьуна ма мотталахь уьш Iазапах кIелхьарабевр бу‚ - царна лазош долу Iазап ду

    3:188
  9. وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву

    3:189
  10. إِنَّ فِي خَلْقِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَاخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ لَآيَاتٍ لِأُولِي الْأَلْبَابِ

    Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь билгалонаш ма ю хьекъал долчарна

    3:190
  11. الَّذِينَ يَذْكُرُونَ اللَّهَ قِيَامًا وَقُعُودًا وَعَلَىٰ جُنُوبِهِمْ وَيَتَفَكَّرُونَ فِي خَلْقِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ رَبَّنَا مَا خَلَقْتَ هَٰذَا بَاطِلًا سُبْحَانَكَ فَقِنَا عَذَابَ النَّارِ

    Ишттанаш бу уьш шаьш Дела хьехавеш дIахIиттина а‚ охьхевшина а‚ шайн агIонашна тIехь а‚ ойла еш бу уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь кхоьллина ма дац хIара эрна‚ Хьо хаставо оха‚ ларделахь тхо /жоьжахатин/ цIеран Iазапах

    3:191
  12. رَبَّنَا إِنَّكَ مَنْ تُدْخِلِ النَّارَ فَقَدْ أَخْزَيْتَهُ ۖ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ

    Тхан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, Ахь цIерга воьллинарг, Ахь сийсазвинарг ву-кх иза. Зуламхошна ма бац гIоьнчий

    3:192
  13. رَبَّنَا إِنَّنَا سَمِعْنَا مُنَادِيًا يُنَادِي لِلْإِيمَانِ أَنْ آمِنُوا بِرَبِّكُمْ فَآمَنَّا ۚ رَبَّنَا فَاغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَكَفِّرْ عَنَّا سَيِّئَاتِنَا وَتَوَفَّنَا مَعَ الْأَبْرَارِ

    Тхан Кхиош-кхобург‚ тхуна хезира цхьа кхойкхуш верг, ша /нах/ иймане кхойкхуш: ийман дилла шайн Кхиош-кхобучуьнга, бохуш‚ тIаккха Оха ийман диллира. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь гечделахь тхуна тхан къиношна‚ цIанделахь тхо тхан вочу Iамалех‚ тхо далийталахь дикачаьрца

    3:193
  14. رَبَّنَا وَآتِنَا مَا وَعَدْتَنَا عَلَىٰ رُسُلِكَ وَلَا تُخْزِنَا يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ إِنَّكَ لَا تُخْلِفُ الْمِيعَادَ

    Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна даийталахь Айхьа хьайн элчанашка доуьйтур ду аьлларг‚ сийсаза ма делахь тхо къематдийнахь‚ баккъалла а, Ахь ца йохайо – кх ваIда.'

    3:194
  15. فَاسْتَجَابَ لَهُمْ رَبُّهُمْ أَنِّي لَا أُضِيعُ عَمَلَ عَامِلٍ مِنْكُمْ مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ ۖ بَعْضُكُمْ مِنْ بَعْضٍ ۖ فَالَّذِينَ هَاجَرُوا وَأُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَأُوذُوا فِي سَبِيلِي وَقَاتَلُوا وَقُتِلُوا لَأُكَفِّرَنَّ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلَأُدْخِلَنَّهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ثَوَابًا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عِنْدَهُ حُسْنُ الثَّوَابِ

    Жоп делира царна шаьш Кхиош-кхобучо: 'Ас эшор ма яц йинчун Iамал‚ и стаг велахь а, я зуда елахь а‚ – шу вовшех ду. ДIакхелхинарш‚ шайн цIеношкара арабаьхнарш‚ Сан новкъахь шайна халонаш хилларш‚ шаьш тIом бинарш‚ шаьш тIам тIехь белларш – цIанбийр бу Ас уьш шайн вочу Iамалех‚ бухахула хиш лелаш долчу бошмашка бохуьйтур бу Ас уьш, – мēла бу и Делера. И Дела Шегахь хаза мēла болуш ву'

    3:195
  16. لَا يَغُرَّنَّكَ تَقَلُّبُ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي الْبِلَادِ

    Хьо Iеха ма войла и цатешнарш махкахь дIай-схьай леларо

    3:196
  17. مَتَاعٌ قَلِيلٌ ثُمَّ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۚ وَبِئْسَ الْمِهَادُ

    КIеззиг хIума ду иза. ТIаккха уьш чугн болу меттиг жоьжахати ю. Ма вон товжийла ю иза

    3:197
  18. لَٰكِنِ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ لَهُمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا نُزُلًا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۗ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ خَيْرٌ لِلْأَبْرَارِ

    Мухха делахь а‚ шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна бошмаш ю‚ шайн бухахула хиш оьхуш‚ гуттар а хир бу уьш цу чохь, – Делан гергара хьешашна /хаза/ кечдар ду иза. Далла гергахь дерг дика ду дика Iамал йиначарна

    3:198
  19. وَإِنَّ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَمَنْ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْكُمْ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْهِمْ خَاشِعِينَ لِلَّهِ لَا يَشْتَرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۗ أُولَٰئِكَ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Баккъалла а, жайнан охIлех ву Делах тешаш верг‚ шуьга доссийначух а‚ шайга доссийначух а тешаш верг‚ Далла муьтIахь а волуш. Делан аяташ ца духку цара кIеззигчу мехах. Царна шайн ял ма ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И Дела сиха ма ву хьесап дарехь

    3:199
  20. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اصْبِرُوا وَصَابِرُوا وَرَابِطُوا وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шу собаре хилалаш, шу собарехь яхье довлалаш, чIагIлолаш вовшашца‚ Делах кхералаш - декъалхила тарло шу

    3:200

Гочдар: Магомед Магомедов