Сурат 93 Ад-духьа (Iуьре)

  1. وَالضُّحَىٰ

    Iуьйренах дуй боу Ас‚

    93:1
  2. وَاللَّيْلِ إِذَا سَجَىٰ

    Буьйсанах дуй боу Ас‚ иза бода бахьаш дIатийча:

    93:2
  3. مَا وَدَّعَكَ رَبُّكَ وَمَا قَلَىٰ

    Хьо д ца тесна хьо Кхиош-кхобуш волчо‚ вац Иза хьоь безам байна а

    93:3
  4. وَلَلْآخِرَةُ خَيْرٌ لَكَ مِنَ الْأُولَىٰ

    ТIаьхьарниг (эхарт) тоьлуш ю хьуна хьалхарчул (дуьненал)

    93:4
  5. وَلَسَوْفَ يُعْطِيكَ رَبُّكَ فَتَرْضَىٰ

    ТIаьхьа лур ду хьо Кхиош-кхобуш волчо хьуна хир ву хьо реза

    93:5
  6. أَلَمْ يَجِدْكَ يَتِيمًا فَآوَىٰ

    Хьо ца карийра Цуна бобер ? Цо хьо тIеийцира

    93:6
  7. وَوَجَدَكَ ضَالًّا فَهَدَىٰ

    Хьо карийра Цунна (нийса дин довза) ваьлла лелаш Цо хьо нийсачу новкъа виллира

    93:7
  8. وَوَجَدَكَ عَائِلًا فَأَغْنَىٰ

    Хьо карийра Цунна къе Цо хьо хьоле хилийтира

    93:8
  9. فَأَمَّا الْيَتِيمَ فَلَا تَقْهَرْ

    Ахь ма белахь боберана ницкъ‚

    93:9
  10. وَأَمَّا السَّائِلَ فَلَا تَنْهَرْ

    Ахь ма тохалахь /сагIа/ дуьйхург духа

    93:10
  11. وَأَمَّا بِنِعْمَةِ رَبِّكَ فَحَدِّثْ

    Ахь хьехаделахь хьан Кхиош-кхобучун ниIмат

    93:11

Гочдар: Магомед Магомедов