Сурат 8 Аль-анфал (ХIонс)

  1. وَإِنْ جَنَحُوا لِلسَّلْمِ فَاجْنَحْ لَهَا وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚ – тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    8:61
  2. وَإِنْ يُرِيدُوا أَنْ يَخْدَعُوكَ فَإِنَّ حَسْبَكَ اللَّهُ ۚ هُوَ الَّذِي أَيَّدَكَ بِنَصْرِهِ وَبِالْمُؤْمِنِينَ

    Царна лаахь хьо Iехо (тешнабехк бан) – хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен гIоьнца а, муъмин нахаца а хьо чIагIвина хилларг

    8:62
  3. وَأَلَّفَ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ ۚ لَوْ أَنْفَقْتَ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا مَا أَلَّفْتَ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ أَلَّفَ بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Цо бартадалира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахь лаьттахь мел дерг доьхкича а, хьоьга бартадалалур дацара церан дегнаш‚ делахь а, Дала бартабалийра уьш. Баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    8:63
  4. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ حَسْبُكَ اللَّهُ وَمَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    ХIай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъмин нахах хьуна тIаьхьахIоьттинарг а ву

    8:64
  5. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ حَرِّضِ الْمُؤْمِنِينَ عَلَى الْقِتَالِ ۚ إِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ عِشْرُونَ صَابِرُونَ يَغْلِبُوا مِائَتَيْنِ ۚ وَإِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ مِائَةٌ يَغْلِبُوا أَلْفًا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَفْقَهُونَ

    ХIай пайхамар! ТIамна тIеберзабе муъмин нах! Шух собаре ткъа хилча – эшор ву цара ши бIе‚ шух бIе хилча – эшор ву цара цатешачарах эзар‚ хIунда аьлча, уьш ца кхеташ къам ду

    8:65
  6. الْآنَ خَفَّفَ اللَّهُ عَنْكُمْ وَعَلِمَ أَنَّ فِيكُمْ ضَعْفًا ۚ فَإِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ مِائَةٌ صَابِرَةٌ يَغْلِبُوا مِائَتَيْنِ ۚ وَإِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ أَلْفٌ يَغْلِبُوا أَلْفَيْنِ بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ مَعَ الصَّابِرِينَ

    ХIинца Дала дайдира шуна /тман хьал/‚ Цунна хиира шуьца ледарло юй (кIеззиг хилар‚ тIамна кийча цахилар)‚ шух собаре бIе хилча – ши бIе эшор ву цара/собаре болчара/, шух эзар хилча – ши эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца ву

    8:66
  7. مَا كَانَ لِنَبِيٍّ أَنْ يَكُونَ لَهُ أَسْرَىٰ حَتَّىٰ يُثْخِنَ فِي الْأَرْضِ ۚ تُرِيدُونَ عَرَضَ الدُّنْيَا وَاللَّهُ يُرِيدُ الْآخِرَةَ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Ца тарлора пайхамарна шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чIагIваллалц‚ шу дезаш ду дуьненан хIума‚ Далла дезаш ду эхарт. Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    8:67
  8. لَوْلَا كِتَابٌ مِنَ اللَّهِ سَبَقَ لَمَسَّكُمْ فِيمَا أَخَذْتُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Делера йоза хьалха ца даьллехьара аш эцначунна, доккхачу Iазапо схьалоцур дара шу

    8:68
  9. فَكُلُوا مِمَّا غَنِمْتُمْ حَلَالًا طَيِّبًا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Яа шаьш яьккхинчу хIонсах хьанал ерг‚ цIена ерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    8:69
  10. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُلْ لِمَنْ فِي أَيْدِيكُمْ مِنَ الْأَسْرَىٰ إِنْ يَعْلَمِ اللَّهُ فِي قُلُوبِكُمْ خَيْرًا يُؤْتِكُمْ خَيْرًا مِمَّا أُخِذَ مِنْكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    ХIай пайхамар! Āла шайн куьйга кIел болчу йийсархошка: 'Далла хаахь шун дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву'

    8:70
  11. وَإِنْ يُرِيدُوا خِيَانَتَكَ فَقَدْ خَانُوا اللَّهَ مِنْ قَبْلُ فَأَمْكَنَ مِنْهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо (хьуна царна тхь таIзар дан) ницкъ белла. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса / деш верг а ву

    8:71
  12. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَالَّذِينَ آوَوْا وَنَصَرُوا أُولَٰئِكَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَلَمْ يُهَاجِرُوا مَا لَكُمْ مِنْ وَلَايَتِهِمْ مِنْ شَيْءٍ حَتَّىٰ يُهَاجِرُوا ۚ وَإِنِ اسْتَنْصَرُوكُمْ فِي الدِّينِ فَعَلَيْكُمُ النَّصْرُ إِلَّا عَلَىٰ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ مِيثَاقٌ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Баккъалла а, ийман а диллина, дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дIабаханарш)‚ шайн бахамца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш уьш тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу. Ийман а диллина, дIа ца кхелхинарш – цхьанна хIуманца цаьрца гергарло дац шун, уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ – шуна тIехь (царна) гIо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь. И Дела аш дийриг гуш ма ву

    8:72
  13. وَالَّذِينَ كَفَرُوا بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ إِلَّا تَفْعَلُوهُ تَكُنْ فِتْنَةٌ فِي الْأَرْضِ وَفَسَادٌ كَبِيرٌ

    Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аш и (гIо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚ доккха боьханиг даьржар ду

    8:73
  14. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَالَّذِينَ آوَوْا وَنَصَرُوا أُولَٰئِكَ هُمُ الْمُؤْمِنُونَ حَقًّا ۚ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ

    Ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚ уьш тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш бу хьакъ-бакъ муъмин нах‚ царна гечдар а‚ шортта рицкъ а хир ду

    8:74
  15. وَالَّذِينَ آمَنُوا مِنْ بَعْدُ وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا مَعَكُمْ فَأُولَٰئِكَ مِنْكُمْ ۚ وَأُولُو الْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَىٰ بِبَعْضٍ فِي كِتَابِ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    ТIаьхьа ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш‚ шуьца цхьана къахьегнарш – уьш шух бу. Гергарлонаш дерш – царах цхьаберш вукхарал герга бу Делан жайна чохь. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву

    8:75

Гочдар: Магомед Магомедов