Сурат 56 Аль-вакъиIа (Халаза цадолург)

  1. أَفَبِهَٰذَا الْحَدِيثِ أَنْتُمْ مُدْهِنُونَ

    И хабар а ца лоруш ду шу?

    56:81
  2. وَتَجْعَلُونَ رِزْقَكُمْ أَنَّكُمْ تُكَذِّبُونَ

    Шайна рицкъ даларна /Далла шукур дар/ шаьш /цуьнан/ ниат (дин) харцдар хуьлуьйту аш?

    56:82
  3. فَلَوْلَا إِذَا بَلَغَتِ الْحُلْقُومَ

    И (са арадолуш) къанкъаркъе кхаьчча‚

    56:83
  4. وَأَنْتُمْ حِينَئِذٍ تَنْظُرُونَ

    Цу хенахь шу хьоьжуш долуш, /шуна и юха чудерзо могур ма дацара/,

    56:84
  5. وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنْكُمْ وَلَٰكِنْ لَا تُبْصِرُونَ

    Тхо вуно гергахь ду цунна шул‚ делахь а, шуна ца го

    56:85
  6. فَلَوْلَا إِنْ كُنْتُمْ غَيْرَ مَدِينِينَ

    Шу ца хиллехьара /къематдийнахь/ шайгара бекхам оьцуш‚

    56:86
  7. تَرْجِعُونَهَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Аш духадерзор дара и /са/, шаьш бакъ луьйш хиллехь?

    56:87
  8. فَأَمَّا إِنْ كَانَ مِنَ الْمُقَرَّبِينَ

    Амма иза хиллехь /Далла/ гергарчарах‚

    56:88
  9. فَرَوْحٌ وَرَيْحَانٌ وَجَنَّتُ نَعِيمٍ

    /ТIаккха цунна/ ду садаIар‚ дог паргтдалар а‚ ниIматийн бошмаш а

    56:89
  10. وَأَمَّا إِنْ كَانَ مِنْ أَصْحَابِ الْيَمِينِ

    Амма иза хиллехь аьтту куьйган дех

    56:90
  11. فَسَلَامٌ لَكَ مِنْ أَصْحَابِ الْيَمِينِ

    ТIаккха салам ду хьуна аьтту куьйган дайшкара

    56:91
  12. وَأَمَّا إِنْ كَانَ مِنَ الْمُكَذِّبِينَ الضَّالِّينَ

    Амма иза хиллехь /дин/ харцдиначарах‚ тилабеллачарах

    56:92
  13. فَنُزُلٌ مِنْ حَمِيمٍ

    Цунна ду хьошалгIа тIелацар цIийделлачу хих‚

    56:93
  14. وَتَصْلِيَةُ جَحِيمٍ

    Жоьжатехь вагар а

    56:94
  15. إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ حَقُّ الْيَقِينِ

    Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!

    56:95
  16. فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ

    Ахь хастае хьан сийлахь-воккхачу Кхиош-кхобучун цIе (И массо а вочу хманах цнвеш)!

    56:96

Гочдар: Магомед Магомедов