Сурат 56 Аль-вакъиIа (Халаза цадолург)
-
عَلَىٰ أَنْ نُبَدِّلَ أَمْثَالَكُمْ وَنُنْشِئَكُمْ فِي مَا لَا تَعْلَمُونَ
Шу хийцо шух терачарах‚ шу кхио шуна ца хуучу кепара
56:61 -
وَلَقَدْ عَلِمْتُمُ النَّشْأَةَ الْأُولَىٰ فَلَوْلَا تَذَكَّرُونَ
Шуна девзира-май дуьххьарлера кхоллар‚ аш ойла хIунда ца йо?
56:62 -
أَفَرَأَيْتُمْ مَا تَحْرُثُونَ
Шаьш дуьйш дерг (ялта) гой шуна?
56:63 -
أَأَنْتُمْ تَزْرَعُونَهُ أَمْ نَحْنُ الزَّارِعُونَ
Шу ду и /лаьттах/ кхуьуьйтуш я Тхо ду и кхуьуьйтурш?
56:64 -
لَوْ نَشَاءُ لَجَعَلْنَاهُ حُطَامًا فَظَلْتُمْ تَفَكَّهُونَ
Тхуна лиънехьара‚ Оха екъа яр хуьлуьйтур яра цунах‚ шу цецдевлла дуьсур ма дара‚ /олуш/:
56:65 -
إِنَّا لَمُغْرَمُونَ
'Баккъалла а, тхо декхар кIел ма диси
56:66 -
بَلْ نَحْنُ مَحْرُومُونَ
ХIаъ‚ тхо хIумма доцуш ма диси'
56:67 -
أَفَرَأَيْتُمُ الْمَاءَ الَّذِي تَشْرَبُونَ
Шуна гой шаьш молуш долу хи?
56:68 -
أَأَنْتُمْ أَنْزَلْتُمُوهُ مِنَ الْمُزْنِ أَمْ نَحْنُ الْمُنْزِلُونَ
Аш даийтина иза мархий юккъера я Тхо ду и доуьйтурш?
56:69 -
لَوْ نَشَاءُ جَعَلْنَاهُ أُجَاجًا فَلَوْلَا تَشْكُرُونَ
Тхуна лиънехьара, Оха и дуьра холуьйтур дара /шуна мала ца луш/‚ баркалла хIунда ца олу аш?
56:70 -
أَفَرَأَيْتُمُ النَّارَ الَّتِي تُورُونَ
Шуна гой цIе‚ шаьш латаеш йолу?
56:71 -
أَأَنْتُمْ أَنْشَأْتُمْ شَجَرَتَهَا أَمْ نَحْنُ الْمُنْشِئُونَ
Аш кхиина цуьнан дитт я Тхо ду и кхиош дерш?
56:72 -
نَحْنُ جَعَلْنَاهَا تَذْكِرَةً وَمَتَاعًا لِلْمُقْوِينَ
Оха хилийтина иза /жоьжахатин цIе/ дагайойтург а‚ яьссачу арахь болчарна пайда оьцу хIума а хилла (царна нах ш болу меттиг йовзуьйтуш)
56:73 -
فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ
Хьан сийлахь-воккха волчу Кхиош-кхобучун цIе хастае (И массо а вочу хманах цнвеш)!
56:74 -
فَلَا أُقْسِمُ بِمَوَاقِعِ النُّجُومِ
ТIаккха Ас дуй боу седарчий дIадузучу меттигах
56:75 -
وَإِنَّهُ لَقَسَمٌ لَوْ تَعْلَمُونَ عَظِيمٌ
Баккъалла а, и дуй‚ шуна хаахьара‚ беза-боккха ма бу!
56:76 -
إِنَّهُ لَقُرْآنٌ كَرِيمٌ
Баккъалла а, иза сийлахь Къуръан ма ду
56:77 -
فِي كِتَابٍ مَكْنُونٍ
Iалашдинчу жайна чохь
56:78 -
لَا يَمَسُّهُ إِلَّا الْمُطَهَّرُونَ
Цунах хьакха ца ло цIена берш бен
56:79 -
تَنْزِيلٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Охьадоьссина ду иза Iаламийн Дегара
56:80
Гочдар: Магомед Магомедов