Мусхаф., агӏо 114
-
يُرِيدُونَ أَنْ يَخْرُجُوا مِنَ النَّارِ وَمَا هُمْ بِخَارِجِينَ مِنْهَا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ مُقِيمٌ
Луур долуш бу уьш цIергара арабовла‚ бевр бац уьш цу чуьра ара. Царна /гуттар/ лаьтташ долу Iазап хир ду
5:37 -
وَالسَّارِقُ وَالسَّارِقَةُ فَاقْطَعُوا أَيْدِيَهُمَا جَزَاءً بِمَا كَسَبَا نَكَالًا مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Къу, боьрша стеган а‚ къу зудчун а, – дIахедаде церан шиннан а куьйгаш цара лачкъийначунна дуьхьал бекхамна, Делера таIзарна. И Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
5:38 -
فَمَنْ تَابَ مِنْ بَعْدِ ظُلْمِهِ وَأَصْلَحَ فَإِنَّ اللَّهَ يَتُوبُ عَلَيْهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шен зуламал тIаьхьа тōба динарг а‚ тIаккха дика Iамалш йинарг а, – баккъалла а, Дала тōба къобалдийр ду цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву
5:39 -
أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ وَيَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Хьуна ца хаьа, и Дела хилар стигланийн а‚ лаьттан а долалла Шегахь долуш? Шена луучунна Iазап до Цо‚ Шена луучунна гечдо. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву
5:40 -
يَا أَيُّهَا الرَّسُولُ لَا يَحْزُنْكَ الَّذِينَ يُسَارِعُونَ فِي الْكُفْرِ مِنَ الَّذِينَ قَالُوا آمَنَّا بِأَفْوَاهِهِمْ وَلَمْ تُؤْمِنْ قُلُوبُهُمْ ۛ وَمِنَ الَّذِينَ هَادُوا ۛ سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ سَمَّاعُونَ لِقَوْمٍ آخَرِينَ لَمْ يَأْتُوكَ ۖ يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ مِنْ بَعْدِ مَوَاضِعِهِ ۖ يَقُولُونَ إِنْ أُوتِيتُمْ هَٰذَا فَخُذُوهُ وَإِنْ لَمْ تُؤْتَوْهُ فَاحْذَرُوا ۚ وَمَنْ يُرِدِ اللَّهُ فِتْنَتَهُ فَلَنْ تَمْلِكَ لَهُ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَمْ يُرِدِ اللَّهُ أَنْ يُطَهِّرَ قُلُوبَهُمْ ۚ لَهُمْ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
ХIай элча! Хьо сингаттаме ма войла керстаналлехь сихбеллачара‚ уьш хиллехь а шаьш багахь аьллачарах: 'Тешна тхо' - тешна дац церан дегнаш; уьш хиллехь а шаьш харцдолчуьнга ладоьгш хиллачу, шаьш хьо волчу /куралла еш, ца бешаш / ца баьхкинчу кхечу нахе ладоьгш хиллачу жуьгтех. Уьш бу дош шен меттигера дIадоккхуш‚ кхечухьа хIиттош. Цара олу: 'И шайга деллехь – схьалаца‚ шайга ца деллехь – ларло'. Дала шена питана лууш волчунна – цунна Делера цхьанна хIуманна доладийр дац ахь. Уьш бу Далла шайн дегнаш цIандан ца лууш берш. Царна дуьненахь сийсазалла ю‚ эхартахь царна деза-доккха Iазап ду
5:41
Гочдар: Магомед Магомедов