Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал)

  1. وَمَا كَانَ لِنَبِيٍّ أَنْ يَغُلَّ ۚ وَمَنْ يَغْلُلْ يَأْتِ بِمَا غَلَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ ثُمَّ تُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    Ца хилла пайхамар хIонс къайлайоккхур йолуш. И къайлаяьккхинарг ша къайлаяьккхинчуьнца вогIур ву къематдийнахь. ТIаккха хIор синна шена карадеъначуьнца бекхам бийр бу – царна зулам дийр дац

    3:161
  2. أَفَمَنِ اتَّبَعَ رِضْوَانَ اللَّهِ كَمَنْ بَاءَ بِسَخَطٍ مِنَ اللَّهِ وَمَأْوَاهُ جَهَنَّمُ ۚ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Дела резахиларна тIаьхьахIваьзнарг тера вуй техьа Делан оьгIазаллина клнисвеллачух, шен дверзар жоьжахати хир йолчу?! Ма ирча ю и кхочу йолу меттиг!

    3:162
  3. هُمْ دَرَجَاتٌ عِنْدَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ

    Уьш тайп-тайпана бу Далла гергахь /ялсамане гIур берш а, жоьжахате гIур берш а/. И Дела гуш ву цара деш дерг

    3:163
  4. لَقَدْ مَنَّ اللَّهُ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ إِذْ بَعَثَ فِيهِمْ رَسُولًا مِنْ أَنْفُسِهِمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِهِ وَيُزَكِّيهِمْ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَإِنْ كَانُوا مِنْ قَبْلُ لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Дала боккха кхинхетам ма би муъминан нахах царалахь шайна юккъера элча а вахийтина‚ цо царна Цуьнан аяташ дуьйцуш‚ уьш цIанбеш‚ жайна а‚ хьекъалалла а царна Iама а деш, хьалха уьш билггалчу тиларчохь хиллехь а

    3:164
  5. أَوَلَمَّا أَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةٌ قَدْ أَصَبْتُمْ مِثْلَيْهَا قُلْتُمْ أَنَّىٰ هَٰذَا ۖ قُلْ هُوَ مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Я шайна эшам хилча, аш а ма бира эшам /Бадрехь мостагIчунна/ шозза алссам, аш элира: 'ХIара мичара ду?' Ахь āла: 'Иза шуьгара шайгара ду'. Баккъалла а‚ Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву

    3:165
  6. وَمَا أَصَابَكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ فَبِإِذْنِ اللَّهِ وَلِيَعْلَمَ الْمُؤْمِنِينَ

    Ши тоба дуьхь-дуьхьал кхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшам Делан лаамца бу‚ цу Далла /Шех/ тешна хилларш /нахана гучубохуш/ бовзархьама

    3:166
  7. وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ نَافَقُوا ۚ وَقِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا قَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوِ ادْفَعُوا ۖ قَالُوا لَوْ نَعْلَمُ قِتَالًا لَاتَّبَعْنَاكُمْ ۗ هُمْ لِلْكُفْرِ يَوْمَئِذٍ أَقْرَبُ مِنْهُمْ لِلْإِيمَانِ ۚ يَقُولُونَ بِأَفْوَاهِهِمْ مَا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يَكْتُمُونَ

    Цунна бовзархьама шалхолелораш а‚ шайга аьлча: 'Схьадуьйла‚ тIом бе Делан новкъахь‚ я дIалелхабе /мостагIий/'‚ аьлларш: 'Тхуна тIом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тIаьхьахIуьттур дара'. Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь ийманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг

    3:167
  8. الَّذِينَ قَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ وَقَعَدُوا لَوْ أَطَاعُونَا مَا قُتِلُوا ۗ قُلْ فَادْرَءُوا عَنْ أَنْفُسِكُمُ الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Уьш бу шаьш /гIазоте ца боьлхуш/, чохь хевшина а йна шайн вежарех лаьцна аьлла хилларш: 'Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш'. Ахь āла: 'Духатоха шайх далар (Iожалла)‚ шу бакълуьйш хиллехь'

    3:168
  9. وَلَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ قُتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتًا ۚ بَلْ أَحْيَاءٌ عِنْدَ رَبِّهِمْ يُرْزَقُونَ

    Ахь ларране а ма ларалахь Делан новкъахь белларш белла. Дийна бу уьш – шайн Кхиош-кхобучун гергахь /Цо шайна/ рицкъ а луш

    3:169
  10. فَرِحِينَ بِمَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ وَيَسْتَبْشِرُونَ بِالَّذِينَ لَمْ يَلْحَقُوا بِهِمْ مِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Дала Шен комаьршаллах шайна деллачуьнца баккхийбеш бу уьш‚ шайх ца кхуьуш /гзотехь ца леш/ тIаьхьа бисинчарна кхаъ боьхуш бу уьш царна кхерам ца хилийта /эхартахь/ а‚ уьш сингаттаме ца хилийта а /дуьненахь бухадуьсучух/

    3:170
  11. يَسْتَبْشِرُونَ بِنِعْمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَفَضْلٍ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُؤْمِنِينَ

    Кхаъ боьхуш бу уьш Делера ниIматца а‚ комаьршаллица а‚ Дала цаяйъаре муъмин нехан ял /дог дохуш бу уьш/

    3:171
  12. الَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِلَّهِ وَالرَّسُولِ مِنْ بَعْدِ مَا أَصَابَهُمُ الْقَرْحُ ۚ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا مِنْهُمْ وَاتَّقَوْا أَجْرٌ عَظِيمٌ

    Уьш бу Далла а‚ элчанна а жоп делларш‚ шайна чов хиллачул тIаьхьа. Царах диканиг диначарна а, /Делах/ кхийринчарна а сийлахь-йоккха ял ю

    3:172
  13. الَّذِينَ قَالَ لَهُمُ النَّاسُ إِنَّ النَّاسَ قَدْ جَمَعُوا لَكُمْ فَاخْشَوْهُمْ فَزَادَهُمْ إِيمَانًا وَقَالُوا حَسْبُنَا اللَّهُ وَنِعْمَ الْوَكِيلُ

    Ишттанаш бу уьш, шайга наха аьлла: 'Нах бу шуна го биллина‚ царах кхера'. Цо уьш алсамбехира ийманца. Цара элира: 'Тхан кхачо ю – Дела‚ дика векал а ву И'

    3:173
  14. فَانْقَلَبُوا بِنِعْمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَفَضْلٍ لَمْ يَمْسَسْهُمْ سُوءٌ وَاتَّبَعُوا رِضْوَانَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ ذُو فَضْلٍ عَظِيمٍ

    Делера ниIматца а‚ дозаллица а юхабирзира уьш‚ зено ца лецира уьш‚ Дела реза хиларна тIаьхьахIиттира уьш. И Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву

    3:174
  15. إِنَّمَا ذَٰلِكُمُ الشَّيْطَانُ يُخَوِّفُ أَوْلِيَاءَهُ فَلَا تَخَافُوهُمْ وَخَافُونِ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    И шайтIа дара шен доттагIашка /керстанашка/ шуна кхерам туьссуьйтуш‚ ма кхера царах‚ Сох кхера‚ шаьш тешаш хиллехь

    3:175
  16. وَلَا يَحْزُنْكَ الَّذِينَ يُسَارِعُونَ فِي الْكُفْرِ ۚ إِنَّهُمْ لَنْ يَضُرُّوا اللَّهَ شَيْئًا ۗ يُرِيدُ اللَّهُ أَلَّا يَجْعَلَ لَهُمْ حَظًّا فِي الْآخِرَةِ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Хьо сингаттаме ма войла цатешарехь сихбевллачара. Цара данне а цхьана а хIуманца зен дийр дац Далла. Дела лууш ву царна /ялсаманин/ дāкъа ца дан эхартахь. Царна деза доккха Iазап хир ду

    3:176
  17. إِنَّ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الْكُفْرَ بِالْإِيمَانِ لَنْ يَضُرُّوا اللَّهَ شَيْئًا وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Ийман а доьхкина, цатешар эцначара данне а Далла /цхьана а/ хIуманца зен ца до. Царна лазош долу Iазап хир ду

    3:177
  18. وَلَا يَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّمَا نُمْلِي لَهُمْ خَيْرٌ لِأَنْفُسِهِمْ ۚ إِنَّمَا نُمْلِي لَهُمْ لِيَزْدَادُوا إِثْمًا ۚ وَلَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ

    Цатешачарна ма моьттийла Оха шаьш латтор шайна диканна ду, Оха уьш латтош бу къиношца алсамбовлийтар- хьама. Царна сийсаза долу Iазап хир ду

    3:178
  19. مَا كَانَ اللَّهُ لِيَذَرَ الْمُؤْمِنِينَ عَلَىٰ مَا أَنْتُمْ عَلَيْهِ حَتَّىٰ يَمِيزَ الْخَبِيثَ مِنَ الطَّيِّبِ ۗ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُطْلِعَكُمْ عَلَى الْغَيْبِ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَجْتَبِي مِنْ رُسُلِهِ مَنْ يَشَاءُ ۖ فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ ۚ وَإِنْ تُؤْمِنُوا وَتَتَّقُوا فَلَكُمْ أَجْرٌ عَظِيمٌ

    Ца хилира и Дела муъмин нах буьтуш шу долчу хьолехь /тешамениг а, мунепикъ а иэвелла/‚ боьханиг цIенчух къаста ца веш. Ца хиллера и Дела шу кхиадеш къайленна тIе‚ мухха делахь а, Дала хоржу элчанех Шена луъург. Тешалаш Делах а‚ Цуьнан элчанех а. Шу тешахь а‚ шу /Делах/ кхерахь а – шуна сийлахь-йоккха ял ю

    3:179
  20. وَلَا يَحْسَبَنَّ الَّذِينَ يَبْخَلُونَ بِمَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ هُوَ خَيْرًا لَهُمْ ۖ بَلْ هُوَ شَرٌّ لَهُمْ ۖ سَيُطَوَّقُونَ مَا بَخِلُوا بِهِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ وَلِلَّهِ مِيرَاثُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    Дала Шен комаьршаллех /шайна/ деллачунна тIехь писалла лелочарна ма моьттийла и шайна дика ду. И мелхо а царна вон ду, къематдийнахь и цара кхоийнарг церан логах хьарчор ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс. И Дела аш дийриг дика хууш ву

    3:180

Гочдар: Магомед Магомедов