Сурат 8 Аль-анфал (ХIонс)
-
وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ قَالُوا سَمِعْنَا وَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
Шу тар ма ло аьллачарах: 'ЛадоьгIна оха'‚ шаьш ладугIуш а боцуш
8:21 -
إِنَّ شَرَّ الدَّوَابِّ عِنْدَ اللَّهِ الصُّمُّ الْبُكْمُ الَّذِينَ لَا يَعْقِلُونَ
Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха хьайба ду къораниг а, мотт цахуург а. Уьш бу хьекъале боцурш (Делах ца тешаш болу керстанаш)
8:22 -
وَلَوْ عَلِمَ اللَّهُ فِيهِمْ خَيْرًا لَأَسْمَعَهُمْ ۖ وَلَوْ أَسْمَعَهُمْ لَتَوَلَّوْا وَهُمْ مُعْرِضُونَ
Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладогIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара уьш (гIазотера бовдур бара), /ийманах/ юьстах а бевлла
8:23 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اسْتَجِيبُوا لِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ إِذَا دَعَاكُمْ لِمَا يُحْيِيكُمْ ۖ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَحُولُ بَيْنَ الْمَرْءِ وَقَلْبِهِ وَأَنَّهُ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
ХIай ийман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шуна дахар луш долчуьнга. Шуна хаалаш: и Дела стагана а‚ цуьнан дагана а юкъавулу /шена луург цуьнга ца дойтуш/‚ шу а Цунна тIе дгулдийр ду
8:24 -
وَاتَّقُوا فِتْنَةً لَا تُصِيبَنَّ الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْكُمْ خَاصَّةً ۖ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначарна зен дина Iанне а ца Iа иза (массарна а зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIзар дарца) чIогIа вуйла
8:25 -
وَاذْكُرُوا إِذْ أَنْتُمْ قَلِيلٌ مُسْتَضْعَفُونَ فِي الْأَرْضِ تَخَافُونَ أَنْ يَتَخَطَّفَكُمُ النَّاسُ فَآوَاكُمْ وَأَيَّدَكُمْ بِنَصْرِهِ وَرَزَقَكُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Аш дагадаийтал шаьш, кIеззиг а долуш, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха схьалецарна а кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух рицкъ а делира шуна, – шу хила мегар-кха баркалла олуш
8:26 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَخُونُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ وَتَخُونُوا أَمَانَاتِكُمْ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ
ХIай ийман диллинарш! Аш тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аш тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума делахь а), шаьш хууш а долуш
8:27 -
وَاعْلَمُوا أَنَّمَا أَمْوَالُكُمْ وَأَوْلَادُكُمْ فِتْنَةٌ وَأَنَّ اللَّهَ عِنْدَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
Шуна хаалаш, шайн бахам а, шайн доьзалш а питана дуйла‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-йоккха ял йолуш вуйла
8:28 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَتَّقُوا اللَّهَ يَجْعَلْ لَكُمْ فُرْقَانًا وَيُكَفِّرْ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
ХIай ийман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шайн къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела сийлахь-йокха комаьршалла йолуш ма ву
8:29 -
وَإِذْ يَمْكُرُ بِكَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِيُثْبِتُوكَ أَوْ يَقْتُلُوكَ أَوْ يُخْرِجُوكَ ۚ وَيَمْكُرُونَ وَيَمْكُرُ اللَّهُ ۖ وَاللَّهُ خَيْرُ الْمَاكِرِينَ
Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца‚ я вен‚ я хьо араваккха /Макки чуьра/. Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву
8:30 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا قَالُوا قَدْ سَمِعْنَا لَوْ نَشَاءُ لَقُلْنَا مِثْلَ هَٰذَا ۙ إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: 'Хезна тхуна‚ тхайна лиъча, цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара'
8:31 -
وَإِذْ قَالُوا اللَّهُمَّ إِنْ كَانَ هَٰذَا هُوَ الْحَقَّ مِنْ عِنْدِكَ فَأَمْطِرْ عَلَيْنَا حِجَارَةً مِنَ السَّمَاءِ أَوِ ائْتِنَا بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Цара ма элира /дагадаийтал, хIай элча/: 'Везан Дела‚ хIара хиллехь Хьоьгара бакъдерг‚ догIица тIулгаш делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап даийта тхуна'
8:32 -
وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُعَذِّبَهُمْ وَأَنْتَ فِيهِمْ ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ مُعَذِّبَهُمْ وَهُمْ يَسْتَغْفِرُونَ
Дела ца хилира царна Iазап деш, хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш а болуш
8:33 -
وَمَا لَهُمْ أَلَّا يُعَذِّبَهُمُ اللَّهُ وَهُمْ يَصُدُّونَ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَمَا كَانُوا أَوْلِيَاءَهُ ۚ إِنْ أَوْلِيَاؤُهُ إِلَّا الْمُتَّقُونَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Дезчу Маьждиге / бусалба нах/ ца буьтуш хилча? Уьш ца хилла цунна доладеш берш. Цуьнан доладан хьакъ берш беккъа /Делах/ кхоьрурш бу‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх
8:34 -
وَمَا كَانَ صَلَاتُهُمْ عِنْدَ الْبَيْتِ إِلَّا مُكَاءً وَتَصْدِيَةً ۚ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ
Церан ламаз (КаIбан) цIийна хьалхахь ма ца хилира шок еттар а‚ тIараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ 'Iовша шайна Iазап, шаьш цахиларна тешаш' /алар бен/
8:35 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ لِيَصُدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ فَسَيُنْفِقُونَهَا ثُمَّ تَكُونُ عَلَيْهِمْ حَسْرَةً ثُمَّ يُغْلَبُونَ ۗ وَالَّذِينَ كَفَرُوا إِلَىٰ جَهَنَّمَ يُحْشَرُونَ
Баккъалла а, цатешачара харжаш йо Делан некъах /нах/ дIатилабан. ТIаьхьа а йийр ю цара уьш‚ тIаккха йуьсур ю хьуна уьш царна шайна дохкобовлар а, гIайгIа а хилла.ТIаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу
8:36 -
لِيَمِيزَ اللَّهُ الْخَبِيثَ مِنَ الطَّيِّبِ وَيَجْعَلَ الْخَبِيثَ بَعْضَهُ عَلَىٰ بَعْضٍ فَيَرْكُمَهُ جَمِيعًا فَيَجْعَلَهُ فِي جَهَنَّمَ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Дала къасторхьама боьханиг цIенчух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха царах массарах а барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш
8:37 -
قُلْ لِلَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ يَنْتَهُوا يُغْفَرْ لَهُمْ مَا قَدْ سَلَفَ وَإِنْ يَعُودُوا فَقَدْ مَضَتْ سُنَّتُ الْأَوَّلِينَ
Ахь āла /хIай Мухьаммад/ цатешначаьрга: 'Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха даьллачунна‚ уьш юха а буьйлалахь /бусалбанашца тIом бан/ – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр бу)”
8:38 -
وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ كُلُّهُ لِلَّهِ ۚ فَإِنِ انْتَهَوْا فَإِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге а дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь (маслахьате баьхкина – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву
8:39 -
وَإِنْ تَوَلَّوْا فَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَوْلَاكُمْ ۚ نِعْمَ الْمَوْلَىٰ وَنِعْمَ النَّصِيرُ
Уьш дIаберзахь (маслахьте ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шун гIоьнча (тIаккха тIом бе аш) – дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза
8:40
Гочдар: Магомед Магомедов