Мусхаф., агӏо 126

  1. يَوْمَ يَجْمَعُ اللَّهُ الرُّسُلَ فَيَقُولُ مَاذَا أُجِبْتُمْ ۖ قَالُوا لَا عِلْمَ لَنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ

    Оцу (къемат)дийнахь Дала гулбийр бу элчанаш‚ Цо эр ду: 'ХIун жоп делла шуьга'. Цара (элчанаш) эр: 'Iилма дац тхан (тхуна хаац)‚ баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш дика хуург'

    5:109
  2. إِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ اذْكُرْ نِعْمَتِي عَلَيْكَ وَعَلَىٰ وَالِدَتِكَ إِذْ أَيَّدْتُكَ بِرُوحِ الْقُدُسِ تُكَلِّمُ النَّاسَ فِي الْمَهْدِ وَكَهْلًا ۖ وَإِذْ عَلَّمْتُكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ ۖ وَإِذْ تَخْلُقُ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ بِإِذْنِي فَتَنْفُخُ فِيهَا فَتَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِي ۖ وَتُبْرِئُ الْأَكْمَهَ وَالْأَبْرَصَ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ تُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ كَفَفْتُ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَنْكَ إِذْ جِئْتَهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Дала аьллера: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а хилла долу Сан ниIмат. Ас чIагI ма вира хьо Дезачу Сица‚ āгана чохь волуш нахаца хабар дуьйцура ахь‚ воккха хилча а‚ Ас хьуна ма Iамийра жайна а, хьекъалалла а‚ Таврат а‚ Инжил а‚ ахь ма кхуллура поппарх хьозанан куьцах тера хма, Сан пурбанца‚ цу чу са доIура ахь – и хьоза хуьлура Сан пурбанца. Ахь тавора бIаьрса доцург а‚ барс цамгар ерг а Сан пурбанца. Велларг денвора ахь Сан пурбанца; хьо лар ма вира Ас бану Исраилех‚ хьо царна тIе билгалонашца веъча. ТIаккха царах керстанаша ма элира: 'Иза билггала холмачалла (бозбуунчалла) а бен ма дац ',

    5:110
  3. وَإِذْ أَوْحَيْتُ إِلَى الْحَوَارِيِّينَ أَنْ آمِنُوا بِي وَبِرَسُولِي قَالُوا آمَنَّا وَاشْهَدْ بِأَنَّنَا مُسْلِمُونَ

    Ас дагчу ма диллира хьаварешна Соьга а‚ Сан элчане а ийман дилла‚ аьлла. Цара элира: 'Оха ийман диллина‚ ахь тешалла де тхо бусулбанаш хилар '

    5:111
  4. إِذْ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ هَلْ يَسْتَطِيعُ رَبُّكَ أَنْ يُنَزِّلَ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ ۖ قَالَ اتَّقُوا اللَّهَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Хьавареша ма элира: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ хьан Элан (Делан) ницкъ кхочур барий тхуна стиглара /даарийн/ шун охьадоссо?' Цо элира: 'Делах кхера, шу ийман долуш хиллехь '

    5:112
  5. قَالُوا نُرِيدُ أَنْ نَأْكُلَ مِنْهَا وَتَطْمَئِنَّ قُلُوبُنَا وَنَعْلَمَ أَنْ قَدْ صَدَقْتَنَا وَنَكُونَ عَلَيْهَا مِنَ الشَّاهِدِينَ

    Цара элира: 'Тхуна лаъа цу чуьра хIума яа‚ тхан дегнаш чIагIдан /тешарца/‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (ийманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тIехь тешаш хила а'

    5:113

Гочдар: Магомед Магомедов