Мусхаф., агӏо 150
-
هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا أَنْ تَأْتِيَهُمُ الْمَلَائِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ رَبُّكَ أَوْ يَأْتِيَ بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ ۗ يَوْمَ يَأْتِي بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ لَا يَنْفَعُ نَفْسًا إِيمَانُهَا لَمْ تَكُنْ آمَنَتْ مِنْ قَبْلُ أَوْ كَسَبَتْ فِي إِيمَانِهَا خَيْرًا ۗ قُلِ انْتَظِرُوا إِنَّا مُنْتَظِرُونَ
Хьовсур буй-те уьш шайга маликаш дахкаре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ дахкаре? Хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ даьхканчу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан иймано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь я шен ийман чохь гулдина диканиг дацахь. Ахь āла: 'Хьовсуш Iе шу – тхо а хьовсуш ду'
6:158 -
إِنَّ الَّذِينَ فَرَّقُوا دِينَهُمْ وَكَانُوا شِيَعًا لَسْتَ مِنْهُمْ فِي شَيْءٍ ۚ إِنَّمَا أَمْرُهُمْ إِلَى اللَّهِ ثُمَّ يُنَبِّئُهُمْ بِمَا كَانُوا يَفْعَلُونَ
Баккъалла а, шайн дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш – хьо царах ма вац хьуна цхьанна хIуманна тIехь‚ церан гIуллакх Деле ду. ТIаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг
6:159 -
مَنْ جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ عَشْرُ أَمْثَالِهَا ۖ وَمَنْ جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَىٰ إِلَّا مِثْلَهَا وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Диканиг деъначунна цунна итт цунах тераниг ду. Вониг деъначунна – бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац
6:160 -
قُلْ إِنَّنِي هَدَانِي رَبِّي إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ دِينًا قِيَمًا مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۚ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Ахь āла: 'Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала (нийса) дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикех'
6:161 -
قُلْ إِنَّ صَلَاتِي وَنُسُكِي وَمَحْيَايَ وَمَمَاتِي لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Āла: 'Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу
6:162 -
لَا شَرِيكَ لَهُ ۖ وَبِذَٰلِكَ أُمِرْتُ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُسْلِمِينَ
Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со хьалхара муьтIахь верг ву'
6:163 -
قُلْ أَغَيْرَ اللَّهِ أَبْغِي رَبًّا وَهُوَ رَبُّ كُلِّ شَيْءٍ ۚ وَلَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ إِلَّا عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ مَرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
Ахь āла: 'АллахI воцург /кхин/ лоху ас Кхиош-кхобург (Дела)? И ма ву массо а хIуманан Кхиош-кхобург. Карор ма дац хIор синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь. ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг
6:164 -
وَهُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلَائِفَ الْأَرْضِ وَرَفَعَ بَعْضَكُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ ۗ إِنَّ رَبَّكَ سَرِيعُ الْعِقَابِ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шух цхьаберш вукхарал даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиха ма ву таIзар дарехь‚ И гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву
6:165
Гочдар: Магомед Магомедов