Мусхаф., агӏо 576

  1. إِنَّهُ فَكَّرَ وَقَدَّرَ

    Баккъалла а, цо ойла йора‚ хьесап а дора

    74:18
  2. فَقُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ

    ХIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?

    74:19
  3. ثُمَّ قُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ

    ТIаккха а хIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?

    74:20
  4. ثُمَّ نَظَرَ

    ТIаккха иза хьежира

    74:21
  5. ثُمَّ عَبَسَ وَبَسَرَ

    ТIаккха юьхь хабийра‚ вусавелира

    74:22
  6. ثُمَّ أَدْبَرَ وَاسْتَكْبَرَ

    ТIаккха иза юхваьлира /Къуръанах/‚ куравелира

    74:23
  7. فَقَالَ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ يُؤْثَرُ

    Цо элира: 'ХIара деккъа бозбуунчалла ду /хьалха дуьйна/ схьадогIуш долу

    74:24
  8. إِنْ هَٰذَا إِلَّا قَوْلُ الْبَشَرِ

    ХIара деккъа адаман дош ду'

    74:25
  9. سَأُصْلِيهِ سَقَرَ

    Ас вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь

    74:26
  10. وَمَا أَدْرَاكَ مَا سَقَرُ

    Хьан хаийтина хьуна‚ хIун ю и сакъар?

    74:27
  11. لَا تُبْقِي وَلَا تَذَرُ

    Буха а ца вуьту цо‚ дIа а ца тосу,

    74:28
  12. لَوَّاحَةٌ لِلْبَشَرِ

    Гучуйолу и адамна /геннара цуьнан юьхь Iаржаеш/

    74:29
  13. عَلَيْهَا تِسْعَةَ عَشَرَ

    Цунна тIехIоьттина ткъеяссина /малик/ ду

    74:30
  14. وَمَا جَعَلْنَا أَصْحَابَ النَّارِ إِلَّا مَلَائِكَةً ۙ وَمَا جَعَلْنَا عِدَّتَهُمْ إِلَّا فِتْنَةً لِلَّذِينَ كَفَرُوا لِيَسْتَيْقِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَيَزْدَادَ الَّذِينَ آمَنُوا إِيمَانًا ۙ وَلَا يَرْتَابَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْمُؤْمِنُونَ ۙ وَلِيَقُولَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْكَافِرُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَا يَعْلَمُ جُنُودَ رَبِّكَ إِلَّا هُوَ ۚ وَمَا هِيَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْبَشَرِ

    Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питнина бен а‚ жайнан охIлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнан охIлане а‚ муъмин нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: 'ХIун лиъна-техьа Далла хIокхунца‚ масал а далийна?' Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна

    74:31
  15. كَلَّا وَالْقَمَرِ

    ХIан-хIа! Баттаца дуй боу Ас!

    74:32
  16. وَاللَّيْلِ إِذْ أَدْبَرَ

    Буьйсанца дуй боу и тIаьхьаяханчу хенахь

    74:33
  17. وَالصُّبْحِ إِذَا أَسْفَرَ

    Сатасарца дуй боу и гучудаьллачу хенахь

    74:34
  18. إِنَّهَا لَإِحْدَى الْكُبَرِ

    Баккъалла а, иза (сакъар олу жоьжахати) уггар яккхичарах цхьаъ ю!

    74:35
  19. نَذِيرًا لِلْبَشَرِ

    Кхерамча адамашна /ю иза/

    74:36
  20. لِمَنْ شَاءَ مِنْكُمْ أَنْ يَتَقَدَّمَ أَوْ يَتَأَخَّرَ

    Шух шен луучунна /диканна/ хьалхавала а‚ /вочунна/ тIаьхьависа а

    74:37
  21. كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ رَهِينَةٌ

    Массо а са ша карадинчуьнца закъалт ду

    74:38
  22. إِلَّا أَصْحَابَ الْيَمِينِ

    Аьтту куьйган дай боцурш

    74:39
  23. فِي جَنَّاتٍ يَتَسَاءَلُونَ

    Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу

    74:40
  24. عَنِ الْمُجْرِمِينَ

    Къинош диначарах:

    74:41
  25. مَا سَلَكَكُمْ فِي سَقَرَ

    'Хьан дигина шу сакъара чу?'

    74:42
  26. قَالُوا لَمْ نَكُ مِنَ الْمُصَلِّينَ

    Цара элира: 'Тхо ца хилира ламазаш дечарах,

    74:43
  27. وَلَمْ نَكُ نُطْعِمُ الْمِسْكِينَ

    Тхо ца хилира мискачарна хIума даош

    74:44
  28. وَكُنَّا نَخُوضُ مَعَ الْخَائِضِينَ

    Даьсса хабарш дуьйцучаьрца /даьсса/ хабар дуьйцуш хилира тхо‚

    74:45
  29. وَكُنَّا نُكَذِّبُ بِيَوْمِ الدِّينِ

    Бекхаман де харцдеш хилира тхо

    74:46
  30. حَتَّىٰ أَتَانَا الْيَقِينُ

    Тхайга бакъдерг далц'

    74:47

Гочдар: Магомед Магомедов