Сурат 95 Ат-тин (Инжир)

  1. وَالتِّينِ وَالزَّيْتُونِ

    Инжирах а дуй боу Ас‚ зайтунах а‚

    95:1
  2. وَطُورِ سِينِينَ

    Синин олучу ламанах а дуй боу Ас‚

    95:2
  3. وَهَٰذَا الْبَلَدِ الْأَمِينِ

    ХIокху тешаме йолчу гIалах а (Макках) дуй боу Ас:

    95:3
  4. لَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ فِي أَحْسَنِ تَقْوِيمٍ

    Оха кхоьллира адам уггар хазчу хьолехь

    95:4
  5. ثُمَّ رَدَدْنَاهُ أَسْفَلَ سَافِلِينَ

    ТIаккха Оха дIаверзина иза уггар бухарчу хьоле (къанлой‚ тишлой. Муъмин стеган Iамал эшало, иза къона хиллачу замане хьаьжча‚ Дала цунна ял ло Шен дашца):

    95:5
  6. إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَلَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍ

    Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а боцурш царна ю хедар йоцу ял

    95:6
  7. فَمَا يُكَذِّبُكَ بَعْدُ بِالدِّينِ

    Стено харцдойту хьоьга /хIай керста/ цул тIаьхьа а дин?

    95:7
  8. أَلَيْسَ اللَّهُ بِأَحْكَمِ الْحَاكِمِينَ

    Ткъа Дела вац хьукам дечарах уггар /нийса/ хьукам деш верг?

    95:8

Гочдар: Магомед Магомедов