Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун)
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَسْأَلُوا عَنْ أَشْيَاءَ إِنْ تُبْدَ لَكُمْ تَسُؤْكُمْ وَإِنْ تَسْأَلُوا عَنْهَا حِينَ يُنَزَّلُ الْقُرْآنُ تُبْدَ لَكُمْ عَفَا اللَّهُ عَنْهَا ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Ма хетталаш цхьацца (пайда боцу) хIуманех лаьцна‚ уьш шуна гучуялахь – шуна цатам бийр бу цара. Аш царах Къуръан дуссучу хенахь хеттахь‚ уьш шуна гучуевр ю – Дала гечдина царах. И Дела гечдеш верг а ву‚ дукха собаре верг а ву (шун таIзар ца деш)
5:101 -
قَدْ سَأَلَهَا قَوْمٌ مِنْ قَبْلِكُمْ ثُمَّ أَصْبَحُوا بِهَا كَافِرِينَ
Царах хаьттира шул хьалха цхьана къомо – тIаккха цара керстаналла дира цуьнца
5:102 -
مَا جَعَلَ اللَّهُ مِنْ بَحِيرَةٍ وَلَا سَائِبَةٍ وَلَا وَصِيلَةٍ وَلَا حَامٍ ۙ وَلَٰكِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۖ وَأَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ
Дала ца хилийтина (Дала тергал е ца боху) бахьират а‚ саибат а‚ василат а‚ хьам а‚ амма керстанаша Далла тIекхуллуш ду харцдерг‚ царах дукхахберш кхеташ ма бац
5:103 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا إِلَىٰ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ قَالُوا حَسْبُنَا مَا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا ۚ أَوَلَوْ كَانَ آبَاؤُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ شَيْئًا وَلَا يَهْتَدُونَ
Цаьрга элча: 'Схьадуьйла Дала доссийначунна тIе а‚ элчанна тIе а'‚ цара олу: 'Тоам бу тхуна тхан дай шена тIехь карийнарг'. Церан дай хIумма хууш ца хиллехь а‚ нийсачу новкъахь ца хиллехь а? /ТIаккха а тIаьхьахIутту уьш царна?/
5:104 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا عَلَيْكُمْ أَنْفُسَكُمْ ۖ لَا يَضُرُّكُمْ مَنْ ضَلَّ إِذَا اهْتَدَيْتُمْ ۚ إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
ХIай ийман диллинарш! Шуна тхь ду аш шайн синош шаьш лашдар. Шуна зен дийр ма дац ша тилавеллачо, шу нийсачу новкъахь хиллехь. Шун массеран а дIадерзар Деле ду‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг
5:105 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا شَهَادَةُ بَيْنِكُمْ إِذَا حَضَرَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ حِينَ الْوَصِيَّةِ اثْنَانِ ذَوَا عَدْلٍ مِنْكُمْ أَوْ آخَرَانِ مِنْ غَيْرِكُمْ إِنْ أَنْتُمْ ضَرَبْتُمْ فِي الْأَرْضِ فَأَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةُ الْمَوْتِ ۚ تَحْبِسُونَهُمَا مِنْ بَعْدِ الصَّلَاةِ فَيُقْسِمَانِ بِاللَّهِ إِنِ ارْتَبْتُمْ لَا نَشْتَرِي بِهِ ثَمَنًا وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۙ وَلَا نَكْتُمُ شَهَادَةَ اللَّهِ إِنَّا إِذًا لَمِنَ الْآثِمِينَ
ХIай ийман диллинарш! Шух цхьанна, валар тIе а деана, весет деш, шуна юккъехь тешалла дан деза шух Iедале волчу шиммо‚ я шух воцчу кхечу шиммо‚ нагахь санна шу новкъахь долуш, шу жаллин балано схьалаьцнехь. Уьш шиъ сацор ву /малхбузен/ ламаз динчул тIаьхьа‚ тIаккха цу шиммо Делаца дуй буур бу, шу шеко еш делахь: «Цуьнца мах ца оьцу оха, и /шена оха тешалла деш верг / гергара велахь а. Оха хьул ца до Делан тешалла‚ и динехь – тхо хир ма ду къинош дечарах'‚ аьлла
5:106 -
فَإِنْ عُثِرَ عَلَىٰ أَنَّهُمَا اسْتَحَقَّا إِثْمًا فَآخَرَانِ يَقُومَانِ مَقَامَهُمَا مِنَ الَّذِينَ اسْتَحَقَّ عَلَيْهِمُ الْأَوْلَيَانِ فَيُقْسِمَانِ بِاللَّهِ لَشَهَادَتُنَا أَحَقُّ مِنْ شَهَادَتِهِمَا وَمَا اعْتَدَيْنَا إِنَّا إِذًا لَمِنَ الظَّالِمِينَ
Нагахь санна гучудалахь и шиъ къина хьакъ хилар – кхин шиъ хIуттур ву церан меттана‚ хьалхалерачу шиннал /ирс эцарехь/ гергара волу. Цара шиммо дуй буур бу Делаца: 'Тхан тешалла бакъ ма ду цу шиннан тешаллал‚ тхо дозанах девлла ма дац, девллехь – тхо зулам диначарах хир ма дара'
5:107 -
ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَنْ يَأْتُوا بِالشَّهَادَةِ عَلَىٰ وَجْهِهَا أَوْ يَخَافُوا أَنْ تُرَدَّ أَيْمَانٌ بَعْدَ أَيْمَانِهِمْ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاسْمَعُوا ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
И герга ду цара тешалла дарна /нийсачу/ куьцехь‚ я уьш кхоьруш хиларна /кхин/ дуйнаш баийтарх шайн дуйнел тIаьхьа /тккха шаьш сийсаза хиларна/. Шу Делах кхералаш‚ ладугIуш а хилалаш‚ Дала нис ца до фасикъ къам
5:108 -
يَوْمَ يَجْمَعُ اللَّهُ الرُّسُلَ فَيَقُولُ مَاذَا أُجِبْتُمْ ۖ قَالُوا لَا عِلْمَ لَنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ
Оцу (къемат)дийнахь Дала гулбийр бу элчанаш‚ Цо эр ду: 'ХIун жоп делла шуьга'. Цара (элчанаш) эр: 'Iилма дац тхан (тхуна хаац)‚ баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш дика хуург'
5:109 -
إِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ اذْكُرْ نِعْمَتِي عَلَيْكَ وَعَلَىٰ وَالِدَتِكَ إِذْ أَيَّدْتُكَ بِرُوحِ الْقُدُسِ تُكَلِّمُ النَّاسَ فِي الْمَهْدِ وَكَهْلًا ۖ وَإِذْ عَلَّمْتُكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ ۖ وَإِذْ تَخْلُقُ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ بِإِذْنِي فَتَنْفُخُ فِيهَا فَتَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِي ۖ وَتُبْرِئُ الْأَكْمَهَ وَالْأَبْرَصَ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ تُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ كَفَفْتُ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَنْكَ إِذْ جِئْتَهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ
Дала аьллера: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а хилла долу Сан ниIмат. Ас чIагI ма вира хьо Дезачу Сица‚ āгана чохь волуш нахаца хабар дуьйцура ахь‚ воккха хилча а‚ Ас хьуна ма Iамийра жайна а, хьекъалалла а‚ Таврат а‚ Инжил а‚ ахь ма кхуллура поппарх хьозанан куьцах тера хма, Сан пурбанца‚ цу чу са доIура ахь – и хьоза хуьлура Сан пурбанца. Ахь тавора бIаьрса доцург а‚ барс цамгар ерг а Сан пурбанца. Велларг денвора ахь Сан пурбанца; хьо лар ма вира Ас бану Исраилех‚ хьо царна тIе билгалонашца веъча. ТIаккха царах керстанаша ма элира: 'Иза билггала холмачалла (бозбуунчалла) а бен ма дац ',
5:110 -
وَإِذْ أَوْحَيْتُ إِلَى الْحَوَارِيِّينَ أَنْ آمِنُوا بِي وَبِرَسُولِي قَالُوا آمَنَّا وَاشْهَدْ بِأَنَّنَا مُسْلِمُونَ
Ас дагчу ма диллира хьаварешна Соьга а‚ Сан элчане а ийман дилла‚ аьлла. Цара элира: 'Оха ийман диллина‚ ахь тешалла де тхо бусулбанаш хилар '
5:111 -
إِذْ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ هَلْ يَسْتَطِيعُ رَبُّكَ أَنْ يُنَزِّلَ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ ۖ قَالَ اتَّقُوا اللَّهَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Хьавареша ма элира: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ хьан Элан (Делан) ницкъ кхочур барий тхуна стиглара /даарийн/ шун охьадоссо?' Цо элира: 'Делах кхера, шу ийман долуш хиллехь '
5:112 -
قَالُوا نُرِيدُ أَنْ نَأْكُلَ مِنْهَا وَتَطْمَئِنَّ قُلُوبُنَا وَنَعْلَمَ أَنْ قَدْ صَدَقْتَنَا وَنَكُونَ عَلَيْهَا مِنَ الشَّاهِدِينَ
Цара элира: 'Тхуна лаъа цу чуьра хIума яа‚ тхан дегнаш чIагIдан /тешарца/‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (ийманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тIехь тешаш хила а'
5:113 -
قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ اللَّهُمَّ رَبَّنَا أَنْزِلْ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ تَكُونُ لَنَا عِيدًا لِأَوَّلِنَا وَآخِرِنَا وَآيَةً مِنْكَ ۖ وَارْزُقْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Марьяман кIанта Iийсас элира: 'Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ охьадоссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Iийд) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тIаьхьарчунна а‚ Хьоьгара делил а хир дара. Рицкъ лōлахь тхуна. Хьо рицкъ лучарах уггар диканиг ма ву'
5:114 -
قَالَ اللَّهُ إِنِّي مُنَزِّلُهَا عَلَيْكُمْ ۖ فَمَنْ يَكْفُرْ بَعْدُ مِنْكُمْ فَإِنِّي أُعَذِّبُهُ عَذَابًا لَا أُعَذِّبُهُ أَحَدًا مِنَ الْعَالَمِينَ
Дала элира: 'Ас охьадоссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТIаккха цул тIаьхьа шух керстаналла динчунна – ас Iазап дийр ма ду цунна Iазапца‚ Iаламашкахь цхьанна ца динчу кеппара'
5:115 -
وَإِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ أَأَنْتَ قُلْتَ لِلنَّاسِ اتَّخِذُونِي وَأُمِّيَ إِلَٰهَيْنِ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ قَالَ سُبْحَانَكَ مَا يَكُونُ لِي أَنْ أَقُولَ مَا لَيْسَ لِي بِحَقٍّ ۚ إِنْ كُنْتُ قُلْتُهُ فَقَدْ عَلِمْتَهُ ۚ تَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِي وَلَا أَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِكَ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ
Дала эр: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь аьллера нахе хьуо а‚ хьан нана а ши дела ву алий тIелаца‚ АллахI витий‚ аьлла?' Цо эр: 'Хьо цIанво ас‚ ма дац суна /томе/ ас āлар айса āла хьакъ доцург. Ас и аьлла хиллехьара – Хьуна и хууш хир ма дара. Хьуна ма хаа соьгахь дерг, суна ма ца хаа Хьоьгахь дерг. Баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш тх дика хуург
5:116 -
مَا قُلْتُ لَهُمْ إِلَّا مَا أَمَرْتَنِي بِهِ أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ ۚ وَكُنْتُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا مَا دُمْتُ فِيهِمْ ۖ فَلَمَّا تَوَفَّيْتَنِي كُنْتَ أَنْتَ الرَّقِيبَ عَلَيْهِمْ ۚ وَأَنْتَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
Ца элира ас цаьрга Ахь соьга шеца омра динарг бен – 'Iибадат делаш Далла‚ сан Эла‚ шун Эла хилла волчу'. Со царна тIехь теш вара‚ со цаьрца мел волу‚ Ахь со Хьайга хьалаваьккхинчул тIаьхьа Хьо ву-кх царна тIехьожург. Хьо массо а хIуманан теш ма ву
5:117 -
إِنْ تُعَذِّبْهُمْ فَإِنَّهُمْ عِبَادُكَ ۖ وَإِنْ تَغْفِرْ لَهُمْ فَإِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Ахь царна Iазап дахь а – уьш Хьан леш бу-кх‚ Ахь царна гечдахь, баккъалла а, Хьо веза верг а‚ хьукам нийса деш верг а ву-кх'
5:118 -
قَالَ اللَّهُ هَٰذَا يَوْمُ يَنْفَعُ الصَّادِقِينَ صِدْقُهُمْ ۚ لَهُمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Дала эр: 'ХIара де ду бакълийначарна шайн бакъхиларо пайда бийр болуш‚ царна бошмаш (ялсамане) хир ю‚ шайн бухахула оьхуш хиш долуш‚ цу чохь лаьттар бу уьш гуттар а. Дела реза хуьлда царна‚ уьш а реза хуьлда Цунна – иза сийлахь-боккха толам бу-кх'
5:119 -
لِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا فِيهِنَّ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу чохь долчун а долалла‚ И ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ берг
5:120
Гочдар: Магомед Магомедов