Сурат 6 Аль-анIам (АнIам)

  1. قُلْ إِنَّنِي هَدَانِي رَبِّي إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ دِينًا قِيَمًا مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۚ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала (нийса) дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикех'

    6:161
  2. قُلْ إِنَّ صَلَاتِي وَنُسُكِي وَمَحْيَايَ وَمَمَاتِي لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Āла: 'Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу

    6:162
  3. لَا شَرِيكَ لَهُ ۖ وَبِذَٰلِكَ أُمِرْتُ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُسْلِمِينَ

    Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со хьалхара муьтIахь верг ву'

    6:163
  4. قُلْ أَغَيْرَ اللَّهِ أَبْغِي رَبًّا وَهُوَ رَبُّ كُلِّ شَيْءٍ ۚ وَلَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ إِلَّا عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ مَرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Ахь āла: 'АллахI воцург /кхин/ лоху ас Кхиош-кхобург (Дела)? И ма ву массо а хIуманан Кхиош-кхобург. Карор ма дац хIор синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь. ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг

    6:164
  5. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلَائِفَ الْأَرْضِ وَرَفَعَ بَعْضَكُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ ۗ إِنَّ رَبَّكَ سَرِيعُ الْعِقَابِ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шух цхьаберш вукхарал даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиха ма ву таIзар дарехь‚ И гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву

    6:165

Гочдар: Магомед Магомедов