Сурат 56 Аль-вакъиIа (Халаза цадолург)

  1. وَأَصْحَابُ الشِّمَالِ مَا أَصْحَابُ الشِّمَالِ

    Аьрру куъйган дай муьлш бу и аьрру куьйган дай?

    56:41
  2. فِي سَمُومٍ وَحَمِيمٍ

    Уьш хир бу цIе еттачу махехь‚ цIийдинчу хичахь‚

    56:42
  3. وَظِلٍّ مِنْ يَحْمُومٍ

    Сов Iаьржачу дохкан IиндагIехь‚

    56:43
  4. لَا بَارِدٍ وَلَا كَرِيمٍ

    Ша шила доцчу‚ ша /дегIана/ там беш доцчу

    56:44
  5. إِنَّهُمْ كَانُوا قَبْلَ ذَٰلِكَ مُتْرَفِينَ

    Баккъалла а, уьш ма бара оцул хьалха /дуьненахь/ зовкх хьоьгуш

    56:45
  6. وَكَانُوا يُصِرُّونَ عَلَى الْحِنْثِ الْعَظِيمِ

    Уьш бара къар ца луш доккха къа деш

    56:46
  7. وَكَانُوا يَقُولُونَ أَئِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ

    Уьш бара олуш: “Тхо делча‚ тхох топпар (поппар) а‚ тхкаш (даьIахкаш) а хилча, тхо юха дендийр ду?

    56:47
  8. أَوَآبَاؤُنَا الْأَوَّلُونَ

    Я тхан хьалхалера дай /денбийр бу/?”

    56:48
  9. قُلْ إِنَّ الْأَوَّلِينَ وَالْآخِرِينَ

    Ахь āла: “Баккъалла а, хьалхалераш а‚ тIаьхьарнаш а,

    56:49
  10. لَمَجْمُوعُونَ إِلَىٰ مِيقَاتِ يَوْمٍ مَعْلُومٍ

    Гулбийр ма бу билгалчу /къемат/ дийнан тоьхначу ханна

    56:50
  11. ثُمَّ إِنَّكُمْ أَيُّهَا الضَّالُّونَ الْمُكَذِّبُونَ

    ТIаккха баккъалла а, аш‚ хIай тиладелларш‚/бакъдерг/ харцдийнарш‚

    56:51
  12. لَآكِلُونَ مِنْ شَجَرٍ مِنْ زَقُّومٍ

    Дуур ма ду заккъум диттах /стоьмаш/‚

    56:52
  13. فَمَالِئُونَ مِنْهَا الْبُطُونَ

    Юзор ма цунах /шайн/ гайш‚

    56:53
  14. فَشَارِبُونَ عَلَيْهِ مِنَ الْحَمِيمِ

    Цунна тIе /аш/ молур ма ду цIийдинчу хих‚

    56:54
  15. فَشَارِبُونَ شُرْبَ الْهِيمِ

    /Аш/ молур ма ду хьогъеллачу эмкалан малар.”

    56:55
  16. هَٰذَا نُزُلُهُمْ يَوْمَ الدِّينِ

    Иза ду царна кечдийнарг бекхаман дийнахь

    56:56
  17. نَحْنُ خَلَقْنَاكُمْ فَلَوْلَا تُصَدِّقُونَ

    Оха кхоьллина шу‚ аш хIунда бакъ ца до /юхадендар къематдийнахь/?

    56:57
  18. أَفَرَأَيْتُمْ مَا تُمْنُونَ

    Шуна ца го шаьш хIу тосуш?

    56:58
  19. أَأَنْتُمْ تَخْلُقُونَهُ أَمْ نَحْنُ الْخَالِقُونَ

    Аш кхуллуш ду иза /адам/ я Тхо ду кхуллурш?

    56:59
  20. نَحْنُ قَدَّرْنَا بَيْنَكُمُ الْمَوْتَ وَمَا نَحْنُ بِمَسْبُوقِينَ

    Оха билгалдаьккхира шуна юккъехь валар‚ Тхо тIаьхьадуьсур дац

    56:60

Гочдар: Магомед Магомедов