Сурат 83 Аль-мутIаффифин (Эшош берш)

  1. يَشْهَدُهُ الْمُقَرَّبُونَ

    Цунна тешалла дийр ду /Далла/ гергахь долчу /маликаша/

    83:21
  2. إِنَّ الْأَبْرَارَ لَفِي نَعِيمٍ

    Баккъалла а, диканиг динарш /ялсаманехь/ ниаташкахь хир бу‚

    83:22
  3. عَلَى الْأَرَائِكِ يَنْظُرُونَ

    Маьнганий тIехь хьоьжуш

    83:23
  4. تَعْرِفُ فِي وُجُوهِهِمْ نَضْرَةَ النَّعِيمِ

    Хьуна девзар ду церан яххьашкахь ниIматийн лепар!

    83:24
  5. يُسْقَوْنَ مِنْ رَحِيقٍ مَخْتُومٍ

    Малор ду царна мухIар тоьхначу уггар цIенчу чагIарах‚

    83:25
  6. خِتَامُهُ مِسْكٌ ۚ وَفِي ذَٰلِكَ فَلْيَتَنَافَسِ الْمُتَنَافِسُونَ

    Цуьнан чакхе миск ю. Оцунна тхь яхье бовлийла шаьш яхье бовлурш!

    83:26
  7. وَمِزَاجُهُ مِنْ تَسْنِيمٍ

    Цунах (чагIарах) тоьхнарг таснимах хир ду‚

    83:27
  8. عَيْنًا يَشْرَبُ بِهَا الْمُقَرَّبُونَ

    Шовда бу иза‚ шена чуьра мер долуш /Далла/ гергаболчара

    83:28
  9. إِنَّ الَّذِينَ أَجْرَمُوا كَانُوا مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا يَضْحَكُونَ

    Баккъалла а, къинош динарш бара ийман диллинчарах боьлуш‚

    83:29
  10. وَإِذَا مَرُّوا بِهِمْ يَتَغَامَزُونَ

    Царна тIехбовлуш, вовшашка муьшкаш еш‚

    83:30
  11. وَإِذَا انْقَلَبُوا إِلَىٰ أَهْلِهِمُ انْقَلَبُوا فَكِهِينَ

    Шайн доьзална тIебоьрзуш, тIебоьрзура забарш еш‚

    83:31
  12. وَإِذَا رَأَوْهُمْ قَالُوا إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَضَالُّونَ

    И /муъмин нах/ шайна гича‚ цара олура: 'Баккъалла а, хIорш тилабелларш бу-кх!'

    83:32
  13. وَمَا أُرْسِلُوا عَلَيْهِمْ حَافِظِينَ

    Ца бахийтина уьш царна (бусалбанашна) тIе тергамхой хилла

    83:33
  14. فَالْيَوْمَ الَّذِينَ آمَنُوا مِنَ الْكُفَّارِ يَضْحَكُونَ

    Тахана ийман диллина хилларш /Делах/ цатешачарах боьлур бу!

    83:34
  15. عَلَى الْأَرَائِكِ يَنْظُرُونَ

    Маьнганий тIехь хьоьжуш хир бу!

    83:35
  16. هَلْ ثُوِّبَ الْكُفَّارُ مَا كَانُوا يَفْعَلُونَ

    /Нисса/ бекхам биний /Делах/ цатешачарна цара деш хиллачуьнца? /Хъ, бина, Делора!/

    83:36

Гочдар: Магомед Магомедов