Мусхаф., агӏо 191

  1. ثُمَّ يَتُوبُ اللَّهُ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Юха а тōба къобалдийр ду Дала цул тIаьхьа а Шена луучунна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    9:27
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّمَا الْمُشْرِكُونَ نَجَسٌ فَلَا يَقْرَبُوا الْمَسْجِدَ الْحَرَامَ بَعْدَ عَامِهِمْ هَٰذَا ۚ وَإِنْ خِفْتُمْ عَيْلَةً فَسَوْفَ يُغْنِيكُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ إِنْ شَاءَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    ХIай ийман диллинарш! Мушрикунаш нажс (боьха хIума) ю‚ хIокху шарал тIаьхьа Деза маьждигна герга ма гIойла уьш. Шу кхерахь мискаллах (мушрикунаш ца баьхкича йохка-эцар сецна), – тIаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах, Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    9:28
  3. قَاتِلُوا الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَلَا بِالْيَوْمِ الْآخِرِ وَلَا يُحَرِّمُونَ مَا حَرَّمَ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَلَا يَدِينُونَ دِينَ الْحَقِّ مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ حَتَّىٰ يُعْطُوا الْجِزْيَةَ عَنْ يَدٍ وَهُمْ صَاغِرُونَ

    ТIом бе шайга жайна деллачарах Делах а‚ тьххьарчу дийнах а ца тешаш болчаьрца‚ Дала а‚ Цуьнан элчано а хьарам динарг хьарам ца деш болчаьрца‚ хьакъ-бакъ долу дин (Ислам) къобал ца деш болчаьрца шайн куьйгаца (мукIар хилла) жизьят луш, уьш /шун куьйга/ кIел совццалц

    9:29
  4. وَقَالَتِ الْيَهُودُ عُزَيْرٌ ابْنُ اللَّهِ وَقَالَتِ النَّصَارَى الْمَسِيحُ ابْنُ اللَّهِ ۖ ذَٰلِكَ قَوْلُهُمْ بِأَفْوَاهِهِمْ ۖ يُضَاهِئُونَ قَوْلَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَبْلُ ۚ قَاتَلَهُمُ اللَّهُ ۚ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Жуьгташа элира: 'Iузайр – Делан кIант ву'‚ насараша элира: 'Масūхь – Делан кIант ву'. Иза – церан дош ду, шайн багара (схьадаьлла)‚ тардеш бу уьш хьалха /Делан дин/ керстадиначеран дашах. Дала хIаллакбойла уьш! Ма бакъдолчух дог даьлла бу уьш!

    9:30
  5. اتَّخَذُوا أَحْبَارَهُمْ وَرُهْبَانَهُمْ أَرْبَابًا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَالْمَسِيحَ ابْنَ مَرْيَمَ وَمَا أُمِرُوا إِلَّا لِيَعْبُدُوا إِلَٰهًا وَاحِدًا ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ سُبْحَانَهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Шайн ахьбараш а‚ руханаш а деланаш лецира цара (царах деланаш бира цара), АллахДела а витина. Марьяман кIант Масūхь а (дела лецира цара). Цаьрга омра дина дацара цхьанна Далла Iибадат де аьлла бен‚ кхин Дела воцчу И ша бен – цIена ву Иза цара Шеца накъост лацарах

    9:31

Гочдар: Магомед Магомедов