Сурат 80 Iабаса (Юьхь хабийна)

  1. ثُمَّ أَمَاتَهُ فَأَقْبَرَهُ

    ТIаккха Цо иза валийтина‚ каш чувиллийтина

    80:21
  2. ثُمَّ إِذَا شَاءَ أَنْشَرَهُ

    ТIаккха, Шена ма лиънехь, Цо иза денвийр ву /къематдийнахь/

    80:22
  3. كَلَّا لَمَّا يَقْضِ مَا أَمَرَهُ

    ХIан-хIа! Цо (адамо) ма кхочуш ца до шега /Дала/ омра динарг

    80:23
  4. فَلْيَنْظُرِ الْإِنْسَانُ إِلَىٰ طَعَامِهِ

    И адам хьожийла ша дуучуьнга!

    80:24
  5. أَنَّا صَبَبْنَا الْمَاءَ صَبًّا

    Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догIа) шортта доттарца!

    80:25
  6. ثُمَّ شَقَقْنَا الْأَرْضَ شَقًّا

    ТIаккха Оха ма дадийна и латта дадорца

    80:26
  7. فَأَنْبَتْنَا فِيهَا حَبًّا

    Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚

    80:27
  8. وَعِنَبًا وَقَضْبًا

    Кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚

    80:28
  9. وَزَيْتُونًا وَنَخْلًا

    Зайтун а‚ хурма а‚

    80:29
  10. وَحَدَائِقَ غُلْبًا

    Дуккха дитташ долу бошмаш а‚

    80:30
  11. وَفَاكِهَةً وَأَبًّا

    Стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а

    80:31
  12. مَتَاعًا لَكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ

    Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш

    80:32
  13. فَإِذَا جَاءَتِ الصَّاخَّةُ

    Нуьцкъала мохь беъча!

    80:33
  14. يَوْمَ يَفِرُّ الْمَرْءُ مِنْ أَخِيهِ

    Оцу дийнахь стаг водур ву шен веших‚

    80:34
  15. وَأُمِّهِ وَأَبِيهِ

    Шен ненах а‚ шен дех а‚

    80:35
  16. وَصَاحِبَتِهِ وَبَنِيهِ

    Шен зудчух а‚ шен кIентийх а

    80:36
  17. لِكُلِّ امْرِئٍ مِنْهُمْ يَوْمَئِذٍ شَأْنٌ يُغْنِيهِ

    Оцарах хIор стагана оцу дийнахь гIуллакх хир ду ша хьалхаваккхар

    80:37
  18. وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ مُسْفِرَةٌ

    Цхьа яххьаш оцу дийнахь хир ю къегийна‚

    80:38
  19. ضَاحِكَةٌ مُسْتَبْشِرَةٌ

    Йоьлуш‚ яккхийедаш

    80:39
  20. وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ عَلَيْهَا غَبَرَةٌ

    Цхьа /кхин/ яххьаш оцу дийнахь хир ю шайна тIе чан йиллина‚

    80:40

Гочдар: Магомед Магомедов