Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг), аят 7
-
سَخَّرَهَا عَلَيْهِمْ سَبْعَ لَيَالٍ وَثَمَانِيَةَ أَيَّامٍ حُسُومًا فَتَرَى الْقَوْمَ فِيهَا صَرْعَىٰ كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ خَاوِيَةٍ
Цо /нуьцкъалла/ балийтира и царна ворхI буса а‚ бархI дийнахь а тIеттIа. Хьуна гур бара нах оцу дийнахь /хIаллакбина/ дIасакхиссина‚ даьсса дисна (чохь хора йолу) хурманан диттан гIадаш санна
69:7
Гочдар: Магомед Магомедов