Сурат 96 Аль-Iалакъ (ЦIийн улх)

  1. اقْرَأْ بِاسْمِ رَبِّكَ الَّذِي خَلَقَ

    Деша хьо Кхиош-кхобучун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу!

    96:1
  2. خَلَقَ الْإِنْسَانَ مِنْ عَلَقٍ

    Цо адам кхоьллина цIийн улхах

    96:2
  3. اقْرَأْ وَرَبُّكَ الْأَكْرَمُ

    Деша! Хьо Кхиош-кхобург ву уггар комаьрша верг

    96:3
  4. الَّذِي عَلَّمَ بِالْقَلَمِ

    Иза ву Ша Iамийнарг /адам/ къоламца

    96:4
  5. عَلَّمَ الْإِنْسَانَ مَا لَمْ يَعْلَمْ

    Цо Iамийра адамна цунна цахуург

    96:5
  6. كَلَّا إِنَّ الْإِنْسَانَ لَيَطْغَىٰ

    ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/

    96:6
  7. أَنْ رَآهُ اسْتَغْنَىٰ

    Шена ша гуш хьал долчу хьолехь

    96:7
  8. إِنَّ إِلَىٰ رَبِّكَ الرُّجْعَىٰ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучуьнга ду /массеран а/ дIадерзар

    96:8
  9. أَرَأَيْتَ الَّذِي يَنْهَىٰ

    Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло еш верг (Абу-ДжахIал)

    96:9
  10. عَبْدًا إِذَا صَلَّىٰ

    Лена (Мухьаммад пайхамарна), цо ламаз деш?

    96:10
  11. أَرَأَيْتَ إِنْ كَانَ عَلَى الْهُدَىٰ

    Гиний хьуна, и (шена новкъарло йийриг Мухьаммад пайхамар) нийсачу новкъахь хиллехь?

    96:11
  12. أَوْ أَمَرَ بِالتَّقْوَىٰ

    Я /Делах/ кхерарца омра деш хиллехь?

    96:12
  13. أَرَأَيْتَ إِنْ كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ

    Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло еш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь?

    96:13
  14. أَلَمْ يَعْلَمْ بِأَنَّ اللَّهَ يَرَىٰ

    Цунна ца хиъна-те Далла гуш дуйла?

    96:14
  15. كَلَّا لَئِنْ لَمْ يَنْتَهِ لَنَسْفَعًا بِالنَّاصِيَةِ

    ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚

    96:15
  16. نَاصِيَةٍ كَاذِبَةٍ خَاطِئَةٍ

    Харц йолчу‚ къинехь йолчу кIужалца!

    96:16
  17. فَلْيَدْعُ نَادِيَهُ

    Цо /гIо лоьхуш/ кхойкхийла шен гуламе

    96:17
  18. سَنَدْعُ الزَّبَانِيَةَ

    Оха кхойкхур ду забанияташка

    96:18
  19. كَلَّا لَا تُطِعْهُ وَاسْجُدْ وَاقْتَرِبْ ۩

    ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахь /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужуд де‚ /Цунна/ герга гIо /Iамал ярца/

    96:19

Гочдар: Магомед Магомедов